Лийча гIел а йелла, хи чуьра хьалаелира Селита. Малх дIабуьзира, амма са даза дара хIинца а. Луьйчу хорма охьа а йаьккхина, иза Iовда хIоьттира Селита беттан серлонгахь. Тахана шен доьзална тIе ван мелла а тIаьхьависна вогIучу Ахатна гира иза, торха тIехь некъо голатухучу ша кхаьчча: хIорда йисттехь, беттан серлонгахь, гата а карахь, и шен дегIах хьоькхуш, лаьттара Селита. …Ахатна цу сохьта хIунда хиира-те иза Селита йуйла?.. Цкъа дIахьаьжжинчохь висира иза масех секундехь. ТIаккха бIаьргаш хьаббина, жимма иштта а лаьттина, вукху новкъа а ваьлла, шен доьзалшна тIе вахара. Уьш, тIе хIума а йуьйхина, кийча Iapa, Нурседа а, Селита а цхьаьна чубаьхкира уьш.
Шаьш хIусаме хьаладовлуш, Ахата доцца дийцира тахана гIалахь шена дайна хIуманаш: дукха хан йоццуш Францехь шен гIантара воссийна, xIинца кхуза садаIа веъна, цигара хилла волу премьер-министр Эдгар Фор а гира, доций пхьуьйшаш долчу майкица, базарахь хазахета суьрташ дохуш лелаш. Цо суртдоккхург шена тIеерзийчахь цхьана, даккхий даьржина мекхаш а долуш, луьстта баьлла накха а гуш, цIен пес а тиллина, лимонаш йухкуш лаьттачу гуьржичо, тIевахана, кач лецира цуьнан:
— ХIей! Хьуна хьан бакъо йелла сан сурт даккха?
— Даккхийтахьара ахь! Хьо хазахетта воллура со. Тхешан Францехь а ас, дозалла а деш, гойтур дара хьан сурт, — элира Эдгара Фора.
— Хьайна лаахь, хьо соьга кхуззахь хьежа… Амма Францехь со гайта эшац! — дIахадийра гуьржичо.
— Ас мах а лур бара хьуна!.. даккхийтахьара ахь! — тIехьаьрчинера француз.
— Ахь хIун дей? Xlapa ши лимон а йу хьуна, цхьа мах а боцуш! Йахийта! — аьлла, лаьллира гуьржичо француз, гонахара нах а белош…
Сукарно (Президент Индонезии) а гира, буткъа хаза сараг а карахь, буткъа чIапа куй а тиллина, массарна вела а къежаш, машенахь порта хьалхахула тIехволуш… Вайн хьаькамашца цхьаьна… Тахана хезира Сталинан, Бериян кхузахь мел хилла дачанаш — йерриш а халкъана дIайекъна хIинцца бевлла, бохуш…
Чукхаьчча, кхин а бехха Iийра уьш, чай молуш, Ахатан дийцаршка ладоьгIуш… Вукху дийнахь Ахата а, Асеткула а, шаьш билеташ а эцна, кеманца новкъа яьккхира ши йиша — Алма-Ата… Цигара Джамбуле цIерпоштаца йаха аьтто бара.
ЧЕКИСТАН БIАЬРХИШ
Станце дуьхьалвеана Керим кхоьлина вара. Тавсолта ца веанера. Керимца лаьттара, кхушара дешна а ваьлла, цIа веана Каташ. Цуьнан бIаьргаш лешира, xIapa шиъ гушшехь. «Тавсолтина цхьаъ хилла-техьа?» — дагатесира Селитина.
— ХIун хилла?.. Дада?.. — хаьттира Нурседас.
— ХIан-хIа! И могуш ву… ЦIахь ву!
— Кесира йац!.. — элира Каташа.
ЦIеххьанчу кхерамо вехначуьра вастийнарг санна, мел гиначух а цу сохьта самайелира и шиъ. Ший а йоьлхуш кхечира чу.
— Кхин гур йац-кх!.. — тийжара Селита.
— Дера, гур йац!.. Ма йелха шуьшиъ. Тезет а дIадирзина… ДIайоьллина а кхо кIира сов ду… шу новкъа ма-девлли… шолгIачу дийнахь… Лоьраша, жаннийн лазарх дагна хьу кхетта, бохура, — дешнаш цоьстуш, дуьйцура Керима…
* * *
Кестталга цIа бахийта болийра паргIатбаьхна нохчий, гIалгIай шайн йухаметтахIоттийначу республике. Амма, дерриг къам кхуза кхалхош санна, цхьана дийнахь йуха ца дерзош, мелхо а, цхьацца церан тобанаш вовшах а йетташ, раьгIнаш а хIиттош, кара пропускаш а луш, чолхе нисделира нохчийн, гIалгIайн цIадерзар.
Къаьсттина хала кхочура пропуск… Шен шина берана а, шена а, йуха ТавсолтагIарна а пропуск йаккха тIаьхьаваьлла Керим, кхаа дийнахь къа а хьегна, и халла шен доьзалний бен ца нислуш, ша йуьхьIаьржа а хеташ, Тавсолта волчу веара.
— Дика ду хьуна мукъна, хилла, — аьлла, Тавсолтас дуккха а косташ дира цуьнга:
— Хьо цигахь хьаькам ван мега… Тхан цIеношка хьажалахь, уьш йухалуш дац бахахь а! Тхо а цIа догIур ду, пропуск ма-хилла… Нагахь санна, кхузахь сан хIетале кхалхар хилахь, сан весет ду хьоьга: харж ца кхоош, со цIа вахьар, вайн кешнашкахь дIаволлар… И дан а ницкъ ца кхачахь, ЦIечу берда тIехь суна чурт, мукъна, догIар… Изза ас хIокхаьрга а аьлла, хьуна. ХIан, кхин цхьаъ ду: дIакхаьчча, хьайн ницкъ маббу вайн кешнийн терго а йелахь…
— Дика ду. Кхочушхир ду. Са ма гатде ахь, Тавсолта, вай кестта цигахь вовшахкхетар ду!
— Идрисов Бакар а ву, бохура цуьнан зудчо, хьо ган лууш… Хьо цIа воьду аьлла хезча… цхьа кост долуш, — элира Нурседас. — Меттахь висна ву, бохура…
— Ваха веза!.. Цомгуш а ву… Кост а ду… Ваха веза!.. — тадира Тавсолтас.
Бакар волчу воьдуш, новкъахь Керима ойла йора: «ХIинца, мукъна, дийцахьара»… — йуха а дагахь дерг «1937-гIа шо» дара… цуьнан къайленаш…
Керимна цIеххьана шех эхь хийтира: «Иза вала воьжна, хIинца цомгуш Iуьллуш, меттахь ву… Ткъа со… и, валале аьлла, цуьнгара сайна «интервью» йаккха гIерташ воллу… къахетаран метта», — шена резавацаре корта ластийра Керима. Амма дагалаьцнарг дIа ца довра: «Делахь а, бакъдерг ма-дарра хаа лаар иштта къинехь а ма дац сан… Цо хIун до и къайле шеца дIайехьна?.. Бакъдерг даха бухадисчахь, бакъахьа ма ду массеран а дуьхьа»…
НеI тоьхна, чоьхьавелира:
— Ассалам Iалайкум, Бакар! Дала маршалла дойла хьуна… Ахь кхайкхина, бахара, соьга… Муха ву хьо? — куьг а лецира.
— Ва Iалайкум салам, Керим! Тоьуш ву со-м… Баркалла варна… Цхьа кост дара сан… Хьо цIаваха кечвелла бохуш, хезнера суна… Охьахаал кхуза…