— Да велла диса хьо, Кийрара дилхан дог, Хьайна там ва хилча, Йишин бер ва санна, Ма коча качло хьо. Хьайна там ца хилча, Меца борз ва санна, Ма чӀогӀа дарло хьо. Сайн нанас биллинчу КӀедачу ва меттахь, Хьешана диначу Готтачу оти чохь, Наб кхета ца вуьтуш, Ахь чӀогӀа хьийзаво, Кийрара дилха дог. Диканна ва хуьлда Хьан карзахдалар, Сан ойла дӀайаьхьна, Сан синтем бохийна, Обарган хала дакъа Ва соьга кхийдош, Ахь чӀогӀа хьийзаво, Кийрара дилха дог…(6). ХӀокху узаман жанран билгалонаш йолчу инзаре хазачу исбаьхьачу говзарехь дог гуттар а эпитеташца (кийрара, дилха) къастадо. Ткъа ша узам диалоган кепехь кхоьллина бу. Диалог узаман турпалхочо (Юсупа) шен дагца йеш йу. Юсупа карзахдаьлчу шен даге бехкаш доху: даго вижа ца вуьтуш шен ойла дӀайаьхьна хиларна, синтем бохийна хиларна, обарган хала дакъа шега кхийдорна. Даго дуьхьал жоп луш, йалош йолу бакъонаш, бахьанаш онда а, мехала а хуьлий, йохье ваьккхина волу Юсуп къарло. И обарган буьрсачу новкъа волу. Герггарчу хенахь тӀехӀуттун йолчу инзаречу халонашкахь, кхерамашкахь ша-шен дог зуьйр дуйла а хоуьйта Юсупа. Тидаме эца деза хӀокху халкъан говзарехь а, буьйцучу нохчийн маттахь а маьӀнин коьрта меттиг дӀалоцушдерг дог хилар.
Вай йалийначу фольклоран говзарехь синан-ойланан маьӀна долу дешнаш коьртачу могӀарехь а дац, иэшаман позицехь а ду: (даго) ойла дӀайаьхьна, (даго) синтем бохийна. «Арадахарх узамехь» а билгалйоккху кийрара деган чӀогӀалла а, цуьнан коьрта хилар а: «И чуьйна болат ма чӀогӀа ду, — И сенчу цӀаро лаладо, Хьо стенах дина, кийрара дог? Ма чӀогӀа хиллера хьо, кийрара дог. Везачу Дала кхиэл йина, Цу гуьржийн нехан лаам хилла, Даймахках дала хьайга аьлча, Ца дегира, ца дешира кийрара дог. Хьо стенах дина хиллера? Ма чӀогӀа дина хиллера хьо?..» (7). Шен даге хьажийна бу «Ваша вийначу йоьӀан узамехь» цхьалха йисинчу, маьлхан дуьне диттал дакъазйаьллачу йоӀа беш болу кхайкхам а: «Ма делха-а, сан кийрара дог, Хьо хьистинарг гур вац хьуна, И ца гучу кху дуьнен чохь Лаьттан кийрахь товр ду вайна…» (8). Хьалха даге а кхойкхий, тӀаккха шен сине йистхуьлу «Хьуьнхахь йисначу йоьӀан узаман» лирически турпалхо а: «Да велла диса хьо, Сан кийрара дилха дог! Хьайна ловза ца тоьъначу Баьссачу кийра Хьо таӀий дижа-кха. Да велла диса хьо, Хьан куралла йохийна, Ӏожалла кхечи. Да велла диса хьо, Сан кийрара мерза са! Вайша даккха ца хилла Вайшинна орца, Сан дегӀах хьо къаста (8) Хан герга хилла, ДӀакъастий далахьа, Да велла диса хьо!..» (9).
Ткъа Сулаев Мохьмада фольклоран а, буьйцучу нохчийн меттан а дог коьрта лараран ламасталла шен поэзехь керлачу исбаьхьаллин кхетаман экъанна тӀедоккху. Цо хьалхарчу доӀанехь шен Делаца йолу йукъаметтиг къастош коьртаниг дой, дӀахӀоттадо са, цуьнца кхетаман уьйр йолу цхьаьна тобанера дешнаш а (ойла, хьекъал, корта). Оцу доӀанан хьалхарчу декъерчу стихаша кхин а гойту: Делах тешар поэта уггаре хьалха а, коьртачу декъехь а шен ойланца, хьекъалца тӀеэцна хилар. Цундела, шен доӀанехь Сулаевс Кхоьллинчуьнга деш долу хьалхара дехар метафорин хьесапехь ойланца уьйр йолуш ду: «Дикачу ойланех Бузалахь сан корта…». 9–10. Ткъа хӀокху хьалхарчу стихехь деган метта цуьнан маьӀница поэта даладо керла дош — йуьхьаца. Оцу харжаман халкъан кхетамехь шен бух бу. Нохчийн олуш ду: «даг чохь дерг — юьхьа тӀехь гуш хуьлу». Оцу синан-ойланан а, юьхьан-деган а шина тобанан дешнийн маьӀнех пайдаоьцуш, поэта керла, кӀорггера философски чулацам болу метафорш а, кхин исбаьхьаллин поэтически гӀирсаш а кхуллу. Церан гӀоьнца Сулаевс шен коьрта ойла йовзуьйту дешархошна. И ойла йу — ша кхоьллина волу, ша даггара тешаш а, лоруш а волчу АллахӀ-Далла Ша муьтӀахь хилар дӀахаийтар.
Поэтан а, доӀанерчу лирически турпалхочун а цхьа лаам бу, оцу лаамца и шиъ вовшах кхетта, цхьааллехь ву — «Адам» бодане Ӏазапера къинхетаме Делан серлоне дуьгучу новкъахь — Цуьнан «гӀоьнча» хилла, пайденна хила лаар. Хьалхара доӀа поэта йаздина шен нохчийн къомана а, йерриге а пачхьалкхана а тӀехӀоьттинчу инзаре боккхачу сингаттаман кӀорггера ойла а йина («Меттан ницкъ берриг а Сайн дагца гулбина». 5–6.) Деле беш кхайкхамаш бу, дехарш ду. Оцу ворхӀ дехаран чулацамца, церан тематикица билгалйолу поэтан дуьнен чохь вахаран Ӏалашонаш, цуьнан уггаре а кӀорггера синан а, деган а лаамаш: 1. Поэта АллахӀ-Деле доьху шен корта дикачу ойланех бузар; 2. Коьртехь йолу дика ойланаш толош, поэтан аьтто бар; 3. АллахӀ-Дала адам шен серлоне дуьгучу новкъахь оьшучохь поэтах гӀоьнча вар; 4. Поэтан дика дерриге а адамийн долахь гайтар; 5. Адамийн дика дерг поэтана ган таро хилар; 6. Поэта шен хьекъал а, дог а АллахӀ-Делаца бертахь дар доьху; 7. АллахӀ-Делан дикачу новкъа ша вигар доьху поэта Кхоьллинчуьнга.