— Эрна гIерта хьо, — забар йира цо. — Хьан «кукурузник»… хIа!.. Йуха а Сочехь ву хьуна… Итонца лаьтташ… кхуза вогIур а вац, — газета кховдийра Аскеровс.

Шайн йалтехьа корта ластийра:

— Муха хета хьуна?.. Хьо-х дуьхьал йара!

— Йацара те со-м царна дуьхьал… Ас мекхал хьаьжкIаш тоьлу бахара-кх… ХIинца а боху изза. Гой хьуна?!

— Гур ду-кх тIаьхьо: кIорнеш гурахь дагардо!

— Дика хьаьжча-м, уьш хIинццехь а го! — ца къарлора Нурседа.

Церан къовсар мел гена дер дара хаац, амма оцу сохьта, силам диллинчу боккхачу новкъахула схьайогIу кхоъ «победа», кхаьрга нислушшехь, асфальта тIера схьа а йирзина, шайн масалла ца лагIйеш, хецайелла кхарна тIейеара, ченан кIур оьккхуьйтуш. Охьабиссира кIайчу костюмашца, аьхкенан шляпанаш коьртахь, чено цIоцкъамаш а сирдина, районерий, областерий куьйгалхой.

Аскеровс, тIевахана куьг луш, маршалла хаьттира. Цаьрца обкоман хьалхара хьаькамаш а, лекхочу дегIахь, векъна, къено кхин цхьа стаг а вара.

— Накъост Вильянов — КПСС-н ЦК-н векал! — вовзийтира и райкоман секретаро. Вильяновс, коьртара схьабаьккхина, ченах цIанбира шен шляпа. Чан йиллича санна, сирбелла бара корта а.

— Де дика хуьлда шун! — тIевеара и, куьг луш. — КIай, муккхий-м сов дика хьийкъина!

Аскеров сихха Нурседехьа вирзира, и цунна а хозийла хьожуш.

— Дерриге а аш аьхна байлаттанаш хIорш ду?

— Ду-те, накъост Вильянов! Планаца деллачу дерриг а байлаттанаш тIехь кху бIаьста оханаш чекхдаха кхиира тхо, — гай тIехь ши куьг вовшахтесна, шен ма-хуьллу синтеме лоьра Аскеров.

— Дерригенна а тIе бохург санна, кIай, муккхий дийра оха! — тIетуьйхира баьхкинчаьрца тIевеанчу Истамбаровс.

— Ткъа хьаьжкIаш мел йийна аш?

Нурседа жимма схьахилира. Амма, шен шуьйрачу букъаца и дIахьулйеш, кхин а хьалха таьIира Аскеров:

— Ткъе пхиъ гектар.

— Кхин ца йийна?

— Тхан латтанаш тIехь муккхий, кIай дика хуьлура, накъост Вильянов, цундела, цкъачунна латта зуьйш, зенах ларлуш, кху шара хьаьжкIаш оццул бен ца йийра оха… ЧIогIа дикачу xIyx а ду оха дийна кIай, муккхий, — кIешкахьа вирзира Аскеров. И йоллу аре дIалаьцна, бIаьрг тIера ца баккхал, хаза техкара, кестта хьакханний бен ца деза кIай, муккхий.

— ХIетте а… Гой шуна, хьаьжкIаш а ма хьийкъи шун тIех дика. Ткъа мукх бийначу лаьттан эханна тIе, мукъна, уьш йийнехьара, мекхал шозза а сов хир йара… Цу тIе, гIодамаш а дуьсур дара докъарна! — элира Вильяновс.

Асарахь бохку колхозхой, метигаш, гаьмнаш карахь тIеоьхура, го беш. «Москвара ЦК-н векал кхаьчна!» — цу сохьта даьржинера. Шен метиг тIехьа а лаьцна, йистехьо лаьттара Селита. Гонах бара церан бригадера зударий, божарий: хIинцца схьакхаьчна тийна Джейран, йерстина Айгерим, мангалан куй тиллина Тавсолта, Керим, кхин нах а. Массо тата дайна лаьттара.

— Ткъа муьлш бу хIорш йийнарш? — хаьттира Вильяновс.

— Кхуьнан бригада ю! — Аскеровс, дIа а хилла, Нурседа гайтира.

— Сел кIезиг хIунда йийна ахь? — хьовзийра и Вильяновс, цуьнан карахь и дацар хуъушехь, цо а хIун олу хьажа. Аскеров, Истамбаров вулавелира.

Нурседа, лаьттан бIаьра а хьоьжуш, IадIара.

— Муьлхарниг йу шун бригада?

— Докъар кечдан, зударийниг… уьш…

— Иштаниг а йу?

— Йу.

— Болх муха бо аш? — къамел самадаккха гIертара Вильянов.

— Божарийн бригадаца къуьйсу оха… Цкъа тола а тоьлла, — элира Нурседас.

— Болх-м дика бора кхуо, — забаре йукъаиккхира Аскеров. — Амал вон йу-кх… гуттар къийсалуш!

— ХIан-хIа! Ма алалахь! И вон амал йац! — элира Вильяновс. — Йукъараллин дуьхьа, шен синтем а ца кхоош, къийсавалар, мелхо а, вайн керлачу адаман гIиллакхехь ду… Партехь йу-й хьо?

Корта байн охьабахара Нурседин, йуьхь цIийелира. Вильяновн лере а таьIна, райкоман секретаро, кхечарна ца хозуьйтуш, цхьаъ-м элира.

Нах-м кхийтира цо аьллачух, ца хезнехь а.

— Хилча хIун ду… нохчех?! — массарна а хозуьйтуш, цецвелира Вильянов. — Вайн Конституцица массо а къаьмнийн бакъонаш цхьабосса йу! Иза дохо цхьанна а ца йелла бакъо! Советски адамийн башхалла церан къомаца ца къастайо, церан гIуллакхашца бен! Балхахь тоьлларг — тоьлла ву!.. ЦIе хIун йу хьан?

— Нурседа.

— Ден цIе?

— Оха ца лелайо… Доцца: Нурседа — олу-кх.

— Нурседа… хаза цIе йу. Шун маттахь маьIна дуй цуьнан?

— Ду, — эхь хетта, сецира Нурседа.

— ХIун ду, Ткъа дийцахьа.

— Богу седа… бохург санна ду-кх.

— Товш цIе йу… хьуна йогIуш!

Шегахь товчу сийначу косынкица Нурседа, наха эхь доцуш ду олу, шен сийна бIаьргаш хIинца эхье охьа а дахийтина, лаьттара Вильямовна хьалха, доцца жоьпаш луш, наг-наггахь цуьнга хьала а хьожуш.

— Маса класс чекхйаьккхина ахь?

— Итт.

— Кхин а деша деза ахь, Нурседа! — шен йоьIан санна, цIе йаьккхира хьешо.

— Баркалла! Доьшур ду ас! — элира Нурседас.

— Йовха йу! — шляпа дIа а баьккхина, хьацарна йовлакх хьаькхира Вильяновс. ТIаккха йуха а:

— Йовха йу! — аьлла, дIатиллира шляпа.

И бен а воцуш хиларх майрайаьлла Нурседа хIинца нисса дIахьоьжура цуьнга. И воккхо стаг воллушехь, цуьнан бIаьргаш, къоначеран санна, сирла, синкъераме хьуьйсура, лер а зевне декара. Амма и луьйчуьра сецча, цуьнан бIаьргаш чу дайн IиндагIа хIуттура. Цу сохьта и тарлора Нурседина цхьана Iалашонна тIекхача сихвеллачу, амма кIеззиг гIелвеллачу некъахочух. Церан къамел сецначу минотехь, Тавсолта тIехилира Нурседина:

Перейти на страницу:

Поиск

Похожие книги