Керимца баьхкинчарий, лулахоший гIo а деш, чуйаьхьна хIуманаш дIа а нисйина, буьйса йоллалц Iийра цIа кхаьчнарш, бухарнаш цхьаьна — мел хилларш карладохуш. Эххар а, Нурседас, Селитас, доккхачу текхахь нар тIе хIоттийра Джейрана йина, чомехь Iаь гIуьтту бешбармакх!
— OxIo! Казахстано шен хьошалла до вайна хIинца а! — элира Керима Джейране. Йела а къежна, Iадда лаьттара Джейран.
Пхьор а диъна, дIабахара лулахой.
— Со Iуьйранна Грозный-гIала ваха дезаш а ву. Лама цIа вогIур ву… Аш садаIа! — аьлла, дIавахара Керим а.
Бехачу некъо гIелбина Тавсолтин доьзал шаьш цIа бирзинчу дуьххьарлерчу буса набаран марахь мерза дIатхьаьвсира.
* * *
Сатоссуш гIаьттира Тавсолта. Ламаз а дина, тIе хIума а йуьйхина, вуьйш сама ца бохуш, меллаша аравелира и. Цкъа хьалха цIеношна го баьккхира цо, тIаккха кертахула волавелира: даьхникерт йоькъу зIар дацара, божал дохийнера, пенаш хирцинера. УьйтIахула доьду татол лекънера. Шайн дирша йетт а, жIаьла а дагадеара цунна. Уьш, хьовха шен хиллачу бахаман гIиpcax хIума ца карийра цунна, цхьа тамашена бисина цIийна тIехьа Iуьллу xIapa лами боцург. Цецваьлла, велакъежира цунна иза. Лами хьала а хIоттийна, чIогIа буйла хьожуш, дIасатуьйхира. Корта хьовзийра Тавсолтас: тохарлерраниг бара, цхьа а тIегIа малдаланза. «Табина хир бу», — дагатесира. ЦIенойн тхов тIе ваьлла а хьийжира: цIенош, тишделлехь а, чохь Iен мегар долуш карийра цунна. ТIаккха кешнашкахьа вахара, уггар хьалха — хIолламаш дохкучу маьIIе. Вехха лаьттира Тавсолта, шен вешин Iалсолтин, кIентан Даудан хIолламашна хьалха доIанаш деш. Дукхахдолу хIолламаш а, чарташ а дийна дисинера: кхузахь Iийначу дагестанхоша Iалашдарна. Амма лекхий, дуькъий дара нохчийн кешнашкара къух! Халла схьакарийра Тавсолтина шен ден Берсин, чурт доцу каш, цунна йуххера, маццах xIapa йурт — «Эскиной» йиллинчу, кхуьнан ден ден Эскин кошехь доьгIна акхачу тIулган чурт довзарна.
Вехха хьийзира и йараш дIайохуш, майда цIанйеш. Эххар, доккха са а даьккхина, Нурбикин каш долчухьа вахара. Коьллаш куьйгашца дIасатуьттуш, воьдура Тавсолта. XIapa Нурбикин каш тIе кхачале, зударийн тийжар хезира: коьллаш дIасатеттина, хьаьжча, гира, коша тIе а йоьжна, йоьлху Селитий, Нурседий. «Кхарна дикахо карор ду xIapa каш», — дог доьхна хьаьжира и шина йоIе. Да гучуваьлча, сихха хьалагIаьттина и шиъ, бIаьргех йовлакхийн маьIигаш а хьаькхна, йоьлхучуьра сецира.
— Йало хIинца ший а, хьуьлла тIе а хIоттий, — Тавсолтас хIолламашкахьа куьг тесира, — хьиэ ца луш, чугIо… Йуург кечъе… «Цунна» хIусам а йовзийта. Цхьацца адамаш а дуьйлалур ду эха. Со а чувогIу, цхьана метте а хIоьттина, — аьлла, ойлане Нурбикин коша тIехь а лаьттина, тIаккха ЦIечу берде бIаьрг тоха, Яьссин йистехьа вахара Тавсолта.
Кешнийн кертах ара а ваьлла, йуххерчу хьуьн чухула ирзух тIех а ваьлла, и вогIуш, дитташна йуккъера цIеххьана кхунна чухьаьвдира месала, кенаш а девлла, къанделла, дай боцуш дисна, акха жIаьлеш. Схьаэцна гIорзалгаш тоьхна, дIалаьхкира уьш Тавсолтас. Амма цхьаъ, дIадаха ца туьгуш, Тавсолтина тIе а дирзина, «гIалх» деш лаьттара, муцIар, хьожа йохуш санна, хьала а йерзийна. Тавсолтин дегIехула зуз хьаьдира: цунна гира, цунна бевзира, жIаьлин логах боллу, маьлхан зIаьнаршлахь цIеххьана лепа, йоьза хIоз.
— Борзиг!.. Борзиг!.. — схьатIекхайкхира цо жIаьлига. Лаьттахула лохха текхна тIе а деъна, жIаьло Тавсолтин когах мотт хьаькхира. Шен гIода йуккъера схьадаьстина доьхка цуьнан логах боллучу йоьзан хIазарх таса дагахь Тавсолта охьатаьIIашехь, дIаиккхина жIаьла, дитташна йуккъехь дайра.
— Борзиг!.. Борзиг!.. — бохуш, Тавсолтас, бере санна, дехха къинхетаме озаца кхайкхира цуьнга, тIаьхьаваьлла, дитташна йуккъехула генна дIа мохь бетташ. Амма Борзиг йуха ца деара. ГIийлачу ойланехь вухавирзина Тавсолта, йуха а цу ирзуна тIехволуш, саьнгаран йисттехь, малхехь лепаш, шурула кIайн цхьа хIума гина, тIевахара: малхо йакъийна, мехаша шарйина, акхарой кIомсарша цIенна йаьшна Iуьллура бежанан коьртан кIайн туьта: «Гарехь, оцу дIадевддачу жIаьлийн а цхьана хенахь шун хилла-кх xIapa», — ойла хилира Тавсолтин. Кхин а тIехилла леррина хьаьжча, «ОxI!» аьлла, цо цеце доккха са даьккхира: туьтан бIаьштигашна тIехь, ши маIа хиллачохь, мазакъйоьлла йоцца ши йуьхк гора. Вехха лаьттира Тавсолта ойлане вахана: «Дерриг а Делан болх бу!» — аьлла, цIехьа волавелира…
Ши йоI, Даудан, Увайсан хIолламашна хьалха а лаьттина, цигара школе йахара. Дог сиха детталора. Школин керта йоллушехь гира: шуьйра тIамарш а йаржийна лаьтта Дада-бIар, лестачу гаьннашца цо шаьшшиъ тIейоьхуш. Йедда, йедда, маракъевлира цара и.
Дада-бIар, куц дохаза, товш лаьттара, шена тIехьа, нийсачу магIаршца къона дитташ а техкаш. Амма, цуьнан IиндагIе нисделла, хьалхара кхо дитт-м кхечарел дикка лоха дисинера.
Нурседина девзира уьш: «шениг», «Керимниг», «Терентьевниг»! Дехьарчу кхаа дитта йуххехь лаьттара Селита: «Шениг», «Даудниг», «Увайсаниг»!.. Селита, йедда, йуха Дада-бIарана тIейахара:
— Нурседа! Хьажахьа, хIинца а!.. Диттан гаьн тIехь ширделла, амма хIинца а данза гора элпаш: «АУ — БД».