— Совцабел xIopш, кула хилла суна! — йоIе мохь тухура Тавсолтас. Амма кIеззиг садоIIушехь, йуха а бераш шена тIедоьхура.

Балхара ша хьалхехь валахь, Тавсолта детсадера Джамбул а, яслера Зама а оьций, вогIура цкъацца. Мелла а хийцавеллера иза. КIеззиг белшаш а охьаоьхура, хьажар а, аз а кIадделлера. Кест-кеста валарх ойланаш а йогIура коьрте: «Хан йели — къанвели; къанвели — вели… вели — дIадели… Велча дIадолу дерриг а цIенна… Вай кхузахь хьошалгIахь ду… хьовха, муха олура аша, сан бераш? ХIаъ… командировкехь!.. Цхьаберш муха ца кхета-те цунах… хьекъал а доллушехь… Ма лерана а лела-кх уьш кху дуьнен чохь», — олура цо. Амма хIинца а могушчу, ницкъ болчу дегIо, йах ца йеш, сихха дIалохкура и ойланаш: «Кхана лийр волуш санна, Iожална кийча хила, цкъа а лийр воцуш санна, ваха кийча хила!» — дагалоций, айалой, юха а ондда шен гIуллакхашна чувулура иза…

…ГIала а йахана, чуеанчу Нурседас цеце элира:

— Хьажахь, дада, Сталина хIинца жуьгтий а кхуза схьалехка болийнийца… Джамбулехь суна сайна а гайтира цхьа-ши доьзал… Цхьа буьрсо йоккха стаг а гайтира — академик йу, бахара… Лина Соломоновна Штерн…

— ЭхI! Ма дика ду!.. — корта ластийра Тавсолтас.

— Хьуна хIун дина жуьгташа, ва дада, хьуна-х уьш гина а бац?! — цецъелира Селита.

— Суна олуш хезна: жуьгтех тасавелларг тIаьххьара а хIаллакьхир ву?.. ХIинца Сталин кестта вухур ву… Гитлер а вуьйхира, жуьгтех тасавелча, — шениг дуьйцура Тавсолтас…

Баккъал а, газеташа ма-хуьллу жуьгтий йемалбан болийна мур бара и…

Районан почтехь цхьа кехат дIадала веана Керим рогIехь нисвелира районан суьдан хьалхенча волчу Венкинна тIаьхьа. Венкин Петр Родионович, тIамехь а хилла, орденийн «биъ могIа» некха хьалха а болуш, жуьгти вара, цхьанхьара-м кхуза балха ваийтина, и кхузахь Ia xIapa пхи-ялх шо а долуш. Ингалсан мотт хьоьхучу шен хазачу зудчуьнца, цунах тера йолчу, шайн кхозлагIчу классехь йолчу жимачу йоIаца, пачхьалкхан хIусамехь шенна вехаш вара и, цхьаьнцца а, тIекIаре йоцург, чукаре леха ца гIерташ. Керимца а кхин хьалха къамеле ваьлла вацара иза, Райцентрехь вовшийн дуккхазза а гина хиларна, геннара корта таIабой, маршалла хаттар доцург. Керим а хIинца доцца:

— Де дика хилда, — аьлла, кхин совнаха дош ца олуш, тIехьа хIоьттира цунна. Иза а, доцца жоп а делла, жимачу корехьа йуха а дIавирзира. Кериман тидам хилира иза схьавирзинчу секундехь цуьнан бIаьргаш тамаше гIийлачу аматехь хьежаран. Йа иштта хеттехь а, кхин ойла оцунна тIехь ца сацош дитира и Керима. Амма, жимчу корехула шега схьакховдийна кехат схьаоьцуш, цуьнан куьг дегор Керимна эрна ца хийтира. Гена ца волуш, сиха, йуьстах а ваьлла, дегочу куьйгаца Венкина кехат схьадостуш а, маса даржийна, тIетаьIна цо и доьшуш а, тидам хилира Кериман.

Керим, шен кехат дIа а тесна, корера вухаволлушехь, Венкин, ша лаьттачохь, шен кIайчу лекхачу хьажах хьацар тухуш, лестира, мокхачу басахь долу цуьнан кIеззиг тIедаьхкина бIаьргаш кхин а кхулуш.

— Хьуна вуо хили? — хаьттира Керима, хIумма а ца олуш, йуххехь латтар гIиллакхехь ца хетта.

— ХIума дац… Цхьа кIеззиг… ХIинцца дIадер ду… Баркалла!..

Цигара цхьаьний араваьлла и шиъ, йух-йуххе хIоьттина, вогlypa.

— Хьо а фронтовик ву?.. — элира Керима, мелла а къамеле вала лууш, вист ца хуьлуш вар бегIийла а ца хетта.

— Ван-м ву… Амма хIун башхо йу… йа шуна а, йа тхуна а хIинца!.. — эккхийтира Венкина. — Сан ваша, Роман, фронтехь а хилла, орденаш йаьхна а ву… ХIетте а, гой хьуна, хIинца… Москохахь цхьа кIира хьалха лаьцна аьлла, йаздо.

— Мича бахьнина, боху?

— Израиль-махкаца къайллаха уьйр лелош ву аьлла… Бакъ ма дац и!.. Тхан-м вац цхьанхьа а дозанал арахьа вевзаш стаг…

— Ткъа хIун оьшуш лаьцна те иза?

— Хьанна хаьа?.. Сталинан амал йу-кх ша шекваьлларш, цаьргара бахьана а далале, хьалххехь чубухкуш… Гой хьуна, и жуьгтийн пачхьалкх — Израиль — кхуллуш, цо дикка гIo динера, и шегахьа хир йу моьттуш… Ткъа иза, мелхо а, Америкехьа йели, вайна дуьхьал йоьрзуш… ХIинца Сталинна дагадеана хир ду-кх, вайн пачхьалкхехь мел болу жуьгтий а хIинца дуьйна къайлаха цаьргахьа озабезам беш хир бу аьлла… Гой хьуна, вайн газеташ тIехь хIинца долийнарг… Иза хазахета ма дац!.. Вайн жуьгташкара даьлла хIумма а доццушехь, цаьргара и далале аьлла, хьалххехь царна хIума тоха дагалаьцна-кх.

— Молла-Несарто шен газана санна! — элира Керима.

Венкин соцунгIа хилира, ца кхетта. Керима дийцира:

— Молла-Несарт хилла шен газанна йетташ. Лулахочо хаьттина: «ХIунда йетта ахь?». «Йажа дIалоллуш йу xIapa»… «ТIаккха?» «Цигахь ас йийна сан копуста а йу». «ТIаккха?»… «Цо и йуур ма йу»… «Ой, цо и йаан а йаале, ма йетта ахь цунна?!»… «Хьалххехь йетта-кх… Кхано тIаьхьа хир ма ду»…

Венкин велавелира:

Перейти на страницу:

Поиск

Похожие книги