ТавсолтагIар вагона тIе бевлира. ЦIерпошт, и аре йекош, хIокхеран а цIарах ша кху мехкан Iодика йечуха тера, цIогIа тоьхна, йолайелира. Вагонан корах ара а хьаьжна, Тавсолта велакъежира. Цуьнан даим буьрсачу йуьхьа тIехь и велакъажар, берийнчух тера, сирла къегара.
— Кхуьнан цIогIа а хIинца хаза ду!.. Марша Iолда, Iодика хуьлда шун! — цIеххьана, шен коьртара схьабаьккхина куй ластийра цо. Массарна а тамаше хийтира чо а божаза, амма, киса санна, кIайбелла цуьнан горга корта дуьххьара, шайна берзина байча…
ЦIерпошт дIайахара, хIаваэхула, чIабанах тера йухатесна, бехха Iаьржа кIур а текхош. Малх чубуьзира. ХIаваъ сихха Iаржлора, амма стигалхула йоьлху мархаш йехха лийпира гуш боцчу маьлхан зIаьнаршлахь, шайн йистош дашо басахь йогуш.
III. ДИКАНАХ ДОГ МА ДИЛЛА
ДЕКЪАЗА ЦIАДЕРЗАР
ЦIерпоштахь эххар а цIа кхаьчначу нохчашна вокзалехь, шайн вагонна дуьхьал нисделла, «ГРОЗНЫЙ» боху дош гичахь, дог тохалуш, мерза хийтира. Шира доттагI йуха вайча санна, серлайелира Тавсолтин йуьхь.
Катоьххна кхечарел хьалха охьабиссира Тавсолтин доьзалш: цунах тасайелла, цунна тIаьххье Джейран, тIаккха Селита, царел а хьалха — Нурседа. Амма шаьш цIакхачар хазахетта айаделла долу церан дегнаш цу-сохьта йуха а Iовжийра, шайна вокзале дуьхьалбаьхкина, маршалла хоттуш, шаьш цIакхачарца декъалбеш, Iедалхойх цхьа а тайпа векалш шайна ма ца байннехь. Селитас, лере а таьIна, Нурседе кIуон элира: «Ур-атталла Казахстанехь а вайна-м дуьхьал ма баьхкира»… Тавсолтин йуьхь цIийелира, Джейранна хьалха эхь хетта: «Вай йухадаьхкина хазахеташ цхьа а воцчух тера ду», — дагатесира цунна. Амма цу сохьта цхьа оьрси тIевеара царна:
— Шу дуй БерсановгIар?.. Со Керима ваийтина шуна дуьхьал…
Керима, ша дуьхьал ван йиш а ца хилла, йаийтинчу кира кхоьхьучу машенахь Тавсолтин доьзал станцера Эскинойхьа новкъа белира… ГIалех арабовлале дуккха а урамашкахула хьийза дийзира: цкъа кхузахь — тIаккха дIогахь латта аьхкина меттигаш нислора кест-кеста, тIеман заманахь окопаш санна. Малх гIушлакхе гIертара. Шоферца хьалха чу хиъна вогIу Тавсолта а, тIехьа дIанисбелла цуьнан доьзалш а тидаме дIасахьуьйсура гондIа: уьш массо а бара, ур-атталла Тавсолта а тIехь, шайн Республикин коьрта гIала дуьххьара гуш. Вокзалан майданара машен шоферо хьалха Беликовн тIай долчухьа йерзийра: Соьлжан можачу тулгIешна тIехь, къорза истангаш санна, малхехь сийна-Iаьржа бос лепаш, дIашершара мехкадаьттанан йаккхий хьоькхнаш. ТIай тIехула а девлла, аьрру агIорчу урамехула дIадахара. Моторо цхьа-ши хьоршам а тоьхна, машен сецира тIулгех боьттинчу лекхачу пена уллохь. Шофер, охьа а воьссина, капот а йиллина, моторан сакхт лаха хIоьттира. ТIулган пена тIехь леккха хьалабахна, тIулгах бина, цхьа Iаьржа боккха адаман корта байра Тавсолтина. Йуьхь а йара Iаьржа, оьгIазе.
— И хIун йу?.. — хаьттира цо шофере.
— Муха… «хIун йу»… Ермолов ву-кх… Паччахьан инарла… XIapa гIала дуьххьара дIахIоттийнарг…
— ЖIаьла ду, — элира Тавсолтас.
— Муха… «жIаьла»?.. Ас ца боху хьоь — паччахьан инарла! Адам ду!.
— Сан ден жIаьла дара — «Ермол», — элира Тавсолтас. Шоферо, вела а къежна, куьг ластийра: «Хьо-м кхета а ца воллу» бохучу маьIнехь — цунна ца хаьара, лам чохь нохчаша, паччахьан цхьаболчу, шайна дуьхьал леттачу инарлийн а цIерш, уьш къонахий хилар гичхьана, шайн кIенташна а тохкуш хиллий: «Сипсо», «Боккало», «Паскоч»… Амма Ермоловн цIе дукха хенахь дуьйна а ламанхоша шайн жIаьлешна лора…
Моторан сакхт шоферо дIа а нисдина, машен хIинца трамвайн некъана уллохула йоьдура — «Трамвайни тIай» долчухьа. Цхьана-шина куьпах тIехйаьлча, йуха а сецира Нефтяной институтан маьIIехь. Шофер охьа а воьссина, йуха а мотор талла хIоьттира. Тавсолта цеце хьалахьоьжура цигахь лаьттачу, болатан гIортораш тIехь леккха хьалайаханчу, хи дIасадоькъучу бIаьвне. БIаьргашца и йустуш, лакхара дуьйна и охьавогIуш, когашка кхечира. Когашкахь нисйина, йеакIов йехий гIайракхаш гина, царна тIехь Iаьрбан йоза дайна, цецваьлла, тIехилира и. ГоратаьIна деша хIоьттира:
— Сан да!.. Берс! — мохь белира цуьнга. Горавахна, хьераваьлча санна, сиха, шен ницкъ маббу чурт схьаийзо вуьйлира Тавсолта. Схьа ца даккхалора. Цецваьлла тIевеара шофер.
— Ахь хIун леладо? И мегар дац. Стенна оьшу хьуна и?
— Сан ден чурт!.. Сан ден Берсин чурт ду и!.. — мохь хьоькхура Тавсолтас. Машен тIера, цецбевлла, чухьуьйсура Джейран, Селита, Нурседа, тIехбуьйлу нах а соьцура. Шоферан йуьхь цIийелира — иза кхийтира:
— Тавсолта! ХIинца и дан мегар дац. ТIаккхахула вухавогIyp ву хьо…
Тавсолта деша вуьйлира кхечарна тIе йаздинарш а:
— Тхан йуьртахойн чарташ ду уьш!.. Шу адамаш дац! Шу жIаьлеш ду! — тIекхохкавелира и бехк боцчу шоферана. Иза эсала, цIий а велла, лаьттара:
— Тавсолта! Сан бехк бац!.. Тхан бехк бу!.. Шу кхин йухадогIур дац, уьш шуна кхин оьшур а дац моьттура тхуна, — Тавсолта кхето а, теван а гIертара ма-хуьллу оьрсийн шофер: цунна дагадеара, шега а дакъа лоцуьйтуш, уьш кхуза схьакхехьар. Йуха а ден чурта тIе а вахана, гора а хIоьттина, цомгашчу берана санна, тIе куьг хьоькхуш, дехха доIанаш дира Тавсолтас. Урамера нах, севцца, тийна хьуьйсура.