Трактористо корта ластийра, ша «охьаэккха реза вац» бохучу маьIнехь. Массеран а бIаьргаш цунна тIехь севцира, шаьш дан дезарг ца хууш. Трактор, ца соцуш, меллаша кIегаръоьхура тIерачу трактористо, ма-хуьллу тIам дIаса а ийзош, эткаш чуьра когаш дера тормозашна тIетеIошшехь. Нурседас, цIеххьана тIе а хьаьдда, шегара дечиг тракторан тIехьарчу чкъургаш кIел тесира. Трактор сацийра, прицеп бердан йисте кхача ши-кхо гIулч йуьсуш. Берриш дIахьаьвсира Нурседе, тIаккха — тракторе: иза шен тIаьхьарчу чкъургашна кIел тесна дечиг лаьттах чу теIош, цунна тIоьхула йала гIертара. Амма схьаиккхинчу Даудий, Увайсий шайгара дечигаш а сихха, нис а йеш, тракторан а, прицепан а чкъургашна кIел йехкира. Трактор, ша йолччохь, сецира.

Массеран а сапаргIатделира. Дауда, тIе а вахана, вист ца хуьлуш, массарна а гуш, маракъевлира шен йиша. Эццигахь ган йезара Нурседин йуьхь: ма йогура иза!

Трактористо, цхьа сахьт далале, йуха тойинчу тракторца школин керта оьзна дечиг, мехкарша прицепа тIера охьа а кховдош, божарша paгly кIел, гIулч йеш, дIадоьттира.

ДIавоьдучуьра вуха а вирзина, тракторист paгly кIел пальтох куьг хьоькхуш йоллучу Нурседина тIе вахара:

— Алахьа, диканиг, цIе хIун йу хьан?.. Хьо ца хиллехь, тIаме а вахаза, эрна лара-кх со цхьана мIаьргона.

— Берсанова Нурседа йу-кх! — серладевллачу сийначу бIаьргашца синкъераме кIентан бIаьра а хьаьжна, пондаран мерз санна, зевне деккачу озаца, шек а йоцуш, йуха хаьттира йоIа:

— Ткъа хьан цIе?

— Цултигов Расул… Сан цIарх-м xIун дора? Хьо йу тахана коьртаниг! — аьлла, кIант шен догучу Iаьржачу бIаьргашца йуха а йоIе хьаьжира. Церан бIаьргаш севцира вовшашна тIехь.

— Хьо фронте ца воьдуш хIунда висина?

— Заявлени дIа-м делла! Делахь а… трактористаш ца тоарна, бронь а йелла, цкъачунна буха витина-кх!

— Дера, и трактор дIахоьцур йолуш-м ца хиллера хьо!

— Хала кхаьчча соьга… Керла йу иза, — аьлла, Iодика а йина, кхин а хьевала бегIийла а ца хетта, шен тракторан гloвгla а эцна дIавахара тракторист.

Йижарий школера цIа богIуш, гуттар йекаш хуьлу Нурседа хIинца мелла а ойлане йара. Шена а ца хууш, цуьнан аз а шатайпа лекхалуш, болар а, дайлуш, хийцаделлера. ЦIеххьана чубоьжначу тIулго шовда санна, марсайаьккхинера, беснеш йогучу кIанта, хIинццалц хьаьъна лаьттина, йоьIан деган айма: «Ма майра ву и… Ма товш а ву»… — дагара ца волура и Нурседина.

ДIайижале цкъа Селитица къамеле йолуш хуьлу Нурседа тховса, йист а ца хуьлуш, метта йелира. Оцуьнан бахьанех мелла а кхиъна Селита а IадIийра, хеттарш ца деш, цо ша и дийццалц.

Вукху дийнахь, paгly кIел гIортораш а йоьгIна, цIера дагарш, херхаш деана, кхоккха цхьаьна а хилла, дечиг хедо хIиттира дешархой. Селитий, Нурседий, Увайссий цхьаьна нисделира. Селитассий, Увайсий херх хьоькхура, даьккхина дечиг Нурседас жимачу гIудалкхаца дIакхоьхьура. Селитин синтеме, Iаьржа бIаьргаш, Нурседа йоцчохь цахуучуха Увайсехьа хьовсура наг-наггахь. Нурседа-м церан тидам бечохь ша а йацара: иза дIалаьцнера шен ойлано. Иза гIудалкха тIехь дечиг дIаэцца йахана а йолуш, Селитас херх хьоькхуш, ца хууш Увайсан пIелг хадийра даьIахка тIе кхаччалц.

Ша лазийча санна а ца хийтира кIантана: «ХIума дацара хIара-м!» — велакъежира иза.

Селитас, чехка кисанара схьадаьккхина, дIакховдийра мерах хьокху дарин йовлакх:

— ХIан, дIабехкахьа!.. ЦIена ду хьуна…

— XIapa хIинца цаберзарна а ца кхоьру-кх со!.. XIapa йовлакх ас, Селита, кху пIелгал а Iалашдийр ду-кх хьуна, — элира Увайса. ЙоьIан дагах мерза алу туьйхира, цIийелла охьахьаьжира иза. ХIинццалц дош а къадозачу кIанта дуьххьара иштта хаийтира шен безам. Ма ирсе хийтира йоIана эццахь ша! Дуьненчохь кхин хIумма а ца лаьара — даима а ша Увайсана йезийла доцург! Селитин эсала догучу бIаьргаш чохь, церан кIоргехь богу чиркх цхьаммо-м гуш доцчу куьйга цIеххьана хьалаоьзначух тера, цхьа шатайпа керла суй летира — дуьненах сакъерадаларан суй! Жим-жимма йекхалуш, тIаккха цIеххьана дерриге дуьне а серладоккхий, схьахIутту Iуьйре санна, Селитин кийрахь, хIинццалц жим-жимма гуллуш а лаьттина, хIинца цIеххьана, де санна, къегина схьахIоьттира безам.

Йухайеара Нурседа, цунна гира Увайсан бихкина пIелг а, Селитин бIаьргаш чохь летта суй а, амма иза тIаьхьа хатта дитира цо. ГIуллакх чекхдаьлча, йижарийн Iодика а йина, Увайс дIавахара…

Цу буса, цIахь, шаьшшиъ дIайуьжуш, майрайаьллачу Нурседас, Iе а ца йелла, элира Селите:

— Суна… Расул везавелла!.. — ша аьлла йаьлча, эхь хетта, пенехьа дIайирзира и. Селита йелакъежира, амма Селитас тIаккха а-м ца йийцира йишига шен деган къайле: цхьаннех а тешо мегар а доцуш, шатайпа доккха хIума хетара цунна шен безам! Иза кхоьрура, кхечарна иза шена санна цахетарна а, йа иза бийца баьккхича байбаларна а…

* * *

Перейти на страницу:

Поиск

Похожие книги