— Дика ду. И шозлагIниг — кхана дуьйна а кхочушхир ду… ХIусаман гIуллакх ду халаниг. Сихха тайойтур йу вай!..

— Баркалла… Iодика йойла!.. — дIабахара уьш.

Цу сохьта телефон йийкира.

— ХIа-а! Де дика хуьлда хьан, Анна Львовна!.. Маса де ду цIахь сацийна? Фамили… дIайазйи ас: Хайдарова Эсила, пхийтта шо… Маре йала а дагахь бу? Тахханехь къастор ду… Эсила школе йуха хьажайойтур йу, хьуна, ас, Анна Львовна! Гур ду хьуна… Iодика йойла, Анна Львовна…

Йуха а шен ойланашна чуйуьйлира Нурседа:

«Бакъду, хала делахь а, уггар оьшург ду хIинца интернат йар: и ЭсилагIар, шайнна мехкарийн интернат а йина, божарех дIакъастийча, мукъна, дешна бовллалц йукъах ца баха мегара-кх болчара!..

— Мегар дуй? — схьахезира оьрсийчун аз.

— Мегар ду.

Чоьхьавелира лекхочу дегIахь, оьгIазваханчу сибатехь къона стаг:

— Накъост Берсанова! ХIокху тайпана гIуллакхаш дIадолхахь, со кхузара дIагIур ву… Стохка а милла лара со медпунктехь, хIинца а, кханий-кханий бохуш, дечиг даза ду… Iа мера кIел лаьтта.

— Олег! ОьгIаз ма эха! Дечиг хуьлуьйтур ду хьуна… Кхана суьйранна колхозан правлени хуьлу… дIавола. Со а хир йу. Цигахь дуьйцур ду вай.

И дIавахара. НеI ца тухуш, жимо йоI чуйелира.

— Дийцал, йоI, хIинца айхьа деанарг.

— Со лахахьара, хьер йолчуьрчу Iалвин йоI Миспаъ йу. Ас кху шарахь ворхI класс чекхйаьккхинера… суна кхин а дIа деша лаьара… амма тхан дас цIахь сацийна со, йуьртах а йаьлла, божаршца цхьаьна деша йохуьйтур йац ша аьлла… суна хезнера гIалитIахь нохчийн мехкарийн интернат йу, бохуш… дешна йаьлча, цхьацца корматалла а луш. Тхан да берта а валош, со цига нисйан хьажахьа, Нурседа.

Нурседина дагадеара: «Ма хала дийшира хIетахь ас а… шимма а… Ткъа хIинца а… кхета ца бохку-те вайн нах? Россехара специалисташ кхуза схьабоьхуш, уьш кхузахь сецош, къахьоьгу, ткъа вешачаьрга деша а ца доьшуьйту… Дош дац xIapa», — стоьла тIе буй а тоьхна, йуха, хьалхара йоI а гина, йелакъежира Нурседа:

— Миспаъ, гул а дай, кхана схьада хьайн доллу документаш. ТIаьхьо-м ду, делахь а хьожур йу со.

— Баркалла хьуна, Нурседа.

Миспаъ арайелира. Йуха а, беснех буй а гIортийна, ойла йора Нурседас: «Интернат йан йеза!.. ГIишлошна оьшу гIиpc а, ахча а, гIоьртича, схьакарор ду. Йан йолийчахьана чекх йер йу, амма»… Нурседин ойла кхоьлира: Iадатийн гуш боцу маша, нохчашлахь Казахстанехь мелла а малбелла хилла болу, уьш йуха цIабирзича, сихха андлуш богIура кху йуьртахь. Мехкарий доьшучуьра йукъахбохуш, цIахь сецор а, тоххара йицйелла чIираш йухахьейар а хезара, белхаш беш арахь алссам хуьлу зударий, кинохь ганне а ца гора. Iадаташ эша а диний бен, дIадахьа йиш йацара халкъ культурехь кхиор!

«Амма муьлхачу йуьххьера, хьалха хIун схьалаьцна, дIаболо беза и къийсам?» — ойла йopa цо. Кхин цхьа хIума а дара дагахь: Тавсолта… иза а дуьхьал вер ву… Шен деца девне а йолуш, цунна вас а йеш бен, и гIуллакх дIадоло йиш йацар дара уггар халаниг: да везара! Бераш ца дезна вацара иза. Делахь а цхьаьнгге а хецца цу хьокъехь йистхила йуьхь-м йац, цкъа шен чуьрчу Iадатех ца тасалуш. «ТIаккха — дена дуьхьал йаьлларг хир йу… Селита а тIе ца тан мега», — кхуьнан ойла хуьллушехь, Селита чуйелира:

— Халла саций-кх ас Джейран, хIинцца дIагIур йу ша аьлла, тохайеллачуьра.

— XIун хилла?

— Дадас дов дина-кх, коьртаIуьйра ара хIунда йаьлла аьлла…

— И-м дош ма дац, дадас лелориг: дуьненан йистера схьа а йалийна!.. Кхин хIун ду?

— Ниночкин, Каташан ловзар… Комсомольски ловзар! Кхана хуьлу… тхан школехь… Вайга а кхайкхина Анна Львовнас, — йекхайелира Селита.

— Кечло, сихха совгIаташ а эций, — резахилира Нурседа.

И дIайахча, ойла йора Нурседас:

«Бакъду, Iадаташ хIинца а чIогIа ду, амма бертахь тIетаIахь, эша лур ду!» Нурседас сацийра йуьртахь цу тIеман йуьхь кханнехь дIайоло! Оцу комсомольски ловзаргахь! «Амма стенна тIера, муха? — ойла йора цо. — И комсомольски ловзар ша а ду Iадатна дуьхьал керла хIума. ХIетте а, кхин ондо цхьа агитационни хIума тIетоха деза цигахь. ХIун тухур дара? Муьлхарг ду- техьа и, пайдехь долу, «цхьа хIума?»… «Райкомах цкъа дагайала деза», — ойла хилла, хьалагIаьттира и.

Чувелира жима стаг, боьмаша костюм а тIехь, кIайчу кучаца, кепка а тиллина, IатIаран хьожа а йетталуш — клубан заведующи Баштиров:

— XIapa-м со вара, Нурседа! Хьо кхойкху, бохура-кх…

— Кхойкхура. XIapa шун куьпара йоI, школе оьхучуьра сецна. Къаста а дай, Iуьйрре и школе йуха дIа а хьажайай, соьга хаийта! — Нурседас кехатан цуьрг дIайелира цуьнга: — Хьо ма ву культкомиссин председатель!..

Жима стаг, бIаьргаш тIедугIуш вела а къежна, дIавахара.

«ХIуьрцIаьлдиг!.. Кхуьнан зуда беркъа лела тIехь, — шеца фермехь болх бина Алпату дагаеара кхунна. — Ткъа xIapa… и бIаьргаш хьандина, нIаьна санна, сетта!» — оьгIазе ойла йира Нурседас…

Кабинета чуьра ара а йаьлла, шоссейни новкъахула меллаша йоьдура и райцентрехьа, хьалабаьллачу малхо дацдина шен IиндагIа а хьоьшуш. ШолгIачу этажа тIехь йолчу райкоман секретаран кабинетахь Нурседина хьалхара а, шолгIа а секретарь карийра, аравала дагахь, ший а коьрта техкинчу фуражкашца, ирахь къамел деш.

— Де дика хуьлда шун!

Перейти на страницу:

Поиск

Похожие книги