ТIаккха телефонехула райцентрера лор а вехна, сиха ша а схьакхечира иза. Нурбикин коьрте а хиъна, цуьнан хьаьж тIе шийлачу хица дашийна гата дохкуш Iapa Селита.

Схьакхаьчначу фельдшеро, цкъа хьалха пхьаьрсах маха а тоьхна, Нурбикин йойна ност, Тавсолтас гlo а деш, зоьпарш а лоьцуш, бинтаца дIайихкира.

Лор схьакхаьчча, Нурбика гIоле а хилла, узарш ца деш йара.

Лергех йаккхийра чIагарш а кхозуш, дегIана лохо йолчу къоначу лоьро, фельдшере ла а доьгIна, йист ца хуьлуш, Нурбикин куьг а лаьцна, бетталу пха багарбира, тIаккха меллаша коч хьала а теттина, леррина даге ладуьйгIира.

— Аравалахьа! — дийхира Нурбикас Тавсолте, шен чет лоьро дIасахилийча.

Йуха чувеанчу Тавсолтегахьа а йирзина, элира лоьро:

— Меттахъхьейан мегар дац. Кхуззахь Iиллийта. Эшахь, соьга йуха а кхайкха, — тIаккха фельдшере: — И молханаш леладе. Xlapa мехий а детта… дийнахь кхузза… чIу ност йорал совнаха… инфаркт а йу кхузахь, xlapa охьакхетарна а бехке. Прогнозис пессима2… — аьлла, Iодика а йина, дIайахара лор.

Лазархочунна наб озийча, дIадахара Анна Львовний, фельдшеррий. Чохь тийна дара, цаьпцалгаш а йекаш. Хье ца луш йуха самайаьлла Нурбика, Селитига шен коьрта кIел кхин цхьа гIайба а биллийтина, кIеззиг хьалаайайелира:

— Тавсолта! — дуьххьара майрачун цIе йаьккхира цо. Цуьнан аз а тамашина дийкира. Зудчо шен цIе йоккху хезна Тавсолта вогIавелира ша волччохь: цо лоьручу Iадатехь цхьана доккхачу дийнахь бен йоккхуш ца хуьлура зудчо майрачун цIе.

— Со йалале… цхьа дехар ду сан хьоьга. Хьуна муьтIахь, ахь бохург деш… тахана сайн эхартан неIаре кхечи со. Соьгара дийлинчу гIалаташна къинтIеравала суна цкъа… Цул сов… со лечу дийнахь… сан дуьхьа… ахь сайн цхьа дехар кхочушдойла а лаьа… суна.

— Дийцал, Нурбика! Со къинтIераваьлла-кх хьуна… — элира весете ладогIа кечвеллачу Тавсолтас, шаьш къастадахкарх дог кхиъна, ша а дуьххьара зудчун цIе а йоккхуш.

— Ас доьху хьоьга… со йалале… кхуза схьа а йалаяй… суна а гойтуш… гечдехьа цу йоIана… Нурседина!

Тавсолта IадIара.

— Ас тIаьххьара доьху хьоьга, — аьлла, шен коьртара йовлакх а Тавсолтин когашка тесира Нурбикас. ТIаккха гIелйелла, йуха шен гIовлана тIе охьайахара.

Меттах ца волура Тавсолта! Шена гергахь йоккха киртиг йара цунна тIехIоьттинарг: доьзална а хьалха деллачу шен даша тIера шозлагIа а вухавалар — стоглара валар санна хетара.

Делахь а, йала йоьжначу зудчо, когашка йовлакх а тосуш, тIаьххьара дина дехар кхочушцадар наха а магор дацара. Зудчух къа а хетара. Ойлане лаьттара Тавсолта. Селита ден коча хьаьрчира:

— Дада, ас доьху хьоьга, дада!.. — йоьIан довха бIаьрхиш вортан тIехула чухьаьдира Тавсолтина.

— Дика ду! — доккха са даьккхира Тавсолтас. — Валлалц йина чIагIо, хьан дуьхьа, йохайо ас… тIаьхьа дохко ма волийла… Дика ду. Ас дош дели хьуна.

— Дела резахуьлда хьуна! — Нурбикин сапаргIатделира. ТIаккха кестта, дагар лакхадаьлла, иза харц лен йелира. Молханаш малийча, йуха а кхетаме йеана, наб озийра цунна.

Оццу сарахь, Селитас хабар дахьийтина, Нурседий, Расуллий схьакхечира.

Корта а оллийна, де доьхна лаьттара Расул.

Нурседа, йоьлхуш, дена мараиккхира. Тавсолтас, вист ца хуьлуш, белша тIехула куьг даьхьна, ховхха тIеуьйзира шена йоI, йуха а тохара жимачохь хилларг и хетта.

Даккхий хилча а, шен бераш бералара ца довлу. Цуьнгара хилла вас, йоI шех хIинца схьахьакхалушшехь цIенна йиц а йелла, хьаьира Тавсолтин дог, амма шен чIагIйеллачу амало и гайта а ца вуьтура: марахь хье ца йеш дIахийцира цо Нурседа. Да дехьа чу велира. ЙоI нанна улло охьахиира, цуьнан коьртах куьг хьоькхуш:

— Хьо-м толур йай, тхан нана, са ма гатде ахь! — хьоьстура цо иза.

— ДоьгIнехь, хир ду-кх иза а. Ца талахь а, дац хIумма а… Йалар-м ловр дара ас, шун бартхилар гичхьана… Iожаллел а хала ду-кх нанна доьзалехь барт эгIар… — доккха садаьккхира Нурбикас.

— Хьоьгара бала схьаэца… и бекъа йиш, мукъна, йелара тхан, нана! — элира Селитас.

— Дика ду и йоцуш а… Аш и дIаоьцур бара… Со йуьсур йара… Кху дуьненахь хIорамма а ша-ша такха беза шен бала… Бала боцуш цхьа а вуьсур вац… ХIинца paж соь кхаьчна.

Кхораш санна, даккхий бIаьрхиш оьгура, нанна уллохь лохачу гIантахь Iачу Селитин.

— Ма йелха… Делха эшац… Со йелча а, куьйгаш хьалха а туьйсуш, нахана ма делхалаш: нехан а белла… Йахь хила! Нах гIиллакхехь тIеэца… Делха кхуьур ду шу шаьш дисичахьана… Веллачун цхьа де бен хилац… Цуьнан гIуллакх цкъа хьалха дIадерзаде сихха… Дохий ма хьовза…

— Хьо-м лийр йаций!.. И ма дийцал ахь!.. — йуха а ненан коьртах куьг хьоькхура Нурседас. ТIехиллачу Расула, белша тIе куьг а диллина, хьаьстира йоьлху Селита:

— Баккъал а, делха бахьана дац… нана дика йу… кхин а гIоле хир йу.

Селита тийра. Нурбикин а сапаргIат делира: кхоь а бер бертахь шена хьалхха гора цунна хIинца: иза, ца Iебаш, серладевллачу бIаьргашца хьоьжура цаьрга.

— Схьайтал и… — этажерки тIерачу Нурседин деакIов куьзганехьа пIелг хьажийра цо. Селита Нурседега хьаьжира: тамашина хеттера, цкъа а ша чу хьожуш а доцу куьзга хIинца нанас дехар. Нурседас, тIе гата а хьаькхна, дIаделира нене куьзга.

Лерина чу а хьаьжна, Нурбикас:

— Дан а ду… сийна, — аьлла, йухакховдийра куьзга.

Перейти на страницу:

Поиск

Похожие книги