— Хетта а хоьттий ахь!.. Хьайн дас мелларг мала… хьо ца Iалахь!
Шиммо а лимонад мелира.
— Молодец! Молодец! Бакълоь! — Довлетжановн йуьхь йекхаелира. — Зударшна ца оьшу… Тхуна а шортта хир!.. Амма дезаш-м оха а ца муьйлу-кхи xIapa…
— Дицдаларна кхоьруш дохку-кх, — забаре тIетуьйхира Луценкос.
Массо бара сакъералуш…
Кестта йижарий дIабахара.
Шийтта долуш, дIабуьйхира хьеший…
* * *
Iуьйранна Тавсолтега а, кхечу мухIажаршка а комендатуре кхайкхира. Чохь вара тохарлерра коменданттий, цуьнан керла гIоьнчий. Ший а цхьана басахь — хьаьрса, цIоцкъамаш а кIайн, ший а ченан басахь хорма йуьйхина, ший а, ченаша буьзнарш санна, цхьатера.
— ХIоккхуза куьг таIаде… тIаьххьара! — цIаза-пIелган йахйинчу мIераца кехата тIехь сиз даьхьира коменданта. — Комендатура кхин хир йац!
— ХIокху кхойтта шарахь хIинца дуьххьара дог а догIуш таIадо-кх ас куьг! — къоламан йуьхьиг кагйира Тавсолтас.
Гонахарнаш бийлабелира.
— Ткъа цIа маца дохуьйту тхо? — коменданте хьаьжира Тавсолта.
— И суна хаац. И билгал дац хIинца а… Ма сиха ву хьо, воккха стаг… Нисдан а, кечдан а дезарш дукха хир ду, хьуна, хIинца а, — шен хьаьрса цIоцкъамаш хьалатесара коменданта. — ПаргIат а даьхна, кхузахь дита а там бу, — тIетуьйхира цо.
— ХIинца кхузахь со сецо-м хала, хьаха, хир вара шуна, — корта ластийра Тавсолтас…
Шайн цIенна гергакхаьчча, кхин а сихло говр санна, комендатураш дIайаьхначул тIаьхьа кхин а чIогIа карзахйевлира Тавсолтин ойланаш — цIехьа! Цу ойланаша дIалаьцна меллаша воьдура иза тахана колхозан бешехьа. Беша дIакхачале, некъа тIера а ваьлла, нисса малхбузехьа ша-шах дIаоьхуш карийра цунна ша, цхьа жимо гу Iалашо а лаьцна. ТIекхечира. Раздаьллачу чуртах тера, шен астагIчу кога тIе а таьIна, гу тIехь лаьттира иза, малхбузехьа вогIавелла, меттах ца хьовш. Винчу мехкан сибаташ ма-хуьллу нуьцкъаша шен ойлана хьалха тIеуьйзуш, дагалоьцура цо. Кхин а… Кхин а… Кхин а…
ЦIеххьана цIера сурташ, xIapa цига дIакхаьчча санна, ма-дарра цIена гуш дуьхьалхIиттира цунна ойланийн ницкъаца. И ца кхеравелира: мелхо а цо кхин а нуьцкъаша сецадора уьш шен бIаьра хьалха, уьш йуха дIадарна кхоьруш. Цунна хIинца цIена гора лаьмнийн даккъаш тIехула ша жеца лелаш… ТIаккха шайн колхоз… Ма хала вовшахтуьйхира… Беш… Ма хаза хуьлура… ГIовгIане Яьсси… Лекха ЦIен берд… ТIаккха роггIана дуьхьалтийсира: йуьртан кешнаш, Даудан хIоллам… Нурбикин кошан барз… Шайн керт…
Тавсолтас шен ойланийн ницкъаца кхин а тIеттIа тIеуьйзура и бIарлагIаш, уьш дIаян ца юьтуш, хIинца уьш дIаяхь Баккъал а ша цIа а ца верзарна кхоьруш санна…
ХIинца дIо генна хьалха, вукху агIорхьа, малхбалехьа, кхин цхьа сурт а, цIена, дуьхьалхIоьттира цунна: хьуьлла дитташна дехьахь дIасахьера, кхунна хIун йу а ца хуу, цхьа Iаьржа тоба. Кхеравелира Тавсолта: «Хьера-х ца ваьлли- те со? Дала а магийтац, бах, шен дозанал тIехваьлча… Хьекъалх а воккхий кIелвуьту, бах, дуьненан дезаршка шегачул тIех сатийсинарг»… «ОстопираллахI!» — дийшира Тавсолтас шабарца.
Йуха а малхбузехьа дIахьаьжира: дIайайра хьалхара бIарлагIаш, генна дIа ма-йарра гора шера аре. ТIаккха, сиха, йуха а малхбалехьа вирзира иза: хьалха санна, хIинца а, хьуьлла дитташна дехьа, йуха а дIасахьера и Iаьржа тоба. Тамаше хийтира, амма, кхерам дIа а теттина, хьаьккхина цигахьа вахара Тавсолта…
Цигахь хиллера гIаларчу вайнаха шайн белларш дIабухку кешнаш. Тавсолтина, тIекхаьчча, цу сохьта вевзира, тохара дуьйна а гина воцу, тобанна йуккъехь, корта а оллийна, керлачу кошан борза йуххе лаьтта Рашид. Цуьнан хазачу, са ца гучу бIаьргаш чуьра меллаша хин тIадамаш ледара. ДIавоьллинарг цуьнан шийтта шо кхаьчна кIант хиллера.
— Хьо ву и, Тавсолта! Марша вогIийла! — элира цо, цуьнан куьг шен кара кхоччушехь. — Бехк ма биллалахь, и жима велахь а, цхьаъ бен вацара сан! — бехказвуьйлура Рашид.
— Дала гечдойла! Бисинчарна собар лойла! ХIун ду и жима хилча? Жимачух ма хуьлу воккханиг а! И, гIа санна, жима хиллехь а, амма и гIа вайн гаьн тIера доьжна! Вайна хилла эшам. Хьан дог лазарх бехк буьллийла йац… И-м кхиъна кIант хилла. ЦIе хIун йара цуьнан?
— Iалсолта.
Тоххара, Граждански тIамехь вийначу, шен цхьаъ бен ца хиллачу вешин, дукха хенахь дуьйна хазаза йолу, и цIе хезна Тавсолта ойлане вахара. Цунна дагавеара хIинца, къона волуш дIаваьлла, шен ваша, цуьнан иллеш а…
Массо а дитташ кIел охьахевшира. Цу сохьта йукъадевлира цIа дахийтарах лаьцна къамелаш:
— Ac xIopа ламаз тIехь а Деле денна а воьху-кх и Хрущев: и карий-кх дуьххьара вайна орцахвала. Дала ларвойла иза!
— Хьовсийша, шаьш шира ленинхой бу боху — Молотов а, Каганович а хиллийца вай йуха цIа дерзадарна дуьхьал…
— И-м хIун дара, нохчийн лаьтта тIехь ша буьйсанаш а йаьхна, вайн сискалх а кхетта волу, вай веза лору Ворошилов а-м хилла, боху, йуьхьанца дуьхьал…
— Бакъду. Иштта хезна суна а. Ширачу хьаькамех Хрущевца цхьаьна вайгахьа уггаре хьалха куьг айинарг Микоян ву а, боху.
— Буденный?
— И-м цара ишттачохь лоруш а вац… Говрийн верас, — гонахарнаш бийлабелира.
— Калинин а ма вара вайн махка веъна лелла… цо хIун дина-те?