Воккхачу стеган дог ловзалелхара: хьоме кIант! Исбаьхьа Киев! Беза болх! — дерриг а йуха гур ду! Тахханехь новкъа вала лиира цунна. Делахь а, кхин кхаа денна тIаьхьатеттира цо шен дIавахар: цкъа-делахь, Селитас аьлла кхо дитт дехьа догIар, дуола а дина, чекхдалаза дара. Цул совнаха, оццу агIорхьа цхьаьний новкъа бовлуш бара Казахстане боьлху Анна Львовний, Ниночкий, Каташший, цаьрца ваха тIаьхьасецна Ахаттий.

Егорычан дехарца колхозера бригадица гIo дан Тавсолта а веъна, дитташ вукхузахьа дийгIира. Накъостий дIабахча, Тавсолтега шегга, бехк боккхуш, элира Егорыча:

— Партизан а майраниг вара хьо, Тавсултан, белхахо а диканиг ву… Амма, сел Iадаташна тIевирзина хIунда ву-те хьо? Ца го хьуна керла зама?

— Шун шайн гIиллакхаш ду, тхан — тхешан ду… Цул хIун оьшу тхан нохчийн ловзар? — къамел ца дахдойтуш, Iодика а йина, чувахара Тавсолта…

Чукхаьчча, гIийлачу йаххьашца шена хьалагIевттинчу Селитей, Нурседей вист ца хуьлуш, шен чу вахара иза. Цаьрца дан деза къамел а, цуьнан меттиг а хIинца а шен дагахь къастоза вара и. Амма церан йаххьаш хIинца гIийло гаро: «Шаьш селхана динчунна дохкобевлла-те?» — аьлла, догйовхо йира цунна.

XIapa волчу а йеъна, эсала кхунна хьалхахIоьттира Джейран:

— Воккха стаг! Суна Ахатца дIайаха лаьа. Цигара хьал хьуна а хезна. Шина йоIе а ас и хIинцца аьлла. ДIа ца йахча ца йолу со.

— Муха? ХIинццалц схьа хьахийна хIума а доцуш! Мича бахьанина? — цецвелира Тавсолта. Дагахь къовзийра иза: «Массо а къаьхкаш лаьтта»…

— Со реза вац! — элира Тавсолтас.

— Ткъа хьан дош… ма лиъа, йухайохуьйтур йу, цкъа хьажахIотта, мукъна, дIайолахьа, ахь а аьлла, ца йеара со?.. Со-м сайн дагахь, цига а хьажахIотта йоьду… цхьаъ ца хилахь… Дуьхьал ма валахь, воккха стаг… ас йаздийр ду хьоьга сайн хIуттург, — таьIначу озаца тIетуьйхира Джейрана.

— Дика ду, делахь! Ас-м сецор йац хьо нуьцкъала… гIyo хIета… «хьажахIотта», — элира Тавсолтас, амма xIapa ша а, дехьа чохь кхеран къамел хеза йижарий а шайн дагахь дика кхетара Джейран йухайогIург цахиларх…

Вокзалехь вовшахкхетта, цхьаьна новкъа бовлучийн тоба йоккха йара: Акмолинске кхаччалц боьлху Каташ, Ниночкий, цаьрца Анна Львовний. Алма-Ата воьду Ахаттий, цуьнца Джейранний. Киеве воьду Егорыч а…

ГIийло лаьттара новкъа баха баьхкинарш: Кериммий, Селитий, Нурседий, кхин а… Тавсолта ца веънера. ЦIерпошт схьакхачаре хьоьжуш перронехь, тIаьххьара къамелаш деш, бекъабелла лаьттара доттагIий: Егорычций, Ахатций — Керим; Джейранца — Нурседа; Анна Львовница — Селита; вуьш — къоначаьрца…

Джейранан ойланах дика кхетта йолу Нурседа цуьнан догъэца гIертара, и йухайогIу aгIo лоьхуш:

— Дада а кхин кIоршаме хир вац хьоьца, оха а эр ду хьуна цуьнга и доггах. Цкъацца ша сиха хилахь а, догдика а, хьо йезаш а ву хьуна иза. Тхуна а тхайн нана санна хета хьо… Варале, йухайоьллахь, Джейран! — хьоьстура цо и.

Амма Джейран, цуьнга ла а доьгIуш, йуьхьца ца хийцалуш, кхоьлина йара:

— И хIун ду: цигахь — «Джейран», кхузахь — «Зуда»? Цигахь гуттар цхьаьна хила лууш вара, кхузахь даима къаьстина лела! Пайдабоцчу хIуманна тIехула дов оьккхуьйту. TIe, оьгIазвахча, ши-кхо де а доккхий-ца вист ца хуьлуш цхьаьна чохь! Со хIунда йеана кхуза, цу дуьненан йисттера, цунна тIаьхьа а йаьлла, xIapa вистхуьлуш а ца хилча? Сайн цIахь йа Iен хIусам, йа йуург йоцуш-х ца йеаний со? — соцунгIа а хилла, нисса Нурседе хьаьжира Джейран.

Цуьнан кIеззиг раз доьгIначу, хазачу, хIинца сингаттаме севцначу, Iаьржачу бIаьргаш чуьра хи даланцара: уьш декъа, амма ойлане хьоьжура шайна хьалха. Корта а, сакхбаьллачу кхокханан санна, кIеззиг раз таIIийнчохь сецнера цуьнан. Нурседа, чухула пхьарс а баьккхина, меллаша дIасалелара цуьнца, дагна оьш-оьшу дешнаш лоьхуш.

Схьакхечира цIерпошт. Керима церан билеташ цхьана вагона тIе а нисдина, цхьаьний тIебевлира уьш. Селитас мара а къевлина, хаьттира, вагон тIера йуха а охьайоьссинчу, йуьхь йекхаеллачу Анна Львовне:

— Алахьа, хала ца хета хьуна, айхьа ткъех шарахь болх бина меттиггий, тхой дитина дIайоьдуш?

— Дера, хета! Делахь а, диканна йоьдий со-м… Целинехь со кхузахьчул а чIогIа оьшу хIинца… сайн берашца а хир… Йукъ-кара вай вовшашна тIекхача а мега! Вовшийн дагахь мел ду, къаьстина а даций вай-м! Йуххехь а боллушехь, вовшах къаьстинарш а дукха ма бу. Вай мел гена довлахь а, даим вовшашна гергахь ду! — бIаьргаш чу хи доьссира цунна. Йуха а мар-мара лилхира…

ЦIерпошт дIайолайелира…

Селита лешначу бIаьргашца тIаьхьахьоьжура цIерпоштна: цуьнан даго хьоьхура — хIинца гуттаренна а дIайуьгура цо, кху дуьнентIехь цуьнан уггаре а хьоме доттагIа — Анна Львовна!

* * *

Уьш дIабаханчул тIаьхьа Эскинойхь школин директор Селита хIоттийра. Тавсолта а школин хехо вахара, беш лелор тIе а диллина: воккха хилла вогIучу Тавсолтина шен лула балха ван лиира. TIe Джамбулний, Заминий ша йуххе а хир, — бохура цуьнан даго. И бераш хIинца кхин а хьоме хетара: вистхила, тIеозо кхин цхьа а ца виснера цуьнан. Тийна лелара и школин бешахула, шен гIуллакх деш.

Масех кIира а делира. Селитига ца ваьлла, балха тIехь а, чохь а, цхьа-ши дош олура цо, амма Нурседига-м вист ца хуьлура, йа дIа а ца хьожура.

Перейти на страницу:

Поиск

Похожие книги