Нурседас, йелхаран къурдаш а деш, дийцира, Лениногорскера веанчу, Эласий цIе йолчу цхьана стага Тавсолте тахана хаийтар: Керим, шена а гуш, ши бутт хьалха Лениногорскехь хиллачу урканийн, нохчийн латарехь, коьртах хIума а тоьхна, вийна хилар. Тавсолта, и новкъа ваккха вахана, кху сохьта чукхочур ву. Йоьлхучу Селитиний, Нурсединий тIе хIинца, шен шина а бераца, Кесира а кхетта, цара чохь айинчу доккхачу белхарна тIекхечира, йуьхь балане лаьцна чувеъна Тавсолта:

— Ма делха! Ма делха! Делан кхиэлана дан хIума дац, гIaзот ву. Цигахь дуккха а нах байина бах… Дала гечдойла царна. Ма делха!.. Делан кхиэл йу, — аьлла, Тавсолта дехьа чу велира, йеса деша.

Зударийн а, берийн а делхар ца туьйра. Цу йуккъехула корехула арахьаьжначу Тавсолтина эххар шайн кетIахь, бодашкахь, гIаларт санна, лаьтташ цхьа стаг вайра: «СагIадоьхург, йа некъахойх ваций-те, чуван ца хIуттуш?» — дагатесна, дуьхьалвахара Тавсолта. Беттан серлонгахь, ченаша вуьзна, цхьа оза стаг вара чIогIа Керимах тера:

— ДегI ду хьо, йа са ду хьо? — хаьттира цецваьллачу Тавсолтас, и шайтIанан гIаларт хетта.

— Со Керим ву…

— Памили? — кхин а хаьттира цо, ца тешаш.

— Албастов.

— Зудчун цIе?

— Кесира.

— Берийн цIерш?

— Каташ, Заретта.

— Бисмалла алал!

— БисмиллахIи рохьманин ррохьим!.. — велакъежира Керим.

— ОстопираллахI! ОстопираллахI! — аьлла, маракхийтира Тавсолта. ДIа а ца хоьцуш, доIа дийшира.

— Хьалха шун чу хIотта-те со, йа воьддушехь, доьзална тIе, Гродеково, гIo-те, бохуш, — ойлане ваьлла лаьттара со…

— Хьо нийсса схьакхаьчна — хьан доьзал а кхузахь бу… Вало!..

Цул тIаьхьа цара, хIун дуьйцуш, муха йаьккхира и буьйса, вай кхин дIа дийца а ца оьшуш, дешархошна шайна а хуур ду, шайн даге хаьттича…

* * *

Кхин цхьа кIира а дIаделира Кериман цIаверзар доьзало а, и мел вевзачо а даздеш, дуьйцуш… Керим колхозехь шен хиллачу балха дIавахара…

ЙУХА А… ТОЙСУМ

ДIатиэкхара шераш: колхозехь болх а, чуьра гIуллакхаш а деш, бераш а лелош бехара йижарий. Воккха хилла Джамбул детъяслера детсаде ваьккхинера. Нурседас дукха къахьоьгура шина бераца. Йуург ца йезаш, эгIаза кхуьура Зама. Шиммо а роггIана цхьацца берийн сиркхош лехьайора: кхартанаш, кIаж-йовхарш, маждар, кIомарш. Тайдоккхургаш йуьйлура кест — кеста Замина. Стохка цунна легашка йаьхкина йекхоаш хIинцца бен дIа ца йевлира. ЦIена леладора бераш. ХIетте а, и ший а «дика ларадора», къаьсттина Джамбул. Йа хоттах эккхаргаш лоьлхуьйтуш, йа хьозашна речIа йийгIина, йа чIижаргIа кхуьссуш, йа шедага чухула чопанан лоппагаш хоьцуш, харцахьа лелий, лелий, доллу коч-хечий бехдой, вогIура и цкъацца.

Бедар керланиг оьцийла а ца хуьлура моссазза а, баккхийчеран лелийнарш вовшахйетташ, йома туьллуш, цхьацца мадар йора.

«Салматалла хила йеза!» — олура Тавсолтас а. ЙоI — дегабааме, кIант — дегала кхуьура. Кест-кеста дов долура церан. Тахана а, шен-шен «говрахь» шаьш Iашшехь, вовшахлетира и шиъ. ОьгIазйахана, шинна а туьйхира Нурседас.

— Ма йеттал сан маликашна! — Селитас хьаьстира ши бер.

— Ду… «Маликаш!»… Тохар цхьаъ «говра» тIе хаахь, вукхо и дIаозайора, собар ца деш… Ткъа хIинца шен-шенна аьлла, шиъ эцча а, цхьанна тIехь Iашшехь, важа а дIаийзориг гой хьуна?.. Хуьрсигаш!.. Шинна а цхьацца Iаж ло — боккханиг Джамбулна хIунда кхаьчча, олий, Зама йоьлху! Джамбула, ша стоьл тIера чу а тоьхна, варенин банка йохийна, ткъа шен и берриг а — гой хьуна? — варенеша буьзна пIелг Замина тIе хьежабо… Гайта!.. Маликаш мичара дара хIорш!.. Баккхийчеран йоллу амалш го-кх хIинцале гучуйуьйлуш: хIинца тайнигаш къуьйсу, кхано — гIаланаш къуьйсур йу!..

ТIейахана Джамбулан лерг хьовзийра Нурседас. Зама нанна тIе хьаьдира:

— Ма йетта… вита сан ваша!

— Гой хьуна? Ма тоьлу уьш вайл, — йелаелира Селита.

Цкъацца хьостура уьш нанас: «сан буьхьиг», «батIал», «сан бумбари»… — ца туьллуш цIе ца йуьтура. Селитас царна тукарца кехатех сурташ дохура; поппарех сурташ дан Iамадора, бираьнчика тIехь хохкура уьш. ДIадийшош, церан додеш, бишеш а нецас дуьлура. Тавсолтин а самукъадолура йоьIан берашца. Джамбул хIума йууш Iаш ша тIе моссаза кхечи а, хьовзавора и дадас:

— Йаалахь, Джамбул, хьуо вуззалц: вузар доцург дерриг валар ду, хьуна, нохчийн маттахь: мацвалар… шелвалар… гIелвалар… кIадвалар… сихвалар.. — олий, дIаволалора и. Джамбул велакъежара, амма карара баьпкан йуьхк дIа ца хоьцуш. И кхин а хазлора Тавсолтина: «ДIа ма хецалахь — ден мажал а тоьлу, хьуна, иза», — коьртах дай-й куьг хьокхура. Шинне а тIетаьIIина денна а нохчийн мотт Iамабора Тавсолтас: «Шен мотт цабезарг — шен халкъ а ца дезарг ву», — олура.

Дадолиг йа делакотам а лоций: «Букашка», — олура детсадехь Iеминчу Джамбула.

— ДIахеца и дедо! Къа хир ду хьуна! — тIечевхара Тавсолта.

— Дедо хIун йу, дада?

— И ахь лаьцнарг йу-кх.

— Къа хIун йу?.. Мэл хIун йу? — цхьа а ца дуьтура ца хоттуш бераша. Дада хьовзош, кхано йуха хоттура шайна цкъа Iамийна дешнаш, Дадас локкхар ластайора:

— Муха хир ву сел эс йоцуш! Малонча!

Кхин а тIекхетара хеттарш:

— Дада, малонча бохург хIун ду? ХIун йу эс?

— Малонча — хьо ву, аьлларг дан мало йеш волу. Эс хьоьгахь йоцург йу: цкъа Iамийнарг хаа деза! Кхийтин хьо?

Шена бераш кIордийча:

Перейти на страницу:

Поиск

Похожие книги