Кхеташоно а вежарийн бехкан барам, царна тоьпаш туху кхиэл йаллал (оцунах тешна вара Тойсум!) хьала ца кхачахь а, амма царна тIеман заманахь йаккхий хенаш тоххал боккха лерира. Вежаршна «кхааммо» итт-итт шо хан туьйхира.

Районан НКВД-н хьаькамна а, лейтенантана а лакхарчу Iедало мидалш йелира, райкомна замечани йира, и санна долчу гIуллакхна йуьстаха ма хила аьлла.

Тойсум, и гIуллакх цо «цIена» цадарна, схьа а ца хоьцуш, ша хиллачу лагере шен хан йаккха юхахьажийра: мел хьоьстуш лелабахь а, ТойсумгIар а цу заманахь НКВД — с, шайна гlypбана эшначохь кхоа ца бора — уьш тоъал шорта бара.

* * *

НКВД-с тахана тешаллина кхайкхинчуьра вухавогIу Тавсолта, корта оллийна, шена реза воцуш, бакъонца ша йуьхьIаьржачу хIоьттинарг лоруш, кIоргге ойлане вахана вара: баккъала а цунна оьшуш а, йа сийлахь а дацара, шен зудчун Нурбикин а мелла гергара а хуьлуш, буьззина къонахий болчу, Бетарний, цуьнан шина вешиний, дуьхьал а хIоьттина, и тоьшалла дар, амма ца дича-м ца волура йа xlapa а, йа важа «понятой» а, вухавалан цхьа а некъ боцуш, гуш долу бакъдериг дара иза! Делахь а корта оллийна вогIура Тавсолта…

— Хьо ма кхоьлина ву? — хаьттира Далхьада, иза шен кабинета чу ма-велли.

Тавсолтас дийцира. Вехха вист ца хуьлуш Iийра Далхьад. Эххар а:

— Масаний хуьлу уьш вайна ца луурш!.. Са ма гатде ахь. Хьо царна хьалха бехке вац хьуна. Чу ма битинехь муьлш бу а ца хуу нах тIеман заманахь, массаьрга а шайга и дIааьлла доллушехь! — Тавсолтин дог ийцира Далхьада.

Тавсолтин тидам хилира цуьнан оьздангаллин: хIинца а ца элира Далхьада, и ала шен бух а боллушехь: «Ас ма бехира!.. Ас баьхнарг ма хили!»…

«Хила-м хилира!»… — чIагIдира шен дагахь Тавсолтас. ТIаккха хаьттира:

— Дика ду: Тойсуммий, Хьабазий-м ший а церан къайлаха гIоьнчий хуьлуьйтур вай, ткъа важа — немцо?

— Мичара немцо? — велакъежира Далхьад. — Иза а вар-кха уьш берриш. Кхузахь цхьанна а и ца вовзийта, эццара, лула махкара валийна.

— Ой! Ткъа и дерриге а дехка ма хуьлу! — цецвелира Тавсолта. — Ткъа мега иштта?

— Дера ца мега. Йа Ленина магийтина а ма дац, ур-атталл Революцин дуьхьа а! Цу тIехула ца дира цо Октябрь а хилале гIараваьллачу Камона а выговор… — дагадеара Далхьадна книги тIехь ша дешнарг. Iийна-а тIетуьйхира: — Ленина хIетахь ца магийна. Амма… Сталина… тахана магийна… шен дуьхьа! — элира реза воцчу Далхьада.

Эмин чувелира, кханалерчу газетан номеран макет а йахьаш, Далхьадана гайта.

— Фронтах йолу материал хIоккхуза йаккха, — тадира Далхьада.

Йуххехь Iачу Тавсолтас цIеххьашха хаьттира Эмине:

— Ва, Эмин, и тохара суьдо хан тоьхна Тойсум хьан гергара ма вара. Ткъа хIетахь xlop газета тIехь цунна дуьхьал йолу заметкаш ахь куьг таIийна ма хуьлура. И хIун дара?

— Ахьа а таIор дара сан метта хиллехь!

— ХIундий?

— «ХIундий»? Хуур дара — кх, суна санна, хIетахь хьуна тIетаьIнехь?

— Муха? Дийцахьа!

— Цкъа хьалха, кхайкхина, дIавигира гIалитIе… «ТIиэ — йуьххье»1… Цигахь цкъа хьалха куьг таIадайтира шаьш хIинца соьга аьндерг аса цхьангга а дуьйцур дац, дийцахь — шаьш тоьпаш тухур ю аьлла…

— ТIаккха?

— ТIаккха… тIаккха суна тIедиллира-кх цара суьдан процессехь хилар а, цигахь Тойсума а, цуьнан шина накъосто а суьдан хеттаршна мел ло жоьпаш, цара ма-аллара а ца йаздеш, суьдана товчу агIорхьа йаздар.

— ХIа-а… Кхийти со хIинца. Ткъа хьан йиш йацара хьайн метта «царна» кхин маго? — («царна» бохург кхузахь «тIиэ йуьххьернаш» бара).

— Йара… Делахь а «цара» билггала со хила веза аьлла сацийра, со цуьнан гергара хиларна — цатешарш а тешийта.

— ХIа-хIа-а!.. Ахь дуьхьало йинехь? Церан стоьла тIехь ма Iохкура Тойсума йина йолла припискаш.

— Iаьхкича хIун дара?..

— Тойсума уьш ша а ца йеш… сан куьйга, соьга йойтуш ма-йара!

— Хьий, жIаьла йаI! Ша хьан гергара а воллушехь, ца кхоийна-кх цо хьо.

— ХIаанний! — газета а эцна, аравелира Эмин…

— И а вац, хьуна, башха Тойсумна генаваьлла, и шиъ хIетахь дуьйна ийгIина велахь а! — элира Далхьада…

Вовшийн Iодика а йина, Тавсолтий, Далхьаддий дIасакъаьстира.

* * *

Тавсолта Эскинойн сельсоветана йуххе кхоччуш (I942-чу шеран 20-чу октябрехь, делкъал тIаьхьа) дийна йуккъехь, йоллу стигал а дIалоцуш, бода беара. Мела Iаьржа ло дара цIеххьана тIеоьхуш.

— ХIа! Дуьне духуш лаьтта! Маьждиге дIагулло жамIатан ламазашна! — элира Эскинойхь моллин метта лелаш волчу Асхьаба.

Баккхий нах цунна тIаьххье дIабахара. Тавсолта а вахара. Маьждигехь Асхьаба а, цунна тIаьхьа наха а, гора а эгна, дийхира:

— Веза-Воккха Дела! Хьайн кхиэлашкахь и тарлуш делахь, кху балех хьалхадаха Ахь тхо! Къинхетам бе ахь тхох а, тхан мискачу берех а! Веза-Воккха Дела! Хьан кхиэлашкахь и тарлуш дацахь, хьо реза хин волччу aгlop, иманехь а, къонахаллица а, айхьа делла валар тIеэца аьтто а бе Ахь тхан. Кху дуьненан къинойх цIандай, хьайн цIенчу хьаьтта цIена дIаэца Ахьа тхан синош, Веза-Воккха Дела!

Асхьаб воьлхура.

Цхьацца берш а боьлхура. Моллин гIоьнча маьждиган момсарна тIевелира, кхин а нахе схьакхайкха. Цуьнан мохь белира:

— Ва-а нах! Кхузара гуш Соьлжа-гIала цIергахь йерриг йогуш йу!

Массо, горабахна, йуха а доIанаш дан буьйлира.

Бодашкахь жим-жимма кхин а тIегуллора нах. Ца соццуш ламазаш дора.

Эххар мох белира.

Перейти на страницу:

Поиск

Похожие книги