Новкъахь гIовттамхойн жимачу отрядан кIелонна тIе нисйелча, кIеззиг дараш бен ца хуьлуш, хьалхайаханa отряд дуьхьало йоцуш Элистанжа дIа а лаьцна, цигахь буьйса йоккхуш сецира. Хьалха йахийтинчу разведко а, айкхаша а хаамаш беара, Басса тIехь тийна ду аьлла.

Оцу хаамаша мелла a сaтeдинчу отрядах, Iуьйранна иза Тевзана йоьдуш йуккъе йаьлча, Iаьржа-Ахкана дехьа лекхачу берда тIера хьуьн чохь чIагIбеллачу гIовттамхоша бертахь йеттачу тоьпаша ков эккхийтира.

Даим санна, цIеххьана тохaр a дина, къайлабевлира гIовттамхой. Отрядо вал дIалаьцча, цигахь цхьа а стаг вацара. Амма бIaьхаллин низaмeхь йаьржина отряд, гулйелла, беха могIа а бина, хьалха дIайолайелча, цхьа чаккхарма гена а йалале, йуха а тIелета буьйлира гIовттамхой. Вибергна ца хаьара хIун дан деза. МостагI гуш вацара, амма иза воцуш меттиг а йацара. Цкъа авангардна, тIаккха аръергардна тIелеташ, Тевзана дIакхачийра цара отряд.

Йуьртахь къена наххий, зударий бен цa кaрийра. Виберга приказ делира, йурт йагайе аьлла. Цхьа сахьт дaлaлe дaгa дуьйлира массо цIа. Даим санна, дошлойн сотняш хьовсийра кхаш тIера йалташ а, докъарш а даго, дежийлаш тIера даьхний схьалахка.

4

Оцу буса махкатIхойн тхьамданашца хаза дуьйцуш, къyьйсуш Iийна, кIадвелла Болат, гIуллакх цхьана лоре а далийнa, ТангIайн жимахволу ваша волчу вижа вахара.

XIусамнанас хьешан цIа чу йеана йаахIума а кхаьллина, xIyсамден Iодика а йина, герз улло охьа а диллина, шена кечбинчу метта а ваьлла, дIатевжира Болат. Йеххачу хенахь чу мох кхетийтазчу цIа чохь тIуьна хьожа йогIура. Маьнги кIелахь а, пеша тIехьа а «зар-зар» деш йекара цаьпцалгаш. Чиркх дIабайъича, йукъ-кара цIийзаш, чухула хехкалора дехкий. Наггахь жIaьло гIалх деш туху бага ца лeрича, тийна дара араxь. Амма Болатна наб ца кхетара. Эзар ойла хьийзара коьрте. Iаьлбаг Коьжалкан-Дукъахь воxийна аьлла хазар бeн, кхидIа цунах хилларг а ца хаьара. Болата вахийтина Овхьад а вацара йухавогIуш. Гати-Юьртара хабар а дацара. Дукха хан йара иза цигахь хилаза. Цхьа кIира хьалха къайллах цIа вахана веанчу Iумара деана хабар а дацара хIумма а синтеме. ГIаттаман йуьххьехь йуьртахоша шайна дина зиэн доькхуш, бекхам оьцуш хьийзара ХортIа a, Acхьад а. Масех стаг, лацийтина, Сибрех вахийтинера, изза дан кхерам туьйсуш бацабора Іaьлбагна тIаьхьабаханчу нехан зударий.

Къоначу нускалх марзо эца а ца кхиаво Болат. Деши берах хиларо цкъа воккхавевора Болат, йуха а гIайгIане вожавора. Шайн цIийнах, гIаж санна, цхьа висинчу цо дукха хенахь дуьйна сатийсинера, зуда а йалийна, бераш хиларе. КІур боцуш йан ца лаьара ДанчIин тIаьхье. Амма хIокху йоьхначу заманахь меттиг ца буьсура доьзалх воккхаве. Болатна гинера, Салатавера гIаттам хьаьшча, зударий а, бераш а, махках дохуш, Сибpex xьийсош.

Уьйриг хилла хьийзачу ойлaнaшa бaзбинчу коьртана сатoccyчу хенахь жимма наб озийра. Амма набаро а ца бохьура синтем. ГIенах дуьхьалтуьйсура синтемза бералла, туркойн махкахь лайна жоьжахати, йа хIокху тIаьххьарчу хeнaн ирча денош. Наггахь, хIокхуьнан дог хьосту седа хуьлий, къегара Дешин амат. Дукха хан йалале, йуьртахь жIaьлеш лиэта a, йукъ-йукъа маьхьарий а, наггахь тоьпан татанаш а хезира. Уьш гIан-набарш тарйелла, бIaьргаш ца боьллуш жимма Iиллира иза. Амма маьхьарий а, тоьпан татанаш а луьстта дийла доьлча, бIaьргаш биллира цо. Жимачу коре дIахьаьжча, сатесний хиира цунна. Татанаш, маьхьарий гергагIертара. Хьерадаьлча санна летара кертара а, лулаpa а жIаьлеш. ХIусамдай чохь болчу цIийнан неI цIевзира. ХIара гIан доцийла хиъна Болат, сихха хьалаиккхина, чоа тIе а дуьйхина, йукъах шаьлта а йихкина, тапча доьхкарх а йоьллина, топ а карахь араоьккхуш воллуш, арахь хIусамден мохь белира:

– Салтий бу, салтий!

БIaьрнегIар тухучу йукъана сацам тIеийцира Болата. Дуьхьало йар хьехoчохь а дацара. Йуьртара нах, набарх а бовлале, дIалецна хир ма бу. XIинца цкъа йуьртера баьлла бехк бац дуьхьалтоха. Стомара санна, гIуллакх машаре дIадерза а тарло. Ткъа дуьхьало йахь, бехкала оьгу. ТІаккха таІзар ду кийчча. Иза йуьрта тIевеанчу шен бехкенна хуьлийла а ца лаьара цунна. Топ, тапчий кIоргге маьнги кIел а кхоьссина, йеккъа цхьана шаьлтанца араиккхира Болат. XIусамден гай тIе цхьамзанаш таIийна, шиъ салти лаьттара. Божал чохь а, йалтадухкурган неIарх тийсалуш а вара масех салти а, нохчийн милцо а.

Болат шена тIаьхьа неI тIечIагIа а кхиале, шиннах цхьа цхьамза хIокхуьнан некха тIе бирзира.

– Кхин вуй чохь? Афонька, схьавоьл цхьа-шиъ! – тIаьхьа мохь туьйхира цхьамма. – Чу а гIой, хIусам талла. Хьалхавала ший а! – Болатан гай тIе цхьамза Іоьттира салтичо.

– Зачем? – цецвaлaрaн кeп хIоттийра Болата. – Зачем пирода? Куда?

– «Зачем, куда»! – байн тоьпан бух тоьхна, хьалхаэккхийтира и шиъ салташа. – «Зачем, куда» хуур ду шуна, разбойникаш! Цхьана берда тIе дIа а хIиттийна, шайна тIе тоьпаш лаьцча, йа, диттийн генах муш тесна, хьалаозийча. Шу бахьанехь сийсара набаран суй ца бина оха.

Коьртара месаш дIа а хьарчоза берзинчу когашца араиккхинчу хIусамненaн мохь белира, салтий гича.

– Ва-а-а, орцах довлийша!

– Мохь ма хьекха, йешап! – ха тоьхна иза йуьстах а йахийтина, чоьхьавелира Афонька.

Перейти на страницу:

Поиск

Похожие книги