ХIинццалц геннара схьахезаш хилла стигалан къекъар, хIинца стигалан тхов тIехула эзар трактор йолаелла моттуьйтуш, инзаречу гIовгIанца Эскинойхьа схьахуьлуш догIура. Эмкалш санна, йаккхий, йусаелла Iаьржа мархаш, цхьаъ вукхунна тIаьхьа, сихха схьашершара Эскинойгахьа, гуш воцчу Iуьно ткъессийн шодмашца шаьш лоьхкуш санна. Уьш танканаш санна, ЧIап-ломана уллохь вовшахйетталуш, эчиган татанаш дохуш, багара цIеран асанаш а туьйсуш, гlepгlapa. Селитина хIинца шен лерехь хезира, лаьмнаш ата санна, сихделлачу стелахаьштигийн тата: стигалийн тIом Эскиной чу кхечира.
«ХIун хила доллу-те кху дуьненах?» — йуха а дагатесира Селитина: «Буьйсано тIом хьабина-те лаьмнашна?.. Йа лам къевсина, Iинан джинаша, жоьжахатан пешара идош, вовшашна кхуьйсу хаьштигаш ду-те уьш?.. Йа, йоьхна, чухерца-те стигал?..»
СелитагIеран нийсса тхевна тIе туьйхира ткъес, кхеран рама а йегош. ДоIанаш а деш, схьахьаьдира Нурбика: Селита, ша Iачуьра а гIаттийна, букъа тIехьахула куьйга тоьттуш, шен метта йижа дIахьажийра цо. Эскинойн цIенойн тхевнашна тIехула хIинца, гезарий йевдича санна, татанаш дохуш, догIанан дехий, стаммийра серий чухецаделира, массо а марха кхузахь йаьтIча санна. ДогIано башийна месала куй бегош, чувелира Тавсолта. Сихха тIе верта а кхоьллина, тIома кIел панар а лаьцна, дохнан кертехьа вахара изп. Цунна тIаьххье аравелира Дауд а…
Стигалан къекъарш эххар севцира. ДогIа малделира.
Йуха чу а веъна Тавсолта а, Дауд а дIавижира. Iалам дIатийра. Селита, меллаша меттара гIаьттина, когабуьхьара коре йахара лаьмнашка хьажа: «ХIун дисина-те царех, оццул стелахаьштигийн мор шайна тIетоьхча?», — дагатеснера цунна.
Амма лаьмнаш, хьалха санна, цхьа а зен хилаза, мелхо а кхин а серладевлла, сапаргIат лаьттара. Стигал а йекхнера, наггахь бен марха ца гуш. Эзар седарчий, шаьш хIинцца цхьамма дилинчух тера, къа латозачу берийн бIаьргаш санна, цIена хьоьжура. ХIаваъ, генна дIа шех чекх сагуш, хьаьъна дара. ПаргIат садеIалора…
TIEMAH ХЬАЛХАРА IA
Iуьйранна уьйтIа ваьллачу Тавсолтина гира, ло а диллазчу кертахь, татолана лаьцна, вотанна дуьйлинчу ахкаргах тера, буткъа шера ша, шен пардох чекх бухахь жагIа а лепаш. Хье ца луш, диллира дуьххьарлера ло а: шуьйрра дIасайаржийначу шаршуша кестта хьулйира ломан басеш, аренаш, некъийн асанаш. Амма Iин чуьра, барзах тера, схьалелхачу мохо, кайетташ, дохуш, маьI-маьIIехь гучубохура лаьттан Iаьржа кIунзалш.
Долла Iалам сингаттаме хьоьжура: хIурдан тулгIено геннара схьакхоьхьу дуьра гIовгIа санна, лаьмнаш тIехула схьахьоькхучу мохо кху йуьрта а схьакхачийра тIеман къаьхьа чам, шеца шатайпа хийцамаш а бахьаш. Эскинойра кхин а дукха нах тIаме дIабахара.
Йурт мелла а йассаелча санна хетара: бухабиснарш, совнаха гlap йоцуш, белхашна тIе таьIнера. Йуьртан массо а маьIIехь, пенашна а, бIогIамашна а тIехь дIатоьхна гора цIечу кIадеш тIехь йазбина кхайкхамаш: «Дерриг а — фронтана! Дерриг а — толамна!»
Цхьана эшшарехь дIаоьхура школехь занятеш. Цхьабакъду, кху Iай пальтош а тIехь-м Iара классашкахь: январан денош шийла а даьхкира, дечигна шорто а йацара. Тахана, школин комсорг Дауд, классехь староста волу Увайс а, шайца кхин а цхьацца дешархой а, комсомольцаш а эцна, колхозан правленис бакъо а, трактор а йелла, Iуьйрре хьуьнах дечиге бахара.
Дикка делкъал тIаьхьа уьш бухабогIуш, тракторан гIовгIа а хезна, царна дуьхьал бахара лакхарчу классашкара дешархой, шайца Селитий, Нурседий а йолуш.
Iай ша беш а доцу, амма хIинца жимделла Яьсса гомхадаьллачухула сехьа а йаьлла, йоьттинчу прицепца, хьалагIертара трактор, шена боккха ницкъ хуьлучух оьгIазе гlap йеш.
— Хьалайалалур йуй и цигаша? — лахара хьала мохь туьйхира Дауда, бете куьг а лаьцна.
Изий, цуьнца бершший, трактор кхуза кхаьчча, охьа а биссина, гIаш богIура.
— Цкъа хьала-м тосур йу! Лаахь, оцу бердах а! — тIера схьа мохь туьйхира, ткъех гергга шо долчу, тIехь йоца пальтой, коьрта тиллина лергаш долу куй болчу, беснеш цIазамах йогучу трактористо.
Прицепа тIера охьаэгга дечигаш а лехьош, тIаьхьа богIура дешархой.
Йоккха горга дечиг а марахь, прицепна тIаьхьа кхиъна, йогIучу Нурседина тайра кIентан жоп. Трактор нуьцкъаша хьалатеIара. Некъ, хала бара аьлча а, бан а бацара, дуьххьалдIа кхузахула ирх кхул хьалха а машенаш ихна лараш гар доцург. Гу тIе йаьлла йоллуш, трактор цIеххьана, цхьа хIума хаьдча санна, вон тата долуш, цкъа сецира, тIаккха меллаша кIегар текхира, шена тIаьхьара прицеп йуха а тоттуш. ТIера тракторист, Нурседин бIаьрг кхуьуш, шен цIен бос бовш, кIайвелира. Нурседа ша йолччохь йогIайелира: трактор шен прицепца йуха охьаоьхура, некъана раз а йаьлла, бердан йистехьа теIаш.
— Охьаэккха! Йита трактор! — мохь туьйхира Селитина уллохь вогIучу Увайса, куьйга эшара цунна и гойтуш. Изий, Дауддий цунна орцах хьалаведира.