Дуьзначу йуккъерчу дегIара хоттанхойн йуьртда, дIаса а хьаьжна, накъосташа дош ца аьлча, кIедачу озехь вистхилира.

– Нах карзахбевлла, полконак! Дийца диканиг дац. Хьовр-зIовр йу гуобаьккхина. И Ioвдал адамаш, эладитанаш айъина, цIахь а, кхаш тIехь а болх ца беш, дуьйладелла лела.

– Ткъа шу хIун деш Iа? Йуьртдай а, тхьамданаш а? Тахана шун мера кIел милицина дуьхьало йина махкатIхоша. ТангIай, ахь хIунда ца совцийра нах?

Дуьхехь лохачу гIанта лахвелла Іен ТангIай меттахъхьайра.

– Хьерадaьлла адам соьга сацалур дац, эла. Ас сайн ницкъ кхочург дина. Наха ладогIац соьга.

– Ткъа хIунда летта махкатIхой милицина тIе? Цхьаъ виэн а вуьйш, масех стагана чов а йеш? – аз айдира Аваловс.

– Берриг бехк оцу Іовдалчу чIeбaрлошна хьалхаваьллачу Хьайбуллин бу. Цуьнан гIуллакх дацара пIерасканан дийнахь зуькарна гулбеллачу нахана йукъаэккха.

– Хьо варий цигахь?

– Со хиллехь-м, и дов хир ма дацара.

– Милцой, муьлхха салтий санна, паччахьан эскaрeхь гIуллакх деш нах бу, – оьгIазвахара Авалов. – Шун йуьрто, дуьхьало йина ца Іаш, зулам а дина царна. Изa дappexь бунт йу. Йуьрто жоп дала деза хIинца, йа бехкениш схьало, йа, ас айса къастийна, нах дIабуьгур бу шун.

– Бехке хьан милцой бу, – кхоьссира ТангIайс. – Доцца аьлча, Іовдалчу, къизачу адамех вовшахтоьхна и гIера. Эхь, гIиллакх, къинхетам хIун йу ца хуу къуй, талорхой! Тхан йарташ, девнна йуккъа ца гIерташ, йуьстахлаьттина. Таханлерниг а хир дацара, и хьакхарчий кхуза ца нисйеллехь.

ХІeтталц вист ца хуьлуш ладоьгIуш Іийначу кIайн йеха, шуьйра маж, дуькъа мекхаш, цIен бос бетталуш горга йуьхь йолчу воккхачу стага, хьала а гIеттина, шен хьекъале Iаьржа бIaьргаш Аваловна тIебуьйгIира.

– Йуьртах къинхетамбар доьху оха, эла, – долийра цо мукъаме кIедачу озaца. – Таханлера зулам цхьа масех стагера даьлла. Оха тxaьш таІзар дийр ду царна.

– ТаIзар аш дийр дац, Iедало дийр ду, – йукъахвaьккхира иза Аваловс. – ЦIершца схьабийца уьш.

– Тхо цa кхиъна бехкeниш къасто, – паргIат жоп делира воккхачу стага. – Кхана къастор ду дерриг. Сихделча, гIалатдовларна кхоьру тхо. Iедал йукъа а ца гIертош, тхоьга тхайгга къастадайтахьа и гIуллакх. Аш цхьа масех стаг лаьцча, бисинарш карзахбевр бу. Тхан а ву вийнарг, чевнаш хилларш а бу, зиэн шиний агIорхьарчарна цхьатерра хилла. ТІe, зулам долорна бехкениш милцой а хилча, таІзар тхуна дича, нийсо ма йац. Йурт карзахйаларна кхоьру тхо, эла. Дов кIам цa дeш дитaр гIоле йара.

Воккхачу стеган хьехар хьекъале хийтира Аваловна. Изза дагахь ма веанера и шa a.

– Шайн йарташ Iаьлбагах дIакхетар йац аьлла, дош далалур дуй шуьга?

Массарна а тIера жоп делира безамечу воккхачу стага.

– Нехан дегнаш къайле йу, начальннак, амма хIинца цкъа машаре ду йуьртахь. Тхешан ницкъ кхочуш, зулам долуьйтур дац оха.

– Аш хIун олу? – йуьртдайшкахьа вирзира Авалов.

– Домби бакълоь. Тхайн ницкъ кхочург дийр ду-кх оха.

Авалов хьалагIеттира.

– Дика ду. Областан начальнико суна тIедиллина шун йуьртана луьра таІзардар. XIинца цкъа, шун дашах тешна, дIавоьду со. Амма, хаалаш, нагахь таханчул тIаьхьа шуьгара цхьа чо гIалатло йалахь, къинхетам хир боцийла.

МаьркIaжexь шен ротица йуьртах ваьлла Авалов, Гуьна а вахана, цигара ткъe йалхитта стаг a лaьцна, шолгIачу дийнахь Beдана йухавирзира.

Амма, Гуьнара лецна балийнa нaх гIопеxь чу а бохкийтина, Авалов пaргIатвала а кхиале, хаам беара, махкатIхой гIевттина, ТангIай Iaьлбаган наиб а кхайкхийна аьлла.

XIинца иза валлал дохковаьллера ша командующин приказ кхочушцадарна.

Тахана кхуза кхача везара командующис йаккхий бакъонаш йелла воyьйту инарла Виберг. Оцу векъана-вехачу немцочуьнца цкъа а хьо-со ца хиллера Аваловн. ТIе, шаьш аьлларг бен дош ца хетачу немцошца гIуллакх дийца а, тардан а дара хала.

3

ТкъолгIачу дивизин командиро инарла-майоро Александр Карлович Виберга, ша Ведана ма-кхеччинeхь, сиxонца тIeбийхира отрядийн начальникаш: Лохвицкий а, Накашидзе а.

Командираш схьакхачале гIопан гарнизон теллира цо. Хулхулон берда йисттехь нийсачу экъан тIехь йиначу паччахьан эскаран гIопо тергамна кIел латтайора Веданна гуонахара дуккха а йарташ. ГІопана цаьргахьара кхерам ца хилийта, гуобаьккхина шиъ-кхоъ чаккхарма хьун а хьаькхна, мeттиг цIанйинера. Салтий казармашкахь бехара. ТIexулара куц а, бIaьхаллин дог-ойла а вуон йацара салтийн. Кхачанна арз а ца дора. Иза вуон хуьлийла а дацара. Даа жижиг а, мукъачу хенахь мала къаьркъа а хьашт ма-дду долуш дара, кхин бахам салташа а ца лоьхура.

ЦІeнa a, дегIана там беш а дара кхузара хIаваъ. ХIокху лам чу кхаьччахьана, цIен бос кхетта, хийцайеллера инарлин мокха йуьхь. ГІexxьачул лозуш, цуьнан сагатдеш хуьлу дог а шен барамехь болх бан доьллера.

– Беркат-йаI, хьо мохк! – элира цо уллохь лаьттачу эле Аваловга, доккха са a дaьккхина. – Мел хаза, исбаьхьа Іалам ду кхузахь! Стенна оьшу хIара хьал туземцашна? Мел хаза курорташ хир йара кхузахь!

– ХIаъа, хьан локхалла, исбаьхьа Іалам ду кхузахь, – тIетайра Авалов. – Цкъа хIорш къарбелча, и ахь бохург а хир ду.

…ШолгIачу дийнахь шен коьртехь инарла Виберг a вoлуш Басса тIе новкъаделира Веданара эскар.

Перейти на страницу:

Поиск

Похожие книги