Прокурор а, коьрта суьдхо а (ший а гIалитIера ваийтина волу) мел гIиртинехь а, важа, кхузара йукъавахийтина, ши суьдахо тIе ца верзарна, хIоранна а, тоьпаш туху кхиэл а ца йеш, итт-итт шо хан туьйхира. Иза, цу замане хьаьжча, башха къаьхьа кхаъ а бацара: и-м бехк банне а боцчарна а тухура хIетахь «кхааммо». Тойсуман шина накъосто шайн тIаьххьара олу дош ца олуш дитира.

Тойсума, шен тIаьххьарчу даша тIехь, дегI нисдеш хьала а гIаьттина, суьдехьа а вирзина, элира, чуьранаш сакхбевлла ладоьгIуш а болуш:

— Сан хIумма а дац суьде ала цуьнан кхиэлах лаьцна: и хилла йаьлла. Амма кху чохь прокуроро шен къамелехь элира, тхох кхаьрдаш, ур-атталл къийгаш а йешар йац тхан коша тIе ховша бохург. Цунах лаьцна оцу прокуроре шегга, амма шуна а хозуьйтуш, суна дIаала луур дара: цуьнан коша тIехь къийгаш ур-атталл нишка а ховшур йац!..

Чохь мел верг — Тавсолтина дика дагадогIу, — тоха са доцуш, гIадвахана велавелира. Хьалхахьо Iачу Далхьаде, лере а таьIна, Тавсолтас элира хIетахь:

— ГIеххьа къинтIера вели-кх со цунна, цо и дика аларна!..

* * *

И дерриге дага а лоьцуш, ойла йеш, вогIура Тавсолта: «Дика ду: хIетахь Тойсумна итт шо туьйхира. Ткъа диъ бен а ца даьлла… Веддаволчух иза тера а вац… Ткъа иза схьа хIунда хецна йалх шо хьалха? Цунна хIинца НКВД-с тIедиллинарг a xlyн ду?..» — цу шеконаша садууш вогIучу Тавсолтас сихдира хIинца ша Далхьад волчухьа эцна болар…

IАЬРЖА ЛО

Тавсолта дIакхаьчча, райкомна хьалххахь репродуктор кIел гулбелла нах лаьттара. ТIевахара: хаам бора мостагIаша Малгобек дIалаьцна, Лаха — Неврехьа тIетеIаш а бу, цхьаццанхьа чу бомбанаш а йиттина бохуш. ЛадоьгIучаьрца Далхьад а вара. Маршаллаш хаьттина, ший а йистехьа велира.

— Ахь соьга хIунда кхайкхина? — Далхьаде хьаьжира Тавсолта.

— Корехула хьо вогIуш а гина, аравелира со… Цу чохь а дийца мегар доцуш, сов къайлаха хIума ду хьоь хаийта дезаш.

— Дера, сан а-м ду! — Iа ца велира Тавсолта, шениг хьалха ца даьккхича.

— Делахь, дийцал хьайниг!

Тавсолтас дийцира, ша хIинцца кхуза схьавогIуш, Эскинойн-эвла йистехь шена цIеххьана Тойсум гар а, цуьнан шеконе лелар а, цунах шена хеттарг а. Цеце корта хьовзийра Далхьада:

— Хьо нийсса схьакхаьчна! Цунах доьзна ду ас хьуна кечдинарг а! — Далхьад кхин а йистехьа дIаволавелира:

— Хьуна дагадогIу-кх хьастагIа ЧIап-ломана тIехьа вай десантхой лаьцна. Ткъа цара гIали тIехь а тIечIагIдина, шайна тIаьххье Эскинойхь чукхисса кечбина кхин а десантхой бу, уьш тIеэца кийча берш хьалхехь билгалбаха дезаш а дара шаьш аьлла. Ткъа вайн НКВД-с и тайпа нах, хьалххехь зиэ а зийна, гучу а баьхна, хIинццехь леца план хIоттийна. Кхийтин хьо: хIунда хьажийна шун йуьрта Тойсум, и лаьцначуьра ведда кеп а хIоттийна? Гой хьуна, Тавсолта, и Тойсум а, цо шеца балон берш а, вайнехан гIиллакхе оьзна, тIеоьцу берш а хила тарло йуьртахь. Ткъа вайн НКВД-с и тайпанаш а, бакъ болу мостагIий а лерина чубухкур бу. Ткъа райкомана шен районехь ца оьшу НКВД-хойн и китарло: царна медалш йезара бохуш, тхуна йуьхьIаьржо хьашт йац. Шун йуьртана а и сийлахь хир дац. Ахьа, сихха гIой, йуьртахошка дIахаийта — хьайна тешаме хеттачаьргахула — и тайпа нах тIе ма оьцийла, мелхо а, гучу ма-бевлли, цу сохьта Iедале дIалойла алий.

— Дика ду, — резахилла Тавсолта, сихха Эскиной вухавахара.

* * *

Тойсум, тIай йистехь Тавсолтех ша дIакъаьстинчул тIаьхьа, сарралц Эскинойн хьуьнчухула а лелла, эххар а эвла йисттехь вехачу Бетаран кетIа хIоьттира.

Садовшшехь догIа доладеллера. ТIевахна, Бетаран кор туьйхира Тойсума. Бетар кетIа велира:

— Мила ву хьо? Чувола. ДогIанехь ма латта, — элира Бетара.

Ший а чувахара.

— Бетар! Со ца вевза хьуна? — хаьттира Тойсума, вела а къежна. — Со Тойсум ву. Хьуна ма-хаъара, цхьа а бехк боцуш, итт шо хан тоьхна, Сибрех вахийтира со. ХIинца, аьтто а баьлла, лаьцначуьра ведда со, кхеран зама дIайолуш а гина. Чувитахь со. Цхьана-шина денна, мукъна а. Вайшинна йукъахь, вон деъна меттиг хиллехь а, машар а бара-кха хIоьттина. Вайнехан Iедалехь чIирхо а чувуьтуш дара-кха, цунна орца эшча. Чувитахь со.

— Дика ду. Чувита-м ца везара хьо. Делахь а чувеъна ваьлла. Сан чохь мел ву — сан тIома кIел ву хьо. ДIатарло хIоккхуза. Ши-кхо де йоккха хан йац! — элира Бетара, и кхин дIа Iайта шен ойла йоцийла хоуьйтуш. Тойсум, дагахь ийзалуш Iара, тохарлера Бетаран йиша цIеххьашха гучу ма-йалахьара бохуш.

Бетаран зудчо хьешана хьалхахIоттийра нехча, сискал, кхерзина хIоаш, гIалмакх-чай. Сонехь, нара тIехь вижа мотт а кечбира. ДIадийшира. Кестта Бетаран цIенна тIехула кема хьаьвзира. Тойсумна дика хаьара и хIун кема ду, делахь а, набъечуха, теббина Iapa. Чуьранаш а наб кхетта бара. Кестта тоьпаш йуьйлу а хезира. Тойсум тIаккха а чIоггIа наб кхеттачуха Iуьллура. Тоьпийн татанаш кхеран цIийнегахьа тIехилира. Бетар хьалаиккхира, шаьлта караэцна, Тойсум а меттахваьккхина, лулачуьра шен ши ваша а схьавалийра. Цхьамма-м ков туьйхира. Теббина, дуьхьалвахара массо а.

— Мила ву? — хаьттира Бетара.

— Ков схьаделлахьа! ДогIано вашийна-кх тхойшиъ.

— Ой! Хьабаз вац и?! — аьлла, иза озах вевзинчуха, Бетарна йуххе таьIира Тойсум. — И суна вевзаш тешаме стаг ву.

Перейти на страницу:

Поиск

Похожие книги