И волчу церан цIа ваха дагалецира Керима, хьалха ша цуьнан цIахь хилла вацахь а, хIинца цунна тIехIоттар шен декхар хетта: хIуъа дийцича а, цхьана къомах а, цхьана хьолехь а, вовшийн цIе йевзина а вара. Кериман дагахь даим а кхин xIума а дара: цуьнга 1937-чу шарах лаьцна хаттар дан. «Оцу муьрехь НКВД-хь доккхачу хьаькамаллехь а лелла, ша лацаза а висина, чекхваьлла ма ву иза… Ма дукха хаьа хир ду цунна… ХIинццалц и ца ваьхьнехь а дийца, хIинца таро а ма йара цуьнан», — бохура шен дагахь Керима. Керимна, коьрта долчунна, хьалхара хаа луург дара: «Цу къизачу муьрехь, эзарнашца бехк боцу нах а, шаьш вовшийн а цара хIаллакдечу деношкахь, НКВД-хой шайн ойла муха хилла-те, уьш тешаш а хиллий-те шаьш хIетахь лелочух?»…

ХIусамнанас Идрисов гIалитIе лоьрана тIе вахна ву а аьлла, вухавирзира Керим…

ЛАТТА

ДIауьдура денош… Iуьйрре, дена йуург а лой, ши йиша цхьаьний балха йоьдура, ши бер школе а кхетош. Йуха цхьаъ балхара а йолий, хан ма-кхеччи, уьш школера цIа даладора, дуза а дой, йа итт шо кхаьчначу Джамбулан Iуналлехь дуьтий, йа лулахойх тешадой, йухайогIура, вукхунна кхалла хIума а йахьаш. Цкъацца, йуург а йицлуш, маьркIаженга а болура болх. Йай хьегIара гIелйелла меженаш, амма, кIеззиг садоIIушехь, къоначу дегIо йуха а дIаозавора Iеминчу балха. Лаьттаца долу гергарло, цунах куьйгаш деттар доггах марзделлера йижаршна.

Цунах ойла а ца йеш, хIинццалц тидамза хьешна xIapa Iаьржа латта хIинца кхечу сибатехь хетара шинне а. Лаьтто латтош хиллера дуьнен чохь мел дерг, дуьненна мел оьшург. ТIаьхь-тIаьхьа тIеттIа гучудуьйлара йижаршна цуьнца дохку тамаше хIуманаш. Цуьнан Iаьржачу бага кхоьссина буьртиг лера, амма йухабоьрзура бIозза дебий. Шен хама бинчун пусар деш, дист хуьлуш дацахь а, шена дечух кхеташ, хьекъале хетара хIинца латта. Цуьнан бос а, хьалха санна, массанхьа а цхьана тайппана сингаттаме ца хеташ, мелхо а, шен-шен меттахь шатайпа хийцалуш, шеран xIopa муьрехь а кхечу куьцехь гора.

Нахаро бал харцийначохь, аьлха санна, и къегаш дайча, схьа а эцна, керайуккъехь хьен дог догIура. Дерриг аьхна, дIадийна а даьлла, иза Iаь а гIуьттуш, малхехь, Iаьржо лепаш гича, йоккхачу садаIа дIатевжинчу, беркатечу гомашах тарлора Нурседина. Гурахь шен беркат адамашна дIа а доькъий, иза, дерриг дерзина а долий, эсала схьахьаьжча, Селитина тарлора цхьаволчу, йуьхьан бос Iаьржачу, амма, шех нахана даьллачу диканах воккхавеш, сирла велакъежинчу стагах. Iай и дерриг а лай кIел а дахана, гIap ийна дIатийча, чIогIа тарлора шинне а, кIайн юргIа тIе а тесна, садаIа дIатевжинчу, туьйранахь вуьйцучу цхьана воккхачу, дог дикачу нартах. Хьалха санна, мотт боцуш а ца хетара и хIинца: иза даима а саццанза луьйра шена тIехь болх бечаьрга аз доцчу, хезаш боцчу, амма церан дегнаш шех кхуьучу маттахь. Цунна оьшург, цуьнга ма-хьаьжжи, хаьара иза дезачарна, бIаьргашна а хезара, йаздинарг санна. Йешча а ца кхачало, дахаран бух боцу книжка хетара латта. Адамашна дика мел дерг Iамош, церан амал а собаре кхуьуьйтуш, нийсон чам а царна бовзуьйтуш, адамийн оьздангаллин Iу хиллера латта.

«Дуьнен тIехь мел долчун диканан нана — латта, да — болх бу», — бохучу, учебник тIерачу кицанах а хIинцца буххера кхеттера ший а йиша. ХIинца, дерриге кхин мел долчел а тамаше хетара шайн когашна кIелхьара шаьш бен доцуш хьоьшу Iаьржа нана-латта. Маьрша а, могуш а волуш, цуьнца вахар, цуьнца болх бар хиллера бакъдолу ирс. Цундела дог а догIуш бора цара шайн болх. Церан йаттайелла йаххьаш кхиинчу кIен басахь йогура малхехь. Шайн болх хала а бу, бах а ло, олий, цкъа а ца Iаьткъара царна…

Тавсолтин болх-м, иштта бах а ца лора. Тахана а хьалххе ваьлла парггIатчу боларехь вухавогIура иза. Гуьйренан де мело деанера. Колхозан правленига нисвелча, гIовгIa хезира. Чувирзира.

— И хIун ду? — хаьттира цо неIаре гIертачу къеначу казахе.

— Лулара «Интымак» колхоз вайчух туху. Цигарнаш а бу баьхкина.

— A-а… — кхийтира Тавсолта, — и дийр ду бохуш, хезнера.

Ший а, чу ца волуш, сени чохь ладоьгIуш лаьттара. Цхьанакхеттачу правленис сацийра: вовшахтоьхна йоккхайинчу колхозан цIе «Джамбул» йитар. ТIаккха дийцира тIейогIучу бIаьста кхин ши бIе гектар байлаттанаш ахарх лаьцна.

Ирахь латта кIордийна, Тавсолта неIарх чухьаьжира. Къамел дан хьалагIаьттира Нурседа. Да неIарал арахьа сецира, йоI къамелах ца йохо.

— ХIинца ши колхоз вовшахтоьхча, вайн декхарш кхузза совдовлу. Шиннах цхьаъ йан а ца оьшура, цунах пайда шозза бен ца балахьара. Вайн даьхни дебор кхузза алсамдаккха деза. Докъар кечдаран план дикка лакхайала декхар ду. Ас цхьа гIуллакх тадо вайна, докъар кечдаран бригада стам а йина, цуьнан план кхузза сов йаккхар а, тIе, цу бригадина и докъаран йалташ дер тIедиллар а. Газеташа а тадо, Украинехь, Кавказехь санна, алссам хьаьжкIаш йер. Уьш докъарна а тоьлу. Оцу байн латтанех, мекхана хьажийнчун эха тIехь а, мекхан меттана, хьаьжкIаш йен йеза!

Чохь гIовгIа йелира. Нурседа охьахиира. Аскеровс дуьхьало йира:

Перейти на страницу:

Поиск

Похожие книги