— А, Нурседа!.. марша йогIийла. Дийцал, йуьртда, xIун дохьуш йеана хьо? — элира хьалхарчу секретаро.

Нурседас доцца дийцира. Коьртара фуражка схьайаьккхина, стоьла тIе а йуьллуш, хийцавеллачу йуьхьаца шен метте охьалахвелира хьалхара секретарь, леррина шолгIачуьнга а хьожуш. Иза а, шен фуражка, гIентах а уллуш, охьахиира вукхунна дуьхьал. ТIаккха хиира охьа Нурседа а. Хьалхарчу секретара горгали а тоьхна, чуйеара жима йоI.

— Рая! Схьакхайкхал женотделей, комсомолан секретарей.

Уьш а чубаьхкира. Нурседас, хIинца сих ца луш, дерриг йухадийцира. Хьалхарчу секретаро элира: «Кечам чIогIа бан беза», — шозлагIчу секретаре дIахьаьжира хьалхарниг:

— Вайн районехь дуьххьара хуьлучу комсомольски ловзаро вайн декхарш алсамдоху! — йуха завженотделехьай, цунна йуххехь Iачу райкоман комсомолан секретарехьай вирзира иза:

— Муха хета шуна? Чекхдаьррий-те?

— Дала-м деза! — элира шимма а.

— Делахь, со воьду… соь хьоьжуш хир бу… Ахь дисина гIуллакхаш чекхдаха кхаьрца… тIаьхьа тIевогIур хьо, — аравелира хьалхара секретарь…

* * *

Шена нисйеллачу киракхоьхьучу машенахь райцентрера йухайирзина Нурседа Эскинойн школин кетIахь машен тIера охьайоьссира. Кертахь, «Дада-бIарана» уллохь ойлане лаьттара Егорыч; дешаран корпусан учахь къамел деш йара Селитий, Анна Львовний. УьйтIе шера дIацIанйинера.

— О-о! Шу-м дика кечделла, Анна Львовна!.. Со райцентрера йoгIy.

— И шиъ а ду кестта цигара схьакхача дезаш. Райзагсера. Ца гира хьуна?

— ХIан-хIа. Ма дика ду, ма дика ду и, Анна Львовна!

Уьш массо школа тIехьа бевлира, комиссис интернатана магийначу майдане хьовса. Йуха, буьйлабелла, «Дада-бIар» долчухьа схьабаьхкира. Цунна кIел ойлане лаьттачу Егорыче:

— ТIаккха, хIун саций ахь, Егорыч? — хаьттира Анна Львовнас.

— ХIокху къеначу дитто оцу кхаа диттана новкъарло йо, уьш лакхадовла ца дуьтуш. Ткъа цара кхунна а йо новкъарло, шайн орамашца дIо бухара тIуналла шайна дIауьйзуш. ХIорш вовшашна йуххехь кхин дIа тарлац… ХIокхарех цхьаъ: йа и кхо къона дитт, йа xIapa къена цхьаъ — новкъара дIадаккха деза! Амма и къонанаш хьалакхиа хьакъ ду, Ткъа xIapa къенаниг а ду, сох тера, къена делахь а, кхин а вайна пайденна, даха ницкъ болуш. Цундела кхунах а, сайх санна, къахета… ХIетте а, цхьаъ ца дича а ца волу! Къахетахь a, xIapa 6Iap дIа а даьккхина, оцу къоначу кхаанна некъ бита сацадо ас-м. Ахьа?

— Кхин дан хIума-м, дера, дац, Егорыч! — резахилира директор.

— Диалектикехь а нийса хьесап ду-кх ахь динарг! — забаре йукъаIоьттира Нурседас:

— «ДIадоьдучо тIекхуьучунна некъ буьту».

Селитин йуьхь кхоьлира:

— Муха?.. «Дада-бIар» дIахадой? Иза-х вайн тIамехь байначийн чурт ду! — дуьхьалйелира и.

Нурседа йелакъежира:

— Дика ду, Селита. Вай дитча а, кестта ша а дакъалур ма ду иза, вуьш а хIаллак а деш! Уьш а ма ду вайн тIаме баханчеран безамна доьгIна.

Селита, йоьгIча санна, лаьттара хьаж тIехь белхи а бина, ойла йеш:

— Суна хаьа дан дезарг! — йуьхь серлайелира цуьнан.

— Дийцал! — лерина схьахьаьжира цецваьлла Егорыч, тIехилира: «ХIун карий-техьа кхунна?» — дагатесна.

— И кхо дитт кхузара, бух а даьккхина, хьуьлла татолан йисте догIа деза… Гой шуна: хIетахь, синтарш а ца тоьъна, цигахь паргIат йисина меттиг йу! Цу хин йистехь къона уьш кхин а сиха кхуьур ду! Ткъа «Дада-бIарна» а паргIато йолу!

— ОстопираллахI! И ду-кх доггах вилхинчун бIаьргех цIий деъна бохург! — тамаш бира Нурседас.

Егорыч велакъежара:

— Селита Тавсултановна! Оха кхунна йина къиза кхел хийци-кх ахь! Лечуьра даьккхи-кх ахь xIapa дитт!

Сакъераделлачу Егорыча «Дада-бIаран» хенах, воккхавеш, йай-й бел туьйхира:

— Кхин а дехар ду вайша, воккха стаг!

ЦIеххьана бел кхеттачуьра доьхна охьадеара, хьалххехь дуьйна а схьасевсина, цигара мурдоьлла хилла кховра. Цунна тIехьара охьаийгира: нодарчий, къоламан йуьхьигаш, циркуль, сийначу англин кийсик, дIабузучу маьлхан зIаьнаршлахь цIеххьана лепа, эппаз санна, горга эчиг. Уьш, беран хенахь школьникаша цига, кховра тIехьа, чукхийсина йара. Селитас сихха схьаийцира и горганиг. Цунна тIера мекха дIайоккхуш, гIa хьаькхира:

— Хьажахьа, Нурседа! Хьажахьа! Маццах, Каташший, Ниночкий къовсаделча, йайна вайн «Ленинан значок»!

Нурседас, тIе йовлакх хьаькхна, кхин а къага а йина, Селитин хьалха оьллира:

— Хьуна йогIу!

Селитин некха тIера, тохара беран хенахь санна, йуха а кхарна велакъежира Ленин.

Схьакхечира йаххьаш йогу Каташший, Ниночкий. Анна Львовна йекхайелира.

— Гой шуна xIapa ши кехат! — Каташа буйнахь схьаоьхьура кехаташ.

— Цхьаъ-м загсера ду. Важа? — хаьттира Нурседас.

— Райкомо тхойшинна целинни махка даха йелла путевка! Тхан дехарца! Хьовсал!..

Ниночкица царна тIевеара иза. Ший а сакъералуш дара.

Нурседас, Селитас шинне а барт баьккхира. Селитин некха тIехь йоллучу значоке хьаьжира и шиъ леррина.

— Евзий шуна?

Ший а ойлане хьоьжура. ЦIеххьана мохь белира:

— Хир йац!

— Дера, йу!

— Лохьа суна! Лохьа. СовгIатна! — дийхира Каташа.

Селитас, схьа а йаьккхина, Ниночкин некха тIе латийра значок:

— Ларвелаш и хIинца шаьш мел деха! Барт цхьаъ хуьлда шун!..

— Баркалла! Доккха баркалла! Кхана тхан ловзарга дуьйлалаш!

Шина йишин Iодика а йина, цаьрца чуйахара Анна Львовна а. Малх чубуьзира.

Перейти на страницу:

Поиск

Похожие книги