XIopш кхуза балийнчу шарахь хиллачух тера а дацара кху йуьртан таханлера сибат. Керла клуб а, детсад а йинера. Кхеран урамехула доьду арык, шордина, цуьнан шина a aгIop моггIapa хьаладаханера кхара дийгIина таьллаш. Тохара электросерло Казах-куьле а, Абайн совхозе а, кхуза а, кхечу луларчу колхозера йалош хиллехь, хIинца Казах-куьлехь хIоттийначу йоккхачу электростанцера, хазачу аьчган бIогIамийн белшаш тIехула догIучу нуьцкъалчу телашца кхочура и кху йуьрта а, массо гондIарчу колхозашка а. ХIетахь жагIа бухкуш бина хилла Абайн совхозе боьду некъ а, хIинца, коьртачу трассах дIакхетталц асфальт йуьллуш, шорбинера.
Тохара хIорш охьабиссийнчу жимачу станцера дуьйна схьадалийна аьчган некъан га а даьхьнера лурчах Джамбулехула Абайн совхозе кхаччалц: цигахь хIинца свеклаш а йоьра, тIе шекардоккху керла йоккха завод а йиллинера. ЦIерпоштан станци а йуьртана герга оьзнера. Ца йовззал хийцайеллера, къаьсттина тIаьххьарчу кху деа-пхеа шарахь, кхузара меттигаш а, йарташ а. Делахь а шаьш бинчу махке болу безам нуьцкъала бара.
Хала садеттара хIинца йижарша а: Баш-лаьмнаш, Яьсса, Эскиной… школа… Дада-бIар… Анна Львовна! — уьш дерриг, йух-йуха дуьхьалтуьйсура царна. «Анна Львовна! Йуй-техьа и хIинца? ХIун хилла-техьа цунах?».
ХIокхара 1947-чу шарахь дахьийтинчу кехатана жоп деара цуьнгара цкъа: майра а лаьцна, марда а велла, цхьа йисина ша бохуш. Цул тIаьхьа дахьийтинарг жоп доцуш дисира. «Кхоьру хир йу-кх иза а… бехк бац», — аьлла, xIapa шиъ а сецира, кхин ца йаздеш. ХIетте а, хIинца чIогIа дагаоьхура шайн хьоме хьехархо. Тавсолтина-м цкъа а ца хетара Эскинойхь доцург вахар а. ТIаьхьарчу деношкахь йух-йуха гора цунна гIенах, ша цIа а кхаьчна, Эскинойхь лелаш, амма самаваьлча, дIаса а хьожий, доккха садоккхура: Джейранна ца лаьара, шен йурт, гергарниш а битина, «генарчу махка» дIайан.
— ХIун вон ду шуна кхузахь? ПаргIатдаьхна… Дахар а шайн таделлачу хенахь дIа хIунда доьлху?.. Шух цхьаберш хIинца бухарчу тхол а дика беха… Лаахь… кхин ца тарлахь, ши йоI дIа а йахийтий… хьуо кхузахь сацахьа. Хьайн цIахь! — бохура Джейрана майрачуьнга.
Тавсолтас корта лестабора:
— Джейран! Дика дац зудчо, шен майрачо бохург а ца деш, шениг дийцар!
XIopа сарахь лоькхура Нурседас Джейранан лерехь Кавказан исбаьхьаллех эшарш… ТIаьххьара а цIенош а доьхкира… вуно дорах, амма Тавсолта реза вара оцунна а… Джейран тIетахьара…
— Дика ду, реза ца хилахь, йухайогIур хьо… Нуьцкъала хьо цигахь хьан сецор йу? Цкъа дIа, мукъна, йолахьа… Цкъачунна, хьажахIотта, — дийхира Тавсолтас.
Джейранан корта жимма aгIop бахара, ойла йеш, цуьнан Iаьржа бIаьргаш раз севцира. Эххар а:
— Дика ду, мегар ду! — йелакъежира и…
ТавсолтагIар новкъа баха станце дукха адам деара. Кхеран а, Джейранан а гергарнаш, бевзарш: Довлетжанов, Луценко, Кульджан, Айгерим шен майрачуьнца, лулахой…
Августан йуьххьерчех суьйре йекхна а, мела а йара. Довлетжановс, тIе а вахана, Тавсолтин куьг а лаьцна, казахийн маттахь элира:
— Шу деза тхуна. Эша а оьшу. Шу Iийнехь, хаза дара. Делахь а, дахаза Iаш дац шу. ХIун дийр ду… тхуна бехк ма билла!
— Баркалла! Баркалла! — корта лестабора Тавсолтас.
— Шух муьлхха а вухавагIахь, оха везаш тIеоьцур ву. ХIинца шу бухадисча а, тIаьхьа ца хетара. Вай мерза даьхкира… Кхузахь шуна а вон дацара, — тIетуьйхира Луценкос а.
— Баркалла… Иза а бакъ ду… шун мохк а, халкъ а вай цхьаьна йаьккхина хан а йицлур йац! Бакъду и, дахарна а кхузахь аьхна дара… Амма, хIокху кийрана хьаам хилац-кх ша кхоьллинчу лаьмнашкахь бен! Тхан цIехьа керчина ойла сацалур йац, Кавказан тархех дIакхетталц! Шуна баркалла! Вон доцуш дика а дац, дика доцуш вон а дац: шу тхуна девзина дика ду. Дуьйла шу а тхо долчу хьошалгIа! Оха гойтур ду шуна тхаьшна шу мел деза! — элира Тавсолтас, «тхо» боху дош олуш, шена йуххерчу Джейране а хьожуш.
Генарчу махка, гуш доцчу ирсана дуьхьал йаха хIинца сацийна йаьлла Джейран а лаьттара эсала йелакъежаш.
ЦIерпошт схьакхечира. Веъна, схьахIоьттира, хьуьхь а воьлла, тIаьхьависина Аскеров Джатыбай. ЦIийвелла, сихлуш, толкха а лелхаш, Тавсолтин куьг а лаьцна, шайн маттахь бохура цо, гонах а хьоьжуш:
— Тавсолта-агIа, Селита-куль, Нурседа-джан! Шу схьакхалхийнчу дийнахь аш дуьххьара станцера кхуза беъна къаьхьа некъ дагабогIу суна. Ирча де дара и. Сан гуьнахь а доцуш, и соьгахула хилира. Цул тIаьхьа а хIокху Нурседа-джанна цхьацца вас йелира соьгара. Бехке ву со… со чIогIа тешнера сайга шух лаьцна дийцинчух. И харц хиллера. Бакъдерг тIаьхьо хиира… ХIетте а бехке ву со. Амма, цхьабакъду, декхарийлахь-м xIapa а ца йисира, — Нурседига хьаьжира иза. — Делахь а, къинтIерадовла!
Тавсолтас маракъевлира иза:
— И-м хIума дацара! Масане эккха дахарехь… XIapa а Iаь хир йацара, цхьа йиш-маIаш йоцуш… Хьо а вала тхуна къинтIера, тхоьгара хиллачу цатамана!
Селитин бIаьргаш лешира. Нурседас, йела а къежаш, дена хьалхха куьг кховдийра Аскеровга.
— Молодец! Молодец! — бохура Аскеровс, цуьнан куьг а дегош.