Эскинойхь комсомольски ловзаргахь хилларг массанхьахула гIаределира — цхьаболчара гIийбат деш, вукхара чIогIа хастош. Вовшашлахь доггах къобалдора и дукхахболчу кегийрхоша.
Тавсолтегахьа узуш, и ловзар аьшнаш деш, цунна йаппарш йийриш а гора. Амма хIинца дукханне дагахь кхин дара: муьлхачу aгIop доьрзур ду-те Тавсолтиний, цуьнан мехкаршний йуккъера дов? ХIун дер-те хIинца Тавсолтас?
Нахана йовзара Тавсолтин мокхазан амал, хаьара иза, къарвелла, Iийр воцийла, делахь а кхин а гора: заманан хийцам цуьнгахьа бацара! Амма цунна йух-йха Iеткъара къанвеллачу хенахь шена тIедеъна и «доккха эхь». ХIинца а, бешара гIуллакхаш дина а ваьлла, «Дада-бIара» кIел гоьрга тIе охьалахвелира и, ойлане вахана. Шен ши йоI саннарш йуьртахь кхин а шорта хиларо цуьрриг йай ца йора, цунна гергахь, цуьнан йуьхьIаьржо. Селхана Ахьмас а кхунна тIех а туьйхира, берриш карзахбаьхнарш кхуьнан ши йоI йу аьлла. ХIинца xIapa новкъахула дIасавогIуш, нах а, тохара санна, лараме ца хьоьжура кхуьнга, хьала а дегаза гIовттура.
«ХIан-хIа! — йуха а ойла оьгIазе гулйелира цуьнан. — Церан сискалш а йууш, сайн сий а доьхкина, царна кIел со соцур вац!» — шен дагахь ондда ойла йира цо.
Тавсолтин бIаьргаш чохь, кIегийн суйнаш гулделира. Баккъалла а аьлча, шина а йоIа xIapa волчохь хIинца коьрта йовлакхаш тохкура, кхуьнан йуьхь лоруш: «Вай Iадаташца къуьйсу, деца — ца къуьйсу» — дара дагахь. Бакъду, Селита, цуьнца кIеда-мерза хиларца, шеца и таван гIертара, ткъа Нурседас а шен ма-торру лорура иза: и вист шега ца хилахь а, эрна халахетар цунна ца долуьйтуш а, алапа дIалуш а, оьций, дена цхьацца хIума йахьаш а. Амма мехкарий вовшах а бетташ, хIинца кино а, клубе а кхуьйлура цо, гина фильмаш а, йешна книжкаш а цаьрца йийцаре а йохкуш. Иза дIакхачадора Тавсолтега:
«Iайт, гаур йаI! Хьох жима йолуш дуьйна а сан вагар эрна ца хиллера!» — цергаш хьакхийра дас, генарнаш а дагадаьхкина.
Перерывна бераш уьйтIа хьаьлхира. «Дада-бIарана» кIел дада а гина, тIейера Зама. Урамехьара схьаведира Джамбул а, карахь цхьа конверт а лестош:
— ТIехволучу почтальоно схьадели.
— Дешал.
Кехат Казахстанера дара: «Шакен-агIа велла… Со кхузахь ца Iийча ца йолу. Бехк ма билла. Йухаяре ма хьежа. Шу лоруш йолу Джейран»…
Тавсолтин бIаьргаш чуьра ондда догу кIегий, тIе чим тесча санна, дайра. И йуха цайарах бан тамаш-м бацара: Тавсолтина хьалххе дуьйна а ма хетара, иза иштта хир ду аьлла. Делахь а, хIинца, баккъал а и хилла даьлча, дог къовзийра цуьнан — тIаьххьара а ша виси! Шена йуххера Джамбуллий, Замий тIе а озийна, церан кортойх дехха куьг хьийкхира Тавсолтас, ойлане меттах ца хьовш, бIаьрзечо санна, пIелгашца сов дай, уьш лазорна кхоьруш санна, экаме кIеда церан месаш а кегош. Шеллуш санна, хебира и: Iаьнна гергагIерта гуьйренан денош баккъал а тIеттIа шеллуш догIура, амма Тавсолта хIинца шелвийриг и кехат дара. Кхин цкъа а, хоршахь санна, вегийра и.
— Дада, вайна иштта шийла а ма йац хIинца, — элира Джамбула.
— Делахь а… дегI шелло зама тIекхаьчна сан, Джамбул… Цхьа хан йара, ас дегIаца кетар йохйеш. ХIинца кетаро дегI дохде хан тIекхаьчна. Кестта дегI а, кетар а пеша хьалха лоьцу хан а схьахIуттур йу…
ОЙЛАНАШ… ОЙЛАНАШ…
Вукху бIаьста, хьалххе долийна долу некъаш тадар а, йуьрта электросерло йалор а май тIекхачале чекхдаьккхира. ХIинца йолийначохь лаьттачу интернатан ойла йеш Iapa кху апрелан сарахь шен кабинетехь Нурседа.
— Гора, Нурседа, йаI! — элира чуваьллачу, мичча aгIop а кхуьнца эвхьазвала луучу клубан заведующес Башгировс. — Хьо йуьртнана ма-хIоьтти, и Ленинан серло вайна а схьакхачий-кх ахь! — кабинета чохь йогучу электролампене корта а ластийна, кхуьнга куьг а кховдош.
Зуда йуьртда хиларх йуьхьанца цабаьшнарш а тIебирззинчу муьрехь, хIинца хIокхуьнан эвхьаза лер цавашарх тера хетта, цуьнан карара, хье ца долуьйтуш, куьг йуха а эцна, шийло элира Нурседас:
— Дийцал!
Дийца хIума а доцуш, вуьйхира важа:
— Со-м… xIapa… — цунах IатIаран хьожа схьайетталора. — Тховса хаза кино йу… Шу а догIий хьажа…
— Ца догIу! Цул а, айхьа боданехь йалло хьайн зуда Алпату йига ахь хьайца кино а, ловзарга а… И тоьлу хьуна!
Вист а ца хуьлуш, аравелира Баштиров.
— «БаштагIеран кIант!» — цайашарца дагадеара Нурседина цуьнан Тавсолтица кинохь Iер а. Шина цIоцкъамна йуккъе къоламан бух а гIортийна, ойла йеш, йуха а кехаташна тIелахйелира Нурседа. ГIалитIарчу СМУ-с тIелаьцнера интернатан гIишло январь кхачале чекхйаккха. Бух а боьттина, ах метр пенаш хьаладаханчул тIаьхьа, йеттина кибарчигаш а ца тоьъна, белхаш севццера. Ткъа хьалхара май тIекхачале пенаш ца девлча, гIишлойар планера дикка дужура. Грознерчу йеттинчу кибарчигийн заводехь заказ йинера цо ннтернатана тIеоьшу шовзткъа эзар кибарчиг а. Тахана телефона чухула хаьттича, уьш а йовлаза хилира.
Нурседас кхечу заводе а кехат дахьийтира…
Амма цигара жоп дале, Нурседа цIеххьана, райцентре, райкоме балха йаьккхира, зударийн отделан заведующи йина. «Интернатана гIo дан аьтто а совбаьр!» — аьлла, резахилира Нурседа.