Онддачу озаца полковнико, йукъ-кара зала чу бIаьрг а тухуш, дийшира, Берияс кечдина, Сталина чIагIдина буьйр. Буьйро хоуьйтура: тховса, I944-чу шеран февралан 23-чу дийнахь, Москохан барамехь нийсса кхо сахьт ма-делли, нохчий, гIалгIай, массо а, шайн доьзалшца, цхьаъ буха ца буьтуш, махках бохуш хилар: «Уьш Советан махкана кху тIамехь йамарт хиларна»… «Цара советан Iедална дуьхьал дукхазза а, герз а карахь, гIаттамаш барна»… «немцойн эскарна цара ма-хуьллу гIo дарна»…

Чохьболчарна, массарна а, цхьабосса дика хаьара цо дуьйцург цхьа а бакъ доцийла: тIеман хьалхарчу деношкахь, газеташа а ма-хаийттара, тIаме баханера (дуккха а шайн лаамехь а боьлхуш) ткъе итт эзар сов нохчо а, гIалгIа а. (ТIеман заманан барамехь и хила йезачу проценте кхочура). Советан Iедал доккхуш а, — и историна тIехь а ма-йаздарра, — нохчийн, гIалгIайн къам Революцехьа уггаре а майра тIом биначех дара. Советан Iедална дуьхьал, иза дIахIоьттичхьана, цкъа а цара цхьа а гIаттам ца бинера. Ткъа немцошна цара гIo дина бохург-м данне а бух боцуш дара. Кицанехь йуьйцучу чено, шена йаан дагадеъча, шен кIорни, шена и ца йовзийта, бехйеш, ченала карчийна бохург санна, и дерриге а кхоьллинера Сталина, Берияс, кхечу къаьмнашна хьалха нохчий, гIалгIай ма-хуьллу бехбархьама. И инзаре гIуллакх Сталинна эшнера, къаьмнаш кхерамехь а дахкош бен, Iедал шен карахь латто йиш йоцийла хууш. Берияна а, цуьнан гонна а иза эшнера — Сталинна хьалха базбала, чинаш даха, шайн меттиг чIагIйан, тIе Сталинна а дIагайта — шаьш ца хилахь, цуьнан меттиг а йухург хилар. XIapa гIуллакх кхочушдар шайна тIедожийначу, шайн ойланехь цара кхиийначу, лахарчарна а лаьара, царна хьалха базбала, шайн меттигаш чIагIйан. Иштта кхоллайелла «круговая порука», хьовх, «политически къуйн барт» бара иза. Долийна гIуллакх йуьххьехь дуьйна а зуламе новкъа далахь, тIаьхьа иза кхин а доккхачу зуламе кхочу.

Ткъа нийсо? Конституци? Ленинан весеташ? Хьехо воьлларг а йуьстахвоккхура цу сохьта…

Буьйра дешна а ваьлла, полковнико, чохь берш кхетош, тIетуьйхира:

— Операци йолайо, хьалха ма-аллара, нийсса кхо сахьт даьлча. ХIетале шун декхар ду, шаьш кху меттигера нах а, хьал а цхьабосса дика девзаш болу коммунисташ хиларе терра, шайн-шайн участкашкахь, эскаран эпсарийн куьйгаллехь, шайн нах, царна и хенал хьалха ца хоуьйтуш, махках баха кечбар.

— «Шаьш — шайна шаьлта Iотта» бохург санна ду-кх», — дагатесира ладоьгIуш Iачу Керимна.

Нийсса зал чу а хьаьжна, полковнико кхин а тIетуьйхира:

— Массарна а дIахаалаш, йиллина хан тIекхачале нахе махкахбахарх хаам бинчунна, суд йоцуш, цу меттехь тоьпаш тухург хилар! Махкахбоху сахьт тIекхаьчначул тIаьхьа, нахе а дIахаийта: кIирна тоъал даар а, дегIана оьшу бедар а, мотт-гIайба а, шайца дахьа бакъо хилар. Кхин а дIахаийта: шайгахь долчо дОлу герз а, шийла герз а, къайла а ца дохуьйтуш, хIинццехь схьадала дезар, ца деллачунна, и гучудалахь суд йоцуш тоьпаш тухург хилар. Кху операцина, ур-атталл хетарехь а, дуьхьалбовла шеко йолу нах, лаххьабай, хьалххехь чубохка цкъачунна — йа клубехь, йа маьждиг чу. Амма уьш а тIаккха, кхиберш машенашна тIебаьхна ма-бевлли, дIатоха шайчарех. ХIинца аша а, — полковнико аьтту куьг, къолам а карахь, дай хьалаайира, — шайгахь долчо герзаш охьадахка… кху чохь…

Полковникна йуххера ши эпсар, хьала а гIаьттина, улло кхин ши сержант а ваьккхина, гатанан тIоьрмигца чухула волавелира. Керима а, Далхьада а, Джабраила а, кхечара а белхан декхарца шаьш хIинццалц лелош хилла герзаш дIаделира.

— ХIинца шайн-шайн билгалйаьхначу участкашкахула дIасадекъало! Вайн партина хьалха долу шайн декхарш эпсарийн куьйгаллехь дуьззина кхочушде!..

* * *

Керим шен участке воьдуш, цIеххьана соцунгIа хилира: райцентран майданахь, лайлахь, адамийн йоккха пхьоьха лаьттара, гонах дIахIиттийна шортта салтий а болуш. Пхьоьханна ткъех гIулч хьалхахь, киралелочу машенийн стогарийн серлонгахь, нахана а гойтуш, лайла дIахIоттийна лаьттара вуьрхIийтта шо хир долуш цхьа жимха, ший куьг букъа тIехьа гIоьмаш тесна а долуш, йуххе хиэ ши автоматчик а хIоттийна. Эскархошна цуьнгахь ворхIазза йолу тапча гучуйаьллера. Жимхас, и шена карийна йу, ша и цаьрга дIайала вогIуш вара бохуш, чIагIдора, амма цунах эскархой ца тийшира: цара иза, лаьцна, цунна тIехь тоьпаш туху кхиэл кхочушйан схьавалийнера. И хезна, сиха кхуза схьакхаьчна, пхьоьхана йуккъехь лаьттара кIентан нана а, Iадийча санна, кIантана тIера бIаьрг дIа ца боккхуш. Амма нанна шен дагахь моьттура, иза дуьххьалдIа куьцана, нахана гайта, кхера а вина, дIахоьцур ву.

Перейти на страницу:

Поиск

Похожие книги