— ХIокху Делера охьадоьссинчу, хIокху Делан Къуръанора и хьуьлларниг йоцург кхин топ ма йац сан долахь! — аьлла, шайн цIийнан геннарчу туьнкалган тоьпа тIе пIелг хьажийра цо, массо а бийлош. Ша а тIаккха кIажвахана велавелира и, хераевлла можа цергаш гучуйохуш. Нахана хаьара, цо шен топ цу чухула хьалаоьллина хила тарлой.

Амма цуьнца къовса лууш цхьа а вацара. ТIехьашха «Чамзаркъа» олура цунах наха.

Цуьнан бегаш а, шеха-а шога хуьлура. «Хьо ма хьалхе къежвелла?»— хаьттира цуьнга цхьамма бегашена.

— «Дера, ца къежвелла, хьуна, со дуьненан гIайгIанна-м… Къаьркъа дан ваханарг схьакхаьчна ца волуш, дог эттIа къежвелла-кх», — шен даимлера жоп делира Сатус.

— И таьжгенаш а йитий, долчо герз охьадилла. Ца диллахь, Iедало могуьйтур дац! — элира Тавсолтас.

— Ва Тавсолта! Дуй биъча-м, лачкъийна говр а ма йуьту! Бита беза ахь уьш! — элира маслаIате наха. — Тхан кIоштахь кхин герз дисина дац хьуна!..

Герз шайн долахь доцчара а, дакъалацархьама, таллархойн туьканашкара эцна, тIейехкира шалгу тоьпаш:

— Тхоьгара а хилийта! Партизанашна! — олура цара. Нахана лаьара тIемалошна гlo дан.

Гулдина герз, даьхьна, сельсоветан чу охьадиллира.

Кхано шен «виллис» тIехь, веана, «воккха хьаькам» — Церетели схьакхечира. Резахилира. Тавсолтин белшах дерстана куьг туьйхира цо:

— Молодец, воккха стаг, молодец! ЦIен партизан а эрна ца хилла хьо!

Там хиллачу Тавсолтас чукхайкхира хьешашка:

— Шу иштта дIадахийта йиш йац… Вай цхьа кавказхой ду… Тхуна халахетар ду, тхан кхачех кхетаза шу дахча.

Церетели, велакъежна, гонаха хьаьжира: гIеххьа мацбелла накъостий резахилира, шайца райкомера Далхьад а волуш.

— Дика ду… Дика ду… — аьлла, хьалхавелира Далхьад. Тавсолтас сов сиха, лере цхьа-ши дош аьлла, шайн чу хьажийра, говрахь дIаиккхина тохарлера жима кIант…

ХIорш чукхаьчначул тIаьхьа, дукха хан йалале, Нурбикас хьалха йиллира йуург.

— Цкъачунна xlapa шозза йайина котамаш йу шуна… ХIинцца ас цхьа кхин гIайгIа а бер вайна! — элира Тавсолтас, хьеший охьа а ховшош.

— Муха… шозза йайина? — хаьттира цецваьллачу Далхьада.

— Цкъа — уьрсаца, тIаккха — кечйан цахаарца.

Котамаш, шортта хохаш а, даьтта тоьхна, мерза кечйина йара, амма нахана хьалха зуда хастор осала лорура Тавсолтас.

Хьешашка хьажар Далхьадна тIе а диллина, аравелира и. Цхьа хан йаьлча кертара схьа, къиладаьлла доьлхучу беран мохь хезира Далхьадна. ХIун ду хьажа уьйтIа ваьлча, цунна гира, шен цхьаъ бен йоцу газа дитта кIел охьа а тоьхна, шаьлта хьакха гIерта Тавсолта. Газанан къаьрзинчу можачу бIаьргех, ладар санна, бIаьрхиш охьаоьхура: Iоьхуш, йалан ца лууш, ворта дIасахьийзайора цо шаьлтанна кIелхьара.

— Хьо хIун деш воллу, Тавсолта?

— Цхьанххьа а уьстагI ца карийна, xlapa авст, мукъа, йен воллу-кх…

Хьешаша маларца цхьаьна чомехь йиира къона газа. Далхьада мотт ца туьйхира.

Хьеший дIабахча, Тавсолта йуха а кхоьлина вара: иза реза вацара Нурбикина, — шега геланчо дIааьллашехь, цуьнга урс ца хьокхуьйтуш, газа цо кхоайарна… TIe, Нурседас динарг а ца долура даг чуьра…

Кхин цхьа кIира даьлча хезира: Расул, райцентрехь керла квартира а йелла, шен нускалца ваха хиъна аьлла.

* * *

Тавсолта волчохь доьзалехь цхьамма а Нурседин цIе ца йоккхура.

ЦIентIера гIуллакхаш a, гlap йайина, тийна дора Селитассий, Нурбикассий. «Дауд… Увайс… хIинца… Нурседа!» — шайх къаьстинарш йух-йуха дагахь багарбора Селитас. И хIинца кест-кеста йоьдура Анна Львовна йолчу: селхана хьехархо хиллачух гIайгIано тахана нийсархо йинера.

Анна Львовнас шайн школехь йуьхьанцарчу классийн хьехархочун балха а нисйира иза, тIе, партин историн «Краткий курс» Iамочу кружоке эхар тIе а диллира, рогI-рогIана Лев Толстойн, Тургеневн, Чеховн, Горькийн, кхечийн а книжканаш, йеша а лора, мукъа ца йита гIерташ. Селита чуйуьйлира книжкаш йешарна…

Денош дIаоьхура.

Кху гурахь шайн бешара дуьххьара гулбина стоьмаш, кIезиг белахь а, посылка а йина, фронте бахьийтира дешархоша, йуккъе Селитас йаздина кехат а диллина. Бутт а балале жоп деара, майоран Терентьевн, капитанан Албастовн цхьаьний даьккхина сурт а чохь. Амма Увайсах хаам хIинца а бацара: цунах лаьцна Кесире кхин цкъа а деара, иза «тIепаза вайначех ву» аьлла, кехат. Иза воцург а лерина, селхана тезет а дина, цIерачара хIоллам буьйгIира цунна йуьртан кешнашкахь.

Селитин даг чу ша биллира. Даудера а кехат ца догIура йуха а дукха хенахь дуьйна. Почтехь кехат дуйла хьажа арайелира иза.

Почте дIа а кхачале сельсоветан маьIIехь гулйелла пхьоьха гира, хил дехьарчу гарнизонехьа куьйгаш а туьйсуш, карзахе цхьаъ-м дуьйцуш. ТIейахара:

— Уьш хIунда гулло-те кхуза?..

— Сийсара-м уьш шозза а совбевлла…

— Дера, шек ма ву со, «и» бакъ дуй-те аьлла! — пхьоьхана йуккъера дIавахара цхьа воккха стаг…

— Цо бохург хIун дара? — хаьттира цхьамма цеце.

— Ца хезна хьуна? И доллу эскар вай дерриш а, нохчий а, гIалгIай а, шайн доьзалшца цхьаьна махкахдаха гулдо бохуш?..

— И-м бакъ хир дацара…

— Ткъа хIунда гулдо xlopш сел лерина?..

Перейти на страницу:

Поиск

Похожие книги