— Центрехь оха «оццул» подпольни антисоветски организацеш гучуйаьхна, «оццул» членаш шайна йуккъехь а болуш. Талламо гайтина церан цхьайолу зIенаш кхузахьа а схьакхочуш хилар. Лецначара схьадийцарехь, шун кхузахь а бу къайлаха дIатебна Iаш, цаьрца уьйраш а йогIуш, мел кIелхьара а «йалх эзар» сов (йа кхин терахь олура) советан мостагIий… Уьш аша, Iора а баьхна, новкъара дIабаха беза. И шун декхар ду. Шуна хьалхара иза оха центрехь дан деза моьттург гIалат ву. Центро и гIуллакх кхочушдан шуна кхо бутт хан ло… Йа: «йалх бутт», — олура наггахь. Цу тайпана къамел а дой, иза дIавоьдура. Тхан хьаькамо, тIаккха, массо а вайн районашкара НКВД-н куьйгалхой шена тIе схьа а гулбой, и «йалх эзар» «советан мостагI» воькъура царна йуккъехь, налог санна, xIop районна а шен-шен терахь кхачош. Белахь а, бацахь а и мостаIий кхолла безаш хуьлура… Иштта цхьа мур чекхбаьлча, кестта цунна тIаьххье, цунах тера, кхин цхьа мур а схьа тIекхочура, адамаш охьучу хьеран тIулг саца ца буьтуш, «мостагIийн терахь» тIеттIа совдохуш.
— Ой-н!.. — корта ластийра Керима, — шун чекисташна йуккъехь вацара цхьа а законехь доцург муьста хеташ?
— Муха вацара? Вара, хьаха: Ахьмад Межиев… Алак Ибрагимов… Рудаков… Кхин а… Шаьш байарх кхаъ оьцур боцуш, законехь доцург шайгара долуьйтур доцуш а… Амма царна а ма гора: бага гIаттийнарг, бех а вой, къайлавоккхура… Кхин цхьа хIума а ма дара, уьш а, уьш санна берш а, совцош: органашкахь даима а ма ю воински дисциплина: лакхарчо аьлларг бухарчунна закон долуш! Оцу бахьаница а ма белира Сталинан аьтто ерриге НКВД шена кIел хьарчо.
— Сила долу и законехь доцурш юха законан суьртахь нисдан а муха кхуьура?
— Ца кхуьура… Цхьа а ма дацара, царех хIетахь законца нисдина ду моьттурш а, Баккъал а дуьззинчу законехь нисдина: ерриге а и цхьа беззаконие яра-кх… Хьажал: прокурорера санкци хила еза, стаг лацале, амма и хIетахь йоккхура, стаг хьалха чу а вуллий. Ткъа прокуроро зуламхо чуволла санкци яла еза, масала, стеган бехк, бух боллуш, гучабаьккхина белахь, шиъ бакъ волу теш а, царел сов кхин а гуш йолу билгалонаш а йолуш. Амма хIетахь прокуроро шен санкци дIалора, НКВД-с ма-йиххи, цхьа а гуш йолу бехкан билгалонаш цахиларх. Юха, — суьдан меттан кхиэл а хьан йора? Цхьамма а хаьржина а йоцчу, цхьанна а хIун ю а ца хуучу «Тройканаша», я «особи совещанис»… Цхьа а защита йоцуш, я цхьа бакъо а йоцуш. Ткъа хIетахь бакъо хIун лорура? Цхьа а бехк банне а боцчо шен боцчу бехкенна даредар. Ткъа иза цаьрга дойтура: даре ца дечу «мостагIашна» цара даредаллалц ницкъбан бакъо а еллера!
— Муха? ХIун дора? Дийцахьа! — Керимна оцунах лаьцна дуккха а хезнехь а, хIинца кхуьнгахула ма-дарра дерг а хаа лаьара.
— Муха?.. Йеттара!.. ГIибавоккхуш! ЦIарнех герканаш ухкура!.. БIаьргашна дуьхьал тIех сирла лампанаш йагайора!.. Наб ца йойтура!.. Кхин масане дара уьш!.. Сихха велла а ша дIаволийла луучу хьоле хIоттавора лаьцнаверг… ТIаккха тIаьххьара а цо даре дора ша мел цадинчунна. Лаьцнарг йоза ца хууш хилахь, шайна оьшшучу aгIop шаьш протокол а хIоттадой, цуьнга, Iexa а вой, кIел куьг таIадойтура. Амма, иза а чекхдаллалц кечдан ца кхуьуш, байинарш а дукха хуьлура…
Керим къаьрзинчу бIаьргашца Бакаран бIаьргаш чу хьаьжира: «Ткъа хьо, мукъна, хIун деш вара хIетахь?» — бохург дийшира Бакара цуьнан бIаьргаш чохь.
— Бакъду, со хIетахь барт хоьттучийн могIарехь а вацара. Сан и аьтто хилла. Со арабевлла лела бандиташ-обаргаш схьалецар тIедиллинчу бIон коьртехь вара… — Дела гуш ву-кх, — Бакара хьалатесира шен мажделла оза ши куьг. — ХIapa ши куьг, кху зудчун а кхардан дог доцуш, цкъа а бехдина ма дац ас йа лаьцначунна тоьхна а, йа цхьаьнггара а кхаъ баьккхина а…
— Цундела Iуьллу-кх, гуьйриг санна, йа даьхни а, йа ков-керт а, йа дIадиллина ахча а доцуш, — йукъаIоьттира Хьулимата.
— Сацахьа!.. — куьг ластийра цунна, кIеда вела а къежна, Бакара, — «цундела» суна йелла шортта пачхьалкхан йаккхийра орденш йу… Тоьур ма ду иза а.
— Тоьур ду… — Iад ца Iapa Хьулимат. — ЖIаьлийн кочахь кхозийла и хьан орденш… Чуваше муха хьажийра хьо?.. Хьайл дуккха а лахарчу комендантан гIоьнча а вина, муха латтийра?.. Цигара а, хорма охьа а йуьллуьйтуш, муха лаьллира?.. Цхьа а кхин бахьана а доцуш — нохчо хиларна!.. Хьан… орденш!.. — ца соцура Хьулимат.
— Дийца витахьа, xIaй зуда, — хIинца баккъал тIечевхира Бакар зудчунна. Хьулимат сецира. Керимна а лаьара иза IадIойла. Цо хаьттира Бакаре:
— ТIаккха хьо муха висира хIетахь… айхьа нах ца бойуш а… йа хьуо ца вуьйш а?..
— Нах-м байина а хир бу аса а тIом бечохь: ас ма элира хьоь, со бандиташ схьалецар тIехь долчу бIон коьртехь вара. Вовшашна кхийсарш нисйеллачохь схьавуьйш а, дIавуьйш а хуьлура. Амма бандит лаьцна ваьллачул тIаьхьа цкъа а ас цунна йа тоьхна а, йа законехь ца богIу кхин тайпа ницкъ а бина бац. Амма хIетахь суо ца вуьйш висарх тахана тамаш-м бо аса. Кхуьнан кхарда дог дац-кха хьуна, — алийтал цуьнга шега а — тхешан аппарате суо балха дIавоьдуш а, кхеран цкъа Iодика а йина бен араваьлла вац-кх со цкъа а! — элира Бакара.