Увайс-м, жимачохь дуьйна а да-нана доцуш висинехь а, гIийла вацара: иза кху школин директор волчу шен вешица Керимца дика Iapa. Ша буобер хилар дага а ца догIура цунна. И дагадан меттиг а ца йолуьйтора шен цхьаъ бен воцу, пхи шо кхаьчна Каташ санна, Увайс дукхавезачу, хIоккху школехь хьоьхуш йолчу Кериман зудчо Кесирас а. Делахь а, Увайсан хьажар, Баккъал а, ойлане дан а дара, иза ойла йечарех хиларна, ткъа цуьнга шатайпа хьоьжучу Селитина иза гIийло а хетара. Муьлххачу а ловзаран кегарехь иза, иштта «ша-шаха», «ца хууш», нислора Селитина гена воцуш. Амма цкъа а ца гойтура цо, бахьана а доцуш, цунна ша йуххе воьдуш а, йа цуьнгахьа хьоьжуш а: делахь а оцунна оьшу бахьана муьлххачу кегарехь а ша-шаха карадора, йа наггахь, цхьа а бахьана доцуш а, бехказлонна цкъа йуххерчу цхьана кхечуьнга дIа а хьовсий, Увайсан бIаьргаш, тIаккха Селитехьа а доьрзий, цунна тIехь дехо совцура.

Цунна а дагатосура: «Ма тайна йу и… Гуттар ойлане хIунда йу?.. ХIун ду те цо сагатдийриг?»

Амма Селитин а дацара сагатдан кхин бахьана: и ший а ойлане дийриг, церан хIинцца голатухучу кхаьчна, къайленех дуьзначу дахарх лаьцна керл-керла хеттарш самадоху къона хан йара. И шиъ вовшашна сингаттаме хоьтуьйтург а, цара шайна а ца хууш, хIинцале шайн дегнийн кIоргенехь къайллаха вовшашна гатден са дара.

Селита йуха а Увайсехьа хьаьжира.

ЙоьIан кIедо хьуьйсу бIаьргаш, церан кIоргехь богу чиркх цхьаммо-м даима чуоьзна латтош санна, цхьана эшшара эсала догура. Цу сохьта Увайса, хIокхуьнгахьа хьажош, сехьа кхоьссина буьрка, Селитин коьртара йовлакх а дожош, дIайахара. Мохо некъехьа дIададийра йовлакх. Цунна тIаьхьа йедда Селитий, Ткъа бехкалвахана, цочул хьалха схьа а лаьцна и йоьIе дIадала дагахь ведда вогIу Увайссий гира школина хьалхахула схьайогIучу шина зудчунна. Когийн кIажошка кхоччуш йеха коч а йуьйхина, ал тапта коьртахьчу, йоккхахйолчо муьшка йира шеца йогIучунна:

— Хьажахь! Тавсолтин йоI а иштта лелча, кхечара хIун дан деза?

— Хир дац, хьуна, и Тавсолтина хууш-м!

— Тамаш ма бу, ишколана уллохь ша Iашшехь, цунна и цахаар!

— Дера, деза хIинца вайша, дIа ма-кхеччи, хаийта-м! Бехк буьллур ма бу вайна и гиннашехь цахаийтарна, — аьлла, и шиъ школина аьрру агIорхьа дIайахара.

Селител хьалха ваьллачу Увайса, схьа а эцна, йовлакх дIакховдийра йоIе, цуьначух шен куьг ца хьакхадалийта, шина пIелга а лаьцна:

— Бехк ма биллалахь, Селита, ларамза хилира, хьуна, и! — Увайсан аз шатайпа къорра дийкира.

— Иза-м хIума дацара, — Увайсе леррина хьаьжира Селита: цкъа а иштта qeххера гина вацара иза. Нисса йоьIан бIаьргашна тIе нисбелира Увайсан ши бIаьрг а: цу секундехь вовшийн бIаьргаш чуьра схьатоьхна церан синойн зIаьнарш, хьалха дуьйна а церан кийрахь вовшашна IаьIаш схьайеъна йолу, хIинца, цхьа мерза цIе дегIах латош, церан дегнаш чу дIакхечира.

Селита, шена хIинца хиллачух ца кхеташ, амма иза доккха хиларх шекьйолуш, цуьнан ойла йеш, меллашчу боларца тIейахара шечарна. Увайс а ойлане дIахIоьттира шен метте. Уьш йуха а ловза буьйлабелира, ткъа хIинца цу шиннан хьажар баккъала а мелла а сингаттаме хеталора: шимма а, хIинцца шайн дегнаш чохь кхолладеллачух кхета гIерташ, цхьатайпа ойланаш йора.

Амма гонахара бIаьстенан Iалам, хьалха санна, самукъане хьоьжура цаьрга: цунна дика хаьара кхаьрца хIинцца хилларг шен омрица дуйла а, цу тIехь и кеста дIадоьрзур доцийла а.

Кху секундехь дехьара схьакхоьссина буьрка, Нурседин кара а кхеташ, охьайуьйжира. И схьаэца йоьлла йоI цунна тIе а кхетта, буьрка йассайелира…

— Йалол, Нурседа, йадий, вайн чуьра нара кIелхьара велосипедан насос схьайал! — элира Дауда.

— XIapa-м ас иштта а йусур йара, — аьлла, Нурседа буьркан чу xlyп баха йуьйлира.

— Ма йу-кх хьо! — вашас аьлларг сихха кхочушдархьама Селита ша йахара шайн чоьхьа: и ловзар духийла ца лаарал совнаха, цунна, ша а йаьлла, шен даг чохь хIинца гIаьттинчу цу алун ойла йан а лаьара. Ша дIайоьдуш «иза» шена тIаьхьа хьоьжийла хааро, Iодан пха санна, ша-тайпана дуьйлинера Селитин болар. И йухайале, Нурседас буьрка а йуьйсина, ловзар дIадоладеллера. Насос а йоцуш йухаеъна Селита, ловзучарех дIа ца кхеташ, ша а йаьлла, дIахIоьттира, цу кертахь цхьаъ бен доцчу, шуьйрра даьржинчу доккхачу бIара кIел, цуьнан гIодах а тевжина. Йедда тIееара Нурседа, хьаьрса чIаба а лестош, шена хьалха лаьттах йетташ, куьйга эккхийна, буьрка а йалош.

— Селита! Лайх йинах йаций хьо? Малхах лечкъина, кху «Дада-бIар» кIел ма-хIоьтти хьо?

И цIе тиллинера бераша оцу диттана. Селитин Iаьржа бIаьргаш, воккхачун санна, хIинца Баккъала а ойлане а, гIайгIане а хьуьйсура. Нурседас буьрка, ког тоьхна ловзучаьргахьа дIа а карчийна, шен забар меттахь ца хетта, эсала хаьттира:

— Селита, хIун хилла?

— ХIумма ца хилла… Иштта лаьтта-кх… йало… ловза!

— Дийцахьа… — хьастайелира жимахниг.

Аьрхочу Нурседера гIалатениг а, диканиг а цхьабосса атта долийла хуучу Селитас: «Дийца-те, йа ма дийца-те», — бохуш, уьйзура ойланехь.

— Дийцахьа, Селита, со йиша йац хьан? — хьаьрчира цунах Нурседа.

— Дадас вайша, кхана дуьйна, кхин школе йохуьйтур йац боху-кх…

— И мичара хези хьуна?

Перейти на страницу:

Поиск

Похожие книги