— Делахь а, оьрси йалийнарг шен нахах-м волу!.. Хьо хьоьжуш Iелахь, цу нускало и Каташ, вадийна, цхьанхьахула дIавуьгуш… стуннана а эцна! — Къамелана йукъайуьйлира йуха а йоккха стаг.

— И-м нис а дели хьан: Каташ ша ма вуй Казахстане ваха ветталург. Бал дIабирзинчул тIаьхьа уьш, баккъал а, дIабоьлху цига. Стуннана а хIун деш Iийр йу ша кхузахь? И йоI йоцург хIума ма дац цуьнан.

— Гой шуна! Деан ас боххучунна тIе! — шех тоам бина, гIадйахна йелайелира йоккха стаг. — Шен нахана вов-кх… Мохо даьхьна гIa санна!

— TIe дукха хьолехь чекх а ца долий церан дахар-м цхьаьна! — тIетесира кхечо.

— Дера ду, вон меттанаш IадIахь-м! — Iоьттира йоIстага. — Кхераниг-м муххале а! И къоман тайпанаш-м башха лера оьшуш а даций! Адаман дог дай коьртаниг-м! — оьгIазе элира йoIa.

Цу минотехь шен тидам йуха а ловзарна тIе а бирзина, йоккха стаг сецира: хелхарна йукъаваьккхинера кхойтта шо долу Джамбул. Дато бустамашца чоий, гIовтал дуьйхина, жимачу шаьлтанца, можа маьхьсеш а когахь, и хелхавала волавелча, дерриг ловзар цуьнга хьаьжжинчохь дисинера. Шеца йукъайаьккхинчу, шел лекхачу йоIана, и гена йаьлча, ког сиха шаршош, готосий, хьалхаэккхара иза. Цуьнан синкъераме йогу йуьхь хелхаран амалца товш бес-бесара хийцалора.

— Гора кIант йаI!

— Лечанан кIорни ду-кх!

— Хьовсал, Эсамбаев вац иза! Хьажал боьгIу бохь!

— И мичахь Iемина цунна?

— Ма тайна а ву! И йуткъа гIодайукъ! — кхуьйсура маьI-маьIIехь.

Нурседа йоккхайера. Ловзар дика дIадоьдура, амма сохьте хьаьжначу Нурседин йуьхь хIинца йулайелира: барт бина хан тIекхочуш лаьттара. Джамбула уьйтIахула маса готуьйсура, йоI йукъара ца йолуьйтуш. Хьалхарчу могIаршка а йаьлла, Зама а лаьттара, бага а гIаттийна, вешина тIера бIаьрг ца боккхуш. ТIаккха цIеххьана дIаиккхира иза цIехьа.

ЦIахь, нара тIехь ловзаран гIовгIа а хезаш, амма цига хIумма а са ца гатлуш, шен суьлхьанаш а хьийзош Iapa Тавсолта. Джейран пеша гонаха хьийзара.

— Дада, валохьа! — куьг а лаьцна, дIаозийра Замас ненада. — Цигахь-м хаза дай! Валохьа, дада! Джамбул вай цигахь-м хелхавуьйлуш!

Джамбул хелхавуьйлу сурт дуьхьалхIоьттича, ца Iавелла, гIаьттира Тавсолта. XIapa шиъ керта йуххе дIакхаьчча а, уьйтIахь хелхаран кIур беш воллура кхин цкъа а йукъаваьккхина Джамбул. Кхуо къарйина, гIелйелла йоIстаг, йела а къежаш, йукъара а йаьлла, шен метте охьахиира. Кертал чоьхьа ца волуш, нах меттах ца хьеба, арахьара хьоьжуш, нацкъаро сецира Тавсолта, Джамбуле цкъа бIаьрг а тоьхна, йуха чуваха дагахь. Кхин цкъа-шозза го а бина, Джамбул, йуккъерчу стоьла тIе а хилла, Каташана, гола тухуш бохь а боьгIна, йуьстахвелира.

— Нуц ваккха!

— Нус йаккха!

— Цхьаьний даккха! — маьI-маьIIера маьхьарий девлира.

И шиъ йукъадаьккхира. ХIинца, цу шинга а хьаьжна, дIаваха дагахь, кхин а сецира Тавсолта. Нурседа хIинца хьалагIаьттира. Ша йолччуьра кхин цкъа а шен мехкаршка бIаьрг туьйхира цо. ТIаккха цIеххьана цуьнан йуьхьа тIе IиндагIа дедира: йиллина хан тIекхаьчнера, ткъа хIинццалц кхузахь хилла а воцу Тавсолта хIинца, буьрса гIаларт санна, керта уллора чухьоьжуш гира цунна. Каташца хелхайолучу Ниночкас, бинчу бартаца, ша шозлагIа го боккхуш, уьйтIа йуккъе нисйелча, шен коьртара къорза дарин йовлакх, схьа а даьккхина, хаза тIехула а хьовзийна, коьртаIуьйра йолуш, белшех тесира. Цу сохьта цунах догдаьлла, дIаваха сацийра Тавсолтас, амма эццахь, цIеххьана цуьнан бIаьргашна хьалха хIоьттинарг, цхьа ирча гIан санна, кхин а тамаше дара — стоьлан гонашкахь Iачу массо а мехкарша, цхьаьний, эсала бела а къежаш, цхьабосса охьайахийтира шайн коьртара хIуманаш!

Цецваьлла Тавсолта хьалхатаьIира: цу сохьта нисса дуьхьаларчу «Дада-бIарана» кIелхьарчу стоьла тIехьа, массо а санна, кортаIуьйра йаьлла шен Нурседий, Селитий а гина, ша волччохь бIаьргаш къарзийра цо.

«Дуьне доха герга дахана-техьа?» — дагатесира Тавсолтина. Схьахьоьжучу шен дех хIинцца бIаьрг кхийтира Селитин а. Тавсолтин Iадийна йуьхь йайча, йуьйхира йоI. Сиха шен куьг белшах охьакхозучу йовлакха тIе даьхьира цо, иза йуха хьалаозош. Оцуьнан тидам хиллачу Нурседас, тIехьара схьа а лаьцна, охьаозийра йишин пхьарс:

— Ахь хIун до? И мегар дац, сан йиша! — элира цо Селитин лере.

— ДIахьажахьа! Ца го хьуна? — хаьттира Селитас доьхначу лерца.

Охьа а ца хууш, тIехьарчу могIарехь, массарна а гуш, ша лаьтта Тавсолта, гIорийначу йуьхьаца, цеце догучу бIаьргашца нисса кхаьргахьа хьоьжура. Цунна гонахара а, тIехьарчу могIаршкара а нах хьалагIевттира.

— Го-те! Гича хIун ду? Дерриг а дийцина дацара вайн? — элира Нурседас йише. ЧIагIделлачу дагца хьоьжура и Тавсолте.

Тавсолтин хIиттинчу бIаьргаш чуьра цабезаман алу туьйсура. Ша кхарна хIинца а дика ца го-те аьлла, иза кхин а цхьа-ши гIулч йуккъе хилира. Стоьла гонахарнаш а хьалагIевттира, делахь а мехкарий, йовлакхаш йуха дIа а ца тохкуш, кортаIуьйра лаьттара. Селитас кхин цкъа а шен куьг йовлакха тIе даьхьира, и хьалаозош. Цунна эхь а, къа а хийтира шаьш сел чIогIа догъэшийнчу шайн дех. Селитин йохар а Тавсолта а гина, кхин цхьана-шина йоIа а дIатехкира шайн йовлакхаш. ТIаккха Селитин лере таьIира Нурседа:

— Эхь ца хета хьуна?! Барт а хIунда бора ахь, хьуо шалха хирг хилча?

Перейти на страницу:

Поиск

Похожие книги