Эххар тийнна шен болх а беш Iаш волу xlapa а I939-чу шарахь, тIе а кхайкхина, партера дIа а воккхуш, (мацах цкъа Зиновъевгахьа хиллера хьо аьлла) Ленинградера араваьккхира, столицашкахь ваха бакъо а ца йуьтуш. КIеззиг Киевехь а Iийна, цигара а араваьккхина, кIантана тIе, кхуза схьавеара xlapa, тIом балале шо хьалха. «ХIинца а хIун хир ца хаьа», — бохуш, гIийла ойланаш йеш, уьйтIахула а лелла, йуха зала чу веъна, Анна Львовнина йуххе охьахиира Савва Ильич.
— Декъала хуьлда Сталин — таханлера вайн Ленин, вайн ирсан тешаме гIорто, массо а къинхьегамхойн сийлахь-воккха тхьамда! — аьлла, чекхйаьккхира лейтенанта доклад.
Массара а, хьалагIевттина, чоь йекош тIараш туьйхира. Охьахевшира. Беснеш цIий а йелла, хьаьж тIе дайн хьацар а тоьхна, шен дика нисделлачу къамелах воккхаве лейтенант, тIевеана, Селитина йуххе гIанта охьахиира. Селитин тидам хилира: лейтенантан бесни тIера беса мо а кIеззиг цIийбеллера.
Доклад дIайаьлча, зала чуьра гIанташ дIасахилийна, меттиг а кечйина, школин самодеятельносто, эскарера баьхкинчу хьешашна нохчийн хелхарш гайтира. Массеран а самукъаделира детсадерчу Ниночкассий, Каташий цхьаьна баьккхинчу вайнехан хелхаран болах. Шаьш хелхадевлла довлуш, берийн гIабали йуьйхина йолу Ниночка, ког тасабелла, охьакхийтира. БIаьрга буй а хьоькхуш, цIенкъа йуккъехь йоьлхура иза. ТIеваханчу Каташа, шен «чоин» тIам йуха а тосуш, куьг лаьцна, дIайигира иза, берриш хьуьйсуш а болуш. Ниночкица тIе а веана, Кесирина йуххехь Iачу лейтенанте куьг кховдийра Каташа:
— Хьо а валахьа хелха!.. Хаьий хьуна?
— Хаьа-те!.. И мегар ду! — самукъадаьллачу лейтенанта зала йуккъехь оьрсийн «чечетка» хелхар дира. ТIаккха цуьнан накъост велира. Йуха, Нурседица Расул ваьккхира. Расула дина тIахъаьлла хелхар кхин а хазахийтира хьешашна. Эхь хета Селита, ша хелхайаккха хьовзаяле, Савва Ильична тIехьа тебира.
Керим тIаме вахчахьана школин директор йолчу Кесирас, гулам чекхболуш, баркалла элира хьешашна а, хIокху суьйренна дика кечам бинчу комсомольцашна, — Даудний, Увайсаний а, даггара школин гIайгIа бечу Расулна а. Цуьнан цIе йаьккхича, Нурседин йуьхь къегира…
* * *
Расул кест-кеста вогIура цул тIаьхьа школе, йаго хIума оьшийла хьажа.
Школехь шело кхин ца хаалора. Амма Даймахкана тIехIоьттинчу кхерамо кхолийна латтайора адамийн дог-ойла.
Радиочухула, дикторан гIийлачу озо схьахоуьйтура фашисташа Ленинградна го лаьцна хилар, цигара адамаш мацалло таIабар. Дуьненахь уггаре хазачех йолу и шахьар, цуьнан хазалла ца кхоош, чуьрачу адамех а къа ца хеташ, фашисташа денна а йохош лаьттара, чу йаккхий тоьпаш, бомбанаш йетташ. Бераш мацаллех дадийна догIу хIордан кеманаш а, тухий, хин буха дохуьйтура берашца.
Амма мокхазах тера лаьттара ленинградцаш. Цаьрга радиочухула дерриг а советски халкъан цIарах кхойкхура генарчу къеначу казахо:
— «Ленинградхой! Гур дац эшна шу! Къена Джамбул шух дог тешна ву».
ДЕН ВЕСЕТ
Мархех халла чекхъйуьйлучу маьлхан зIаьнарша гIийла къагийна башлаьмнийн кIайн кортош бен доцуш хьуьйсура карзахдаьллачу дуьнене.
Сендала тIаьхьадахана аьрцнаш сингаттаме гора. Март беттан йуккъера ши-кхо де къегира, «хIинца-м бIаьсте а еъна ели» моттуьйтуш. Амма оццу деношкахь ТавсолтагIеран уьйтIахь xlop шарахь а кхеран кхура тIехуу алкханч, йажа лаьтта охьайоьссинчохь, боргIало, тIекхетта, зIок а йиттина, йийна Iуьллура. Цуьнга охьахьаьжначу Тавсолтас элира:
— БIаьсте йуьйхи… Кхунах бIаьсте хир йац… Май тIекхаччалц.
Баккъал а цул тIаьхьа денош дехха лаьттира шийла, кест-кеста догIанаш а доьлхуш, бIаьсте цкъа а йаьлла йер йуй-те аьлла, хоьтуьйтуш. И кхоьлина денош къагош, радиоссий, газеташий Эскинойчу хаза кхаъ беара: фронтехь а цхьана полке нисвеллачу Иван Саввич Терентьевний, Албастов Керимний, цара «Даймахкехьарчу тIамехь гайтинчу хьуьнаршна», БIаьхаллин ЦIечу Байракхан орденш йеллера. Газеташ вовшашка кар-кара а кхийдош, баккхийбера дешархой а, хьехархой а.
Школин кертахь гулйинчу йуьртахойн митинган президиумехь эсала ул — уллохь Iapa Анна Львовний, Кесирий. Ниночка кара а лаьцна, военкомна йуххехь дIанисвеллера Савва Ильич. Корта а айбина лелара Увайс.
Райкомпартин векало Далхьада шен къамелехь билгалдира xlapa де шозза а хаза хилар: Ленин вина де а дара таханлерниг! Чекхволуш, цо кхайкхира массаьрга а Албастовн, Терентьевн бIаьхаллин хьуьнарех масал оьцуш, тылехь шайн декхарш кхочушдаре. «Асланбек Шериповн» цIарахчу бронепоездана ахча гулдаран а, йуьртахь пачхьалкхан заем йаржоран а верас волчу Тавсолтас хаийтира оцуьнан план Эскинойхь хенал хьалха чекхйалар а, тIе, Даймахканий, Советан Iедалний эшахь «шайн тIаьххьара меже а дIайала Эскинхой кийча хилар а!»
Албастов Увайса шен къамелехь кегийрхойн цIарах элира:
— Ас тешалла до тхо кестта, цхьа-ши бутт баьлча, школа чекх ма-йаьккхи, тхешан берхIитта шераш дузаре ца хьоьжуш, баккхийчарна тIаьххье фронте дIагIуриг хиларх…
Чохь тIараш дийкира.
Селитин тидам хилира: Увайсан хадийна пIелг, цо куьг лелош, вуьйш санна, кхоччуш нис ца лора. Нурседас, лере а таьIна, элира:
— Хьажахь, тапчин лаг озош санна, сеттинчохь биси-кх цуьнан и.