— Хьанна хаьа?.. Шега аьллачунна тIе куьг а теIош, Iийна хир ву-кх…
— Аш хIун дуьйцу? И-х велла дукха хан йу, — гонахарнаш йуха а бийлабелира.
— Миска йаI! Вехаш а, ву-вац ца хаьара, хIинца велча а ца хаьа…
— Цуьнан цахилар, дера, дара иза-м… Сталина шен зуда чуйоьллича а, вистхила ца ваьхьна…
— Делахь а, цо вайн къомана тIе цкъа а нехаш-м ца хьаькхира, Ждановс санна.
— Цул а, Гамзатовс санна, алахь! — йукъагIоьртира, хIинццалц ойлане Iийна, бIаьргех пенснэ-куьзганаш дохку, Фрунзера кхузахьа хьошалгIа веъна, историн хьехархо Тухан Фаргизов.
— И мила ву?.. — корта хьалаайира цхьамма.
Массо а цецхилира.
— Вайн дIегIастанхо ву-кх… Вайца вошалла догIучу суьйлин къомах…
— ХIетте а Москвахь ша арахецначу книжки тIехь цо йаздина имам Шемал «нохчийн борз», «гIалгIайн лаьхьа» хилла бохуш, цуьнца цхьаьна вайн къам а бехдеш, — дуьйцура Тухана.
— И ма тамаше хIума ду…
— Дан-м ду… Делахь а, кху тIехь инштта-м йаздо цо, — шен кисанара схьайаьккхина, жима книжка схьауьйхьира Тухана… — Имам Шемал шайн суьйлех хиллашехь, иза вайн къомах волу сурт a xIoттош.
— Вайна схьалуш ву-кх хIинца!.. — эккхийтира цхьамма.
— Валийта! — элира Тавсолтас. — Вайна къонахий оьшу! Тохара цара и цкъа охьатесча а, вай схьаийцира. ХIинца а вай схьаоьцур ву. Кхин дIалур а вац! — шен дош тIечIагIдира цо.
— Мила ву и ван, цу тайпана йаздийриг? — хаьттира Тавсолтас.
— Шайн — суьйлех… ЖIай ву…
— Эхь а ца хетий хIетте а, имам Шемал а ма хилла жIай! Хьаьж-Мурд а ма хилла жIай! ЖIай вайн ДегIастахь лоруш къонахий ма бу… Эхь ма ду и… Баккъал а вуй-те и йаздийриг жIай? — йуха а хаьттира Тавсолтас.
— Ву… ГIараваьлла жIайн йозанча ву…
— Ма тамашена ду и, жIайн амалехь хIинццалц ду олуш а ма ца хезнера ор чу воьжначунна тIе тIулгаш кхуьйсуш…, мелхо а чу лами кховдош дара-кх ламанхойн Iедал… Ма эхь ду иза! — корта ластийра Тавсолтас.
— Делахь а, цо бехказвуьйлуш, эхь хета шена, бохуш, жоп а даийтина, вайн йаздархоша, Базоркин Идриса, Яндиев Джамалдас, Муталиев Хьаж-Бекара шега, бехк боккхуш, дахьийтинчу кехатна дуьхьал… Цхьадолчу aгIop иза цуьнгара йаьлла къонахалла а, дера, лору аса-м, — элира Тухана.
— Атта лору!.. — корта ластийра Тавсолтас. — Гой хьуна, цо вайна ша аьлларг дуьненна а хозуьйтуш, мохь тоьхнна аьлла, ткъа ша бехказа волуш аьлларг цо, нахана ца хозуьйтуш, вайн лере а таьIна, шабарца вайгга аьлла, мацах: «Диг хьенан дайна шун?» — аьлла, кхайкхийначу моллас санна, — тIетуьйхира Тавсолтас.
ГондIарнаш тIетайра.
— Бакълоь Тавсолта! Бакълоь! — тIечIагIдира Рашида, хIинца иза собаре а, синтеме а вара, амма йуьхьа тIехь ойлане хетара. Эххар белшаш тIехь корта, меттах ца хьовш, богIабелира цуьнан, бIаьргнегIарш охьадийшийра цо, ткъа гоьлана тIедиллинчу цуьнан аьрру куьйган пIелгаш дайн дIасхьа дуьйлира: иза иштта хуьлура, цуьнан дага чохь цхьа мукъам айбелча.
Массарна а лаьара цо цхьа илли олийла, амма и цуьнга хьахор кху сохьта хотIехь ца хетара.
ЦIеххьана Рашида, шен аьрру куьг лере а даьхьна, ша элира:
— Ас цхьа илли алий шуна? Бехк ма биллалаш… Iожаллина дуьхьал…
Массо дIатийра. Рашида дегийра дитташ тIера гаьннаш а, ладоьгIучийн дегнаш а, дукха хенахь дуьйна а хезна доцчу вайнехан иллица:
ХIай, шийла Iожалла, хьо стенна хьоьжу соь,
Iуьйкъенах терачу хьайн бесчу бIаьргашца?
Вуьшта а хаьа суна сол тулур йуйла хьо,
ХIетте а ас хьуна ца туху корта!
Хьо йацара жимачохь сан йалхо хилла,
МостагIий эгабеш, сан луур кхочушдеш,
Сан тоьпан йуьхьиго царна тIе хихкинарг,
Со гахь а йегаеш, хьуо суна йаьцнариг?
ХIай, шийла ва латта, соь буьрса ма хьежа,
Буьйсанах терачу Iаьржачу бIаьргашца!
Хаьа суна, маццаъ цкъа хьайн йист ахь гIаттор йуй,
Со дIа а хьулвина, йуха ваьштатоха.
Амма со цуьрриг а вегавац хьох а:
Хьо дац ас жимачохь, пурхенаш хедош,
Цу бергийн татанца сайн динца хьешнарг,
И лаьмнаш ас идош, цецдаьлла хьежнарг?
ХIай, маса ва зама, ма йетта сох шело!
Хаьа суна, ахь со а халкъалахь вицвийр вуй,
Iаламал тIехйуьйлу, лаьмнаш а дIашарде,
Массарел тоьлла хьо, сол а хьо тулур йуй!
ХIетте а со хьох а ца кхоьру, хIай зама!
Со вацара, ойланийн нуьцкъалчу тIемаш тIехь
Хийлазза жимачохь хьол хьалхавийлинарг?
Хьан а ницкъ хир ма бац со сихха вайа!
ТIехула йаьржина — бохь боцу и стигал,
КIелхула даьржина — бух боцу латта.
ХIетте а лаьтта уьш адам мел деха:
Уьш лаьтта, уьш лаьтта адамийн дегнаш тIехь!
Ша ваьлча, жимма ладоьгIуш а Iийна, Рашида дийцира:
— Цунах Iалсолтин илли олу. Амма сан кIентан цIарах дац и. Тоххара, Граждански тIом болчу хенахь, Нохчийчуьра тхан ГIалгIайчу веанера, Гикалогара цхьа пакет Орджоникидзега дIакхето, цхьа къона нохчо-партизан Iалсолта. Тхан йуьртахь, тхан хIусамехь Iийра иза, кIира доккхуш. Цул тIаьхьа кхин цкъа а дуьхьал а ца кхийтира и. Схьагарехь, и вара бакъволу илланча. И илли элира хIетахь цо тхоьгахь. Со хIетахь иттара ваьлла, амма, иллеш дезаделла, уьш Iамош вогIура. Цуьнгара Iамийра ас и. ХIетахь дуьйна диц а ца ло, амма наггахь бен-м ца олу — сов хала ду и…