— Мукх хьалххе дуьйна карабирзина… и тхан латтанаш тIехь зеделла йалта ду. Дика хьекъа иза xIop шарахь а. Дохнана дика докъар а долу цунах. ХьаьжкIаш кхузахь муха хир хаац. Мелхо а, вай декхарийлахь ду мукх буьйн меттигаш кхин а шорйан. Оцо бен вайн докъаран бух кхачамболлуш чIагIбийр бац…
— Ткъа хьуна хаьий, иза-х радиос а дуьйцу! Цхьана гектара тIера хьаьжкIаш буьртигахь оьзча, мекхал шозза а, цкъацца кхузза а сов хуьлийла? — ша Iаччуьра йукъакхоьссира Нурседас.
Хьажайуккъе шад а хIоттийна, Аскеров чугIоьртира:
— Тхан латтанаш тIехь ца хуьлу иштта… xIapa Украина а, йа…, хьуна ма-хаъара, Кавказ а йац!
Нурседина хаьара, ша хIинца йистхилахь, дов хир дуйла. Цо собаре элира:
— Докъарх жоп лучу хьуна-х хаа ма дезара и.
— Хьо йара тхуна хьехаза йиснарг!.. «Радиос дуьйцу»… Латта довза деза цкъа хьалха!.. Лакхайала гIерта хир йу хьо… «Новатор»!
— Вайн колхозан гIуллакх лакхадалийта-м гIерта… цхьаболчу «лакхарчийн» хIуьттаренна! — ца Iиелира Нурседа.
— ТIехйаьлла хьо хIинца!
— ХIинца бен тIе а ца кхаьчна… коьрта долчунна! Правленис къастор ду! — Нурседа тешна йара ша бохург нийса хиларх.
— ЧIогIа хьаьжкIаш дагайоьхна-кх хIокхунна! — эккхийтира цхьамма.
— Ца кхета хьо? Ша гайта гIертий и-м, хIинца хьаьжкIийн «мода» йолу дела, — бIаьца йира Аскеровс накъосте.
Нурседа IадIийра. Колхозан агрономо Лутценкоссий, парторго Довлетжановссий, кхин шиммой къобалдира Нурседас аьлларг, амма колхозан хьалхенча Истамбаров Уали а, правленин кхин ши член а, тIе Албастов Керим а царах кхетта, уьш совбевлира.
— Нийса-м дац сацийнехь а! — элира Нурседас.
— Ахь хIун дей, хьайна лаахь: шун звенона йеллачу ткъе пхеа гектара тIе хьаьжкIаш йе, — ца вешаш велакъежира Аскеров. — Гайта тхуна, шайн уьш муха хуьлу!
— Йе-те! — тIетайра Истамбаров а.
— Йуьйр а йу, гойтур а ду! — уллорчу Кериме дIа а ца хьожуш, арайелира Нурседа. Тавсолта, схьа а кхетта, йоIаца цIа вогIура. ТIаьхьакхиира Керим а.
— Хьо, мукъна, хIунда велира цаьргахьа… хьаьжкIаш толар хьайна хуъушехь?
— Нурседа! Кхузарчу лаьттан хьал вайна, баккъал а, ца хаьа! ХьаьжкIаш кхузахь лелийна а ма йац. ЦIеххьана уьш ца хилахь? Бехке вай дийр ду…
— ТIех ларвелларг — тIаьхьависина… Ас гойтур ду шуна и-м, бIаьста ма-йелли!
— Гайта ахь! И бакъо йели хьуна, — Керим дIакъаьстира.
— ЙоI, хьайн бала боцчу ма кхийда!.. Хьайн декъа тIехь дика болх а беш, IадIе. Сих ма ло… Ойланза динарг пайденза дуьсу!.. Ма къийсало! — луьйра Тавсолта.
— ХIунда ца къийсало, дада? Вайна а бай колхозан бала-м! Нийсаниг къовса деза!.. Ца къевсича, гIуллакх дIа ца доьду, дада! — кIедо тIетуьйхира йоIа…
И гуьйре а, Iа а дIаделира…
Байлаттанаш карадерзоран гIуллакх бIаьста кхин а айдира. Казах — Кюльна тIехьа Iохку байлаттанаш карадерзо Россера а, Украинера а, Закавказера а сов дукха кегийрхой кхечира. Сиха дебара ханнийн цIенош, четарш, гIишлош: «Абайн» цIарах йоккха совхоз йиллира, йалтий, даьхни лелор а, чIерий дахар а тIехь долуш. Комаьршша схьахийцира пачхьалкхо киралелон машинаш, тракторш, йуьртбахаман техника, кхиболу гIирсаш.
«Джамбул» колхозана уллохула цига кхаччалц жагIанан некъ биллира чехка. Тохара буса бодане лаьттинчу Iоман агIонехь хIинца хин куьзга цIерашца лепадора электрически стогарша.
БIаьстенца чекхделира керлачу планехь оханаш дар а, йалта дер а… Аьхке кхехкачу хенахь хабар делира: байлаттанаш карадерзоран гIуллакх муха доьду толлуш, луларчу областашкахь лелаш ЦК-н комиссеш йу аьлла. «Хрущев а ву цаьрца!.. Кхуза а кхача мега!» — бохура. Цхьанна а ца хаьара и билггал, амма xIop бригада, колхозник тIетаьIира кечамна. Некъан йистошкара къух дIадаьккхира. Дитташна кир туьйхира. Дешархоша, арыкаш цIандеш, дIайехира массанхьара а йараш. Лурчах йан йоллийнчохь йисина зIакардаьхнилелон ферма хIинца катоьххана чекхйаьккхира; шайн-шайн керт а цIанйина, къагийра бахархоша йерриг йурт! Къаьсттина тIетаьIира колхозхой йалтийн аренашкахь. Аланза йохьебевлла, и аренаш цхьана кIиранах самсайехира цара.
Хаза лаьттара денош а. Нурседас, сарралц чу ца йоьрзуш, шен белхалошца тайира шайн аре. Тахана а Iуьйранна дуьйна йоллура и хьаьжкIашна йуккъехь, чу а йахаза, шен сийна косынка, лаба йеш, хьалха а оьзна, бухадисина асарш дIадохуш. Селитин звено а йуккъе оьзна, шорйинчу Нурседин бригадехь дукхахберш хьаьжкIаш дика йевза нохчий бара. Луценкос шайна ма-хьеххара, беакIов бенан хормехь йийнера цара хьаьжкIаш. Нурседа йоккхайеш аренга хьоьжура: лаккха хьалайахана хьаьжкIаш, мохехь сийна дехий лергаш а лестош, шабарш деш, вовшашна тIетеIара, луьйдиг йаьттIачохь, дашо церг санна болу, можа буьртиг а оьхьуш.
«Хьаьнгга а гайта мегар ду хIорш-м!» — бIаьрг буьзира бригадиран. Бакъду, церан майданна йисттера дуьйна, доза билгалдеш, йуккъехула бецан кес а даьккхина дIайоьду, мукх а, кIа а дийна аре-м йара бIаьрг Iабош: лакхадаьлла и йалта, йоллу аре дIалаьцна, мело хьоькхучу мохехь, хIорд санна, техкара, сийначу тулгIенийн моханаш а йетташ. Сехьарчу йистехь, шен белхалошца, малхехь верриг ватта а велла, кху кIиранах а чу ца воьрзуш, воллура Аскеров а.
Нурседина тIевеара иза.