— ХIа… Ширвани!.. Ламара шен шичошца кхузара бутт хьалха цхьанхьа — м кхелхина бохура… Тахана со йуха a гIyp йу хатта.
— Дийна хилар хиъна а дика ду… — Ширванин йуьхь къегира…
Садайча, сингаттаме хабарш хезна, веъна Махьмудан шича Эласий а волуш, кехат санна кIайвелла, чуиккхира Хьамзат:
— Хьамад вийна!..
Массо хьалагIаьттира:
— Муха? Маца?
— Тхо Сопла волчохь Iаш, чувеара «Беха мара» цIе йолу, тхоьца балхахь волу кхин урка, дикка вехна а волуш, шеца кхин цхьа накъост а валош. Соплина тIевогIавелира иза:
«Кху чагIалкхаша вайн оьрсийн цIий муьйлу! Хьо кхарна мийлош Iа!..» «Оха мийриг-м къаьркъа дара… Охьаховшийша, хабар ца дуьйцуш»… — элира маслаIате Соплас. «Беха мара» цунна чукхоссавелира:
— Хьо вохкавелла кху акхарошна! Хаьий хьуна, хIай къутIа, цара хIинцале, кхана марха достуш, шайна гIурбанна диэн вайн оьрсийн бер лачкъинийла! — аьлла, цо Хьамадна тIе урс хьошшехь, Соплас цуьнан куьг дIалецира. Вукхо, Соплина тIехьашха урс тоьхна, и охьавожийра. ТIаккха Хьамада, хьалаиккхина, цунна тухушшехь, «Бехачу маро» Хьамадна а букъа тIехьахула финка дахийтира. Ас и ший а урка тIаккха вийра. Милици а тIекхачале со схьавеа…
— Ой-й!.. Хьо доьхна гIуллакх! — корта ластийра Махьмуда. — Эласий! Ахьа, гIой, лулахой кечбе! ДIахаийта! Ледара ма хила! — Эласий дIавахара.
— Вай хIинццехь кечдала деза! — элира Керима. Кораш, неIарш, ков, ринжа дика тIечIагIдира. Дагарш, аьчка вабанаш, белаш караийцира. Корехула урамехьа хьийса охьахаийра Селисат, Хьамзат.
— Хьуьлла гулбелла!.. — элира Селисата.
Керим, Махьмуд дIахьаьжча, урам баьсса хийтира, амма ураман дехьарчу маьIIехь, Новостройкин майда йолчухьа, гуллуш йоккха адамийн оьла хаалора, «Сокольни шахтехьара» а, Сталинан урамехьара а схьатIеоьхура. Адамийн оьла, керчаш, кегара. Кор диллина хьаьвсича, схьахезира маьхьарий, узарш, аьчган татанаш…
— Леташ бу! — элира Махьмуда. Ведда, керта вахана, шен цIахь дIахIоттош йолу, цIейойу йоккха машен лато хIоьттира.
— ХIан-хIа! Хьо гIyp вац цига! — тасайелира цунах Селисат. — Со берашца байлахь йита воллу хьо! Хьо вуьйр ву, гIахь!
— Вехь a, гIyp ву!..
— Селисат, хьо чохь Ie, гIopaш дика дIадохкий, тхо цига ца дахча ца довлу! — аьлла, Хьамзат а, Керим а, Ширвани а, Махьмудца машенахь дIабахара.
ХIорш дIакхаьчча, Новостройкин майданахь, беттан серлонгахь сих-сиха лепара белаш, дагарш, вабанаш, цхьацца аьчкаш. Оьрсийн а, нохчийн а маттахь детташ маьхьарий хезара: леккха хIаваэхула, батто серла а дохуш, адамийн кортошна тIехула дIасаоьхура даккхийра тIулгаш, «гIаппийнехь» тIе а детталуш. Къоман билгалонца шина декъе а бекъабелла, оьрсийн цIарах гIевттина урканашший, кхузара нохчий вовшийн йоцу чIир оьцуш бара.
ТIом чекхбаьллачул тIаьхьа, Сталина а, Берияс а, арайаьккхина амнисти, йа пачхьалкхана а, йа халкъана а пайдехь йолчу aгIop йоцуш, мелхо а, урканийн, уголовникийн аьтто боккхуш нисйинера: уьш эзарнашца лецначуьра схьа а хецна, баьржира гIаланашкахула къоланаш, зуламаш карладохуш, Ткъа цхьа а бехк а боцу, йийсарехь хиллий, политически нийса баций, бохуш, лецнарш Iазапехь бахка битира, махкана а зен деш.
Цул сов, тIехула къаьмнашлахь барт а кхайкхош, чухула ма-хуьллу и барт буху aгIo а дIакхоьхьура Сталина а, Берияс а, массо сталинхоша а: цкъа-делахь, советан къаьмнаш, чинехь доькъуш санна, дийкъира цара бес-бесарчу дарже дерзош, цхьа къам — «воккхаха волу ваша», важа къам — «жимаха ваша», аьлла, цIерш а техкина. ТIаккха иза а ца тоьуш, Советан Iедална йамарт хилла аьлла, тIе цIерш а кхоьллина, Советан кхечу къаьмнийн царах безам а бойуш, къиза махкахдехира дуккха а къаьмнаш. Оцу махкахдаьхначу къаьмнашна дуьхьал, уьш тIеттIа сийсаздеш, шайн агитаци саццанза дIа а кхоьхьура сталинхоша. Цара тесначу оцу xIyx даьлла дIовш дара тахана Лениногорскехь, Новостройкин майданахь, кхехкарг:
— ТIетоха! Ма кхоае и нохчийн чагIалкхаш! — мохь беттара цхьамма.
— ТIетоха, дIайаха оьрсийн хьакхарчий! — мохь беттара вукхо!
Лакхарчу кхетамехь болчеран ницкъ кхаьчнехь а, сталинхойн питанан дуьхье кхиан, цуьнан дIаьвшах лардала, амма кхетам лахарчу тIегIанехь бисинчеран, къаьсттина утоловникийн а, кетаркочийн а — шайн къомах тасаделларг деган лазамца тIеэцан бен, — и нийсачу aгIop тидан йа хьекъал а, йа собар а ца кхочура. Уьш бара тахана, шайна цхьамма а тIедиллина а доцу гIуллакх — къомаллин йахь а къевсина, вовшахлетарш, йа вовшашна хIинццалц дина зулам а доцуш, йа вовшийн цIерш а ца йевзаш, йа ур — атталла, вовшийн муьлш бу а ца хууш, вовшийн къиза бойурш, акхароша санна, хьере маьхьарий а детташ:
— ХIаллакье чагIалкхаш!
— ДIайаха хьакхарчий!..
Маьхьарий… цIогIанаш… Узарш…