Тавсолта йуха а колхозе бошмашлелорхочун балха вахара. Селита школе, йуьхьанцарчу классашкахь хьехархо йина, дIаийцира Анна Львовнин гIоьнца. Цигга деша дIанисдира Нурседин ши бер а: кхойтта шо кхаьчна Джамбуллий, цхьайтта шо долу Замий. Доьзална йуург а кечйеш, цIийннаналла лело Джейран цIахь сецира.
Школехь Селитас йуха а тIелецира кертара беш Iалашйар: дешархошна йуккъехь дитташ дийкъира, тоьллачун кар-кара йала комсомольски вымпел билгалйаьккхира, комсомольски жюри а хаьржира. Джамбулний, Заминий кхечира «Нурседин», «Терентьевн», «Кериман» кхо дитт. Амма важа кхо дитт: «шениг», «Даудниг», «Увайсаниг» — Селитас хIинца а шен Iуналлехь дитира. Массо а нисвеллера хIинца балха, амма Нурседа тIаьхьа соьцура: йа библиотекин заведующи а, йа туькана а, йа Селитица школе балха йаха а ца лиира цунна. ТIаьххьара а, кхузарчу колхозан шурин-товарни ферме хьелиозархо йахара иза, дукханна а дийцар доккхуш.
— И болх хIунда хаьржи ахь, ва Нурседа, иза-х вукхарел хала бу? — хаьттира дас.
— Халонех-м ца кхоьрура со, дада… Вукхарел xIapa бевзаш хиларна хаьржи-кх, — элира Нурседас.
— Туькана, мукъна а, хIунда ца йаха хьо? — шега цхьамма хаьттича а, — суна гIопастана тIехьа готта хета, — олура цо. — ГIoмат санна, хьалха алдаркх а оьллина, латта.
Дуьххьара xIapa ферме йеанчу дийнахь, кхеран бригадир йолчу дояркас, йетт уьйзучуьра схьа а йирзина, хаьттира, «о» элп цхьа шатайпа дах а деш:
— Аш хIун леладо?.. И итт классаш чекх а йаьхна… шайна кхин белхаш а лушшехь, кхуза хIунда гIерта-те шу?
Бригадехь кхин а бара, Нурседел хьалха баьхкина, ворхI а, бархI а классаш чекхйаьхнарш. ХIинца xIapa итт чекхйаьккхинарг а тIекхетча, къаьсттина цецйаьллера дешаза йолу Алпату.
— Жима йолуш дуьйна а шура марзйелла йара со, — забар йира Нурседас.
— Хаац, ша и дацахь, — пхьуьйшаца шен хьаьж тIера хьацар дIадаьккхира Алпатус.
— Ва Алпату, дояркаш а хила безий дешна-м! — дехьара схьа мохь туьйхира, торгIала йетт узуш йоллучу къоначу хьелиозархочо.
— Хьо а йара кхузахь, Зураъ!.. Хала, хьаха, дацара, шун санна, йоза хаахьара-м…
— И-м хIун дара… Хала, хьаха, дацара, хьан санна, хаза майра велахьара! — кегийрнаш бийлабелпра.
Фермехь антисанитари гора, эвсаралла лоха лаьттара. Шура йаккхаран план кхочуш ца йо шолгIа шо а дара. Кхеран болх айа гIерташ кест-кеста богIура райкомера накъостий, райисполкоман белхахой а, къаьсттина, фермех жоп луш волу, райсоветан председателан заместитель Албастов Керим а.
Бутт а балале Нурседас шен меттиг къагийра: хьелий массарчул дика Iалашдора, баханчу цхьана баттахь, ша узуш болчу шийтта аттера, планехь йогIучул, шозза совйаьккхира шура. Иза цу фермехь дуьххьара хилла хIума дара. Цунах вукхаьрга а масал эцийта, уьш иракараxIитто, тахана цига веанера Керим. Бригадаш, хуьйцуш, йухайира. Массеран а бертахь Нурседа кхеран бригадан куьйгалхо хаьржира, шозлагIчу бригадан коьрте хIинца Алпату а хIоттош, кхозлагIниг Зураэхь йитира. Кхеран собрани чекх а йаьлла, дояркаш хьелий оза йуха охьа ма-хевшши, Грозный-гIалара ши корреспондент кхечира.
— Уьш бу, шуна, тхан жигархой, — аьлла, баьхкинарш Нурсединий, Алпатуний, Зураъний тIе а хьовсийна, Керим фермин кIаранашка хьажа вахара.
Корреспондентех цхьаъ Алпатуций, Зураъций къамел дан охьахиира, шена цига йуххе хIоттийначу, лохачу гIанта тIе.
ДегIана лекхо, товш хетало важа корреспондент, шен можачу костюмца, цIен галстук а йихкина, готтий когаш долчу хечица, бIаьргех Iаьржа куьзганаш а дохкуш, вахана, Нурседина йуххе охьалахвелира.
— Со республикански газетан корреспондент Цицигов Хьоза ву! — Iаьржа куьзганаш бIаьргех дIа а дохуш, безамехь велакъежира иза. Нурседа а лерина хьаьжира цуьнга. Дикка йаздеш а Iийна, Цициговс ца хуучуха гIант тIехилийра, ткъа цунах, схьайеттало, духех ийна, маларан хьожа ца тайна, Нурседа ларамаза дIахилира. Шен гIант кхин тIе ца хилош, дуккха а йаздина ша ваьлча, Цициговс, блокнот кисана а йиллина, куьзганаш йуха дIа а доьхкина, дегала элира Нурседе:
— Тхох, журналистех, дукха хIума дозу, хьуна, дуьнен чохь. Стеган сий айар а, дожор а! Ас йаздийр ду хьох!.. Радиохула а, газеташ тIехь а йуьйцур йу хьо!.. Кино оьхий хьо? — Нурседин бIаьргаш чу хьаьжира иза.
— Дукха хан йу йахаза, — ойлане элира Нурседас.
— Хьан ца йохуьйту хьо? Майрчо ца йохуьйту?
— Сан майра вац, — гIийло дийкира Нурседин аз.
Цицигов, йуьхьа тIехь халахетаран кеп хIоттош, вулавелира:
— Тховса хIун кино йу гойтуш? Хаьий хьуна? — тIaккxa, аз лахдеш, кхечарна цахеззарг тIетуьйхира: — Хьовса гIyo вай сарахь?
Нурседас: «ХIан-хIа!» — бохучу кепара корта ластийра.
«Эхь хеташ йу», — хийтира Цициговна. — ХIа! Ас газеташна сурт даккха хьан… нислол… иштта… хIа-хIан… — аьлла, шен фотоаппарат Нурседина тIехьажийра цо.
Нурседина тIе а волавелла, ша и нисйечуха, цо, лаца ца богIучу кепара, цуьнан пхьарс лецира. ЦIеххьана тата оьккхуьйтуш, тIара делира. Цициговн коьртара шляпа а, мера тIера куьзганаш а генна дIадахара, багара цигаьрка йоьжна Iуьллура, кIур а оьхуш.
— ХIай! Iадатийн тIуьйлиг! Хьайн Iадаташ гойтуш хир йу хьо! Ас хоуьйтур ду хьуна! — карзахвелира иза.