— Ца вала… аса… йуххехь Iохкучу… беллачеран пхьаьрсах а, белшах а дилха диира… Ца леш висира… ГIаьттина, вахара… CaгIa а доьхуш, лийлира кхечухьахула… вехха. ХIинца, Сталин велча, кхуза вухавеъна, хIокхунна и ца дита!.. — элира курдо.

Керима доккха садаьккхира. Чоьхьара цхьамма-м залан неI, гIорттош, тIечIегIира… Кестта КеримгIаьрга чукхайкхира. XIopш чубевлча, дехачу гIанта тIехь, суьдана дуьхьал хиъна Iа, цIена маж а йаьшна, тIехь а цIена Еланцев вай-й велакъежира кхарна.

Суд йах ца йелира: Еланцевна йерриг а тоьхна хан «15 дей-буьйсий» йара, цо, нах а болчохь, пачхьалкхан меттехь маьттаза мотт лебарна. ЙухавогIуш, Керим хIинца а ТавсолтагIеран чу хIоьттира:

— ДIахаалда хьуна: Сталин велла, хьуна, верриг а, цинц буха ца вуьсуш! — элира Керима чуволлушехь Тавсолте…

Доцца дийцира суьдехь хилларг.

— Далла хастам бу!.. ХIинца-м кестта цIа дахийта а мега вай! — элира Тавсолтас.

* * *

Кхин а ши кIира сов хан йаьлча, ТавсолтагIеран неI туьйхира. Селитас, тIейахана, схьайиллира. Еланцев вара неIарехь лаьтташ: цIена дуьйхина, шляпа а коьртахь, галстук йихкина, карахь хаза Iaca а йолуш.

— Схьачувола! Марша вогIийла! Суна вевзира хьо, накъост Еланцев, — элира Селитас.

— Суна хьо а йевзира, Селита! — аьлла, куьг делира.

Нурседас а:

— ПаргIатваларца декъала хуьлда хьо! — аьлла, куьг лецира цуьнан. Кестта Керимца чувеанчу Тавсолтина а хазахийтира хьаша веъна. Селитас кечдина чай хьалха диллира…

— Шу махкахдаьхначу шолгIачу дийнахь со вахийтира отрядца ломан кIотаршкахула, цхьаццанхьа бухабисна нохчийн доьзалш вовшах а тухуш, охьабаха. Сан отряд дIатуьйхира, Грозный-гIалара ваийтинчу, ширчу чекистех волчу Коленкин ротех, и коьртехь а волуш… Бухабисна доьзалш-м наггахь а бацара… Тхан декхар хилира, дIабаха ца лууш, герз а карахь бевддачийн гIеранаш схьалецар, йа йайар. Масех кIиранах а лийлира тхо, уьш лоьхуш. Царех цхьаберш, къаьсттина майрабевлла, шаьш тIелетара тIехьашха эскархошна, бийшина Iохкурш а ца кхоош.

Къаьсттина багайахна йара Сату коьртехь волу гIepa… Цо, четарна чу а иккхина, бийшина Iохккушехь байинера салтий а, лоьраллин болх бен зударий а.

— Хьай, йовсар йаI!.. Зударий а байинера, тов! — элира Тавсолтас.

— Амма тхан командир Коленкин ша а вацара «дидийчех»… Шара — Органехула тхо, цигахь бухабисанчех гулбина цхьа-ши доьзал, стерчийн вордана а хаийна, охьабалош догIуш, суна гира, тхо тIай тIе кхаьчча Коленкина, тIекхайкхина цхьана-шина салтичуьнга лере цхьаъ-м аьлла, цу-шимма вухавахана, хьалхара сту, тоьхна, тIай тIера чу а харцийна, цунна тIаьххье и ворда а кIоргге чуйахара, тIерачу берашца, зударшца, баккхийчу нахаца… Ас и дIадийца сайн дагахь дитира… Цул тIаьхьа, тхо чIожах чекхдовлуш, тхо чекх а довлийтина, тхуна тIехьашха тIелетира цхьа гIepa. Царна хьалха кIайчу говрахь, Iаьржа верта а кхоьллина, цIечу башлакхца, буйнахь маузер а лестош, цхьа зуда йара, омра деш:

— ТIетох!.. ТIетох!.. Ма кхоабе! — бохура.

— Кхокха йу!.. И Кхокха йу!.. — элира суна йуххерчу сержанта.

И цIе хIетале цигахула йекаш йара: Кхокха гIарайаьллера къиза а, майра йу бохуш. Дуьйцура, цо ша шен майра, шен буьйр кхочуш ца дича, гIерана хьалхха, тапча а тоьхна, вийра бохуш. Цигахь тхайх вийна масех бIаьхо а витина, Коленкинна а йай-й чов а хуьлуш, тхо халла кIелхьарадевлира. Цул тIаьхьа Коленкина, Галан-чIожахула тхо лелаш, цигахула цхьаццанхьара оха схьагулбина, бIе гергга зударий, бераш, баккхий нах, цхьана йесса йисинчу школа чу а лаьхкина, тIехула неIарш ондда тIе а чIаьгIна, цIетесна багийра дийна боллушехь!.. Маьхьарий!.. ЦIогIанаш!.. И суна дицлур дац цкъа а! Хьалха цо уьш цу чу гулбеш, «кханналц буьйсайаккха, шелонгахь ца бита» элира — суьйре йара. Чуьра пешаш лато, аьлла, амма цIейилла дагалаьцна йаго хIума а цаьрга шайга схьалахьайайтира цо гондIахьара… Виц ца ло суна цхьа бутIаз: «Хьажал! Ас дуккха а гулдина», — бохуш, марахь ча дахьаш вогIу… ХIинца а дуьхьал лаьтта… Сан собар кхачийра!.. Со ведда Грозный-гIaла а веъна, тхайн хьаькмашна тIе вахара… Дийцира… Йаздайтира! Таллам болийра… Амма Коленкина, вуно атта, тешаш а xIиттош, со кIелвитира: шина салтийчо тешалла дира, сту ког а тасабелла, ша чубахара аьлла… Школа чу гулбина нах а, шаьш пеш лар цайарна, шайн ледарлонна цIе а йаьлла, багар чIагIдеш а, масех теш кечвинера Коленкина. Со таIIийна чувоьллира: суна дуьхьал таллам болийра…

Грозный-гIалахь со набахтехь волуш, цигахь Сату а гира. Иза — шен йуьхьсибатца и хилар соьга чIагIдайта со чувигнера талламчо.

— ХIинца идда ваьллий хьо, стешха кIилло! — тIечевхира талламча, куьйгаш а дихкина, шена хьалха лаьттачу Сатуна…

— Со шух идда вац… Со шуна тIаьхьа идда… Сох стешха кIилло ма ала! — жоп делира Сатус.

— Ву хьо стешха кIилло!.. Бийшина Iохку тхан салтий а бойуш!..

— Ткъа дийна боллушехь аша багийна тхан зударий, бераш?!. И шайна иштта дуьсийла лаьара хьуна! — аьлла, Сатус талламчин йуьхь тIе шеташ туьйхира. Талламча ша лаьттачахь:

— ДIавига и карцер чу… Ас кхана Iуьйранна гойтур ду хьуна, кIиллo! — мохь белира талламче. HeIcaгIe дIакхоччуш, Сатус, вуха а вирзина, кхоьссира талламче:

Перейти на страницу:

Поиск

Похожие книги