Ша хьаьгна аплодисменташ а йехира цо эццахь майрра. Амма цу чохь хиллачу Далхьадна, даггара хазахеташ, пленумо цхьадика йуххе а ца дитира молокопроводах лаьцна цо аьлларг. Ткъа нагахь ца хууш а пленумо и тIеэцнехь, — Далхьадна хаьара — Тойсума дакъаза а бохур бара-кх хьуна районера бахархой, и план кхочушйан гIерташ, пачхьалкхан дуьхьа а доцуш (цуьнан ойла-м багахь бен ца йора цо), адамийн дуьхьа а доцуш (уьш-м дага а ца лоцура цо), — дуьххьалдIа хьаькамашна хьалха ша вазваларан дуьхьа, шен цIе йаккхийтаран, ша айъийтаран дуьхьа! Цу заманахь, и воцург а, дукха бара, оцу тайпанчу амалехь хьалакхиъна белхахой. Коьрта долчунна цара хIоттадора цу заманан политикин де а.

ТIехIоьттира эххар а Сталина цIий Iеночу шерашлахь а уггаре а мIаькдаьлла I937-гIа шо. Moгlapepa нах а, баккхий хьаькамаш а, аьтту а, аьрру a aгlop схьа а лоьцуш, гуш бахьана а доцуш, «халкъан мостагIий» бу а бохуш, тIепаза бойуш хан йара. Тойсум санна болчеран дезде хIоьттира. Тойсума массо собранешкахь а массарел чIогIа кхойкхура хIинца, «халкъан мостагIий» шайн орамашца дIабаха беза, бохуш.

Оццу муьрехь кхеран райкоман шолгIа секретарь а ваьхьира, цуьнан метта Далхьад а воккхуш, Далхьадна и хIумма а хаза ца хеташ, амма цунна дуьхьалойар а кхераме дара xleтахь. Хьалхара секретарь а таьIно лелара. Райисполкоман председатель волу Тойсум хIинца цо кхайкхича а дегазо вогIура тIе, ца вогIуш меттиг а йора, тIе, районан активехь цо, демагогех йуьззина, бух боцу критика а йира райкоман хьалхарчу секретарна: «Шен меран кIелахь, ша бIаьрзе волуш санна, ган а ца гуш, «халкъан мостагIа» шолгIа секретарь а вина лелийра цо», — аьлла. Тойсум хIинца, дарехь, нахана а, райкоман куьйгалхошна а цхьабосса чIогIа коьртахвелира. Цунна хIун дийр ду а ца хууш, кIордийнера и массарна а. ТIаккха Далхьада — и хIинца а шерра дагадогIу Тавсолтина — ша волчу дIа а кхайкхина, Тавсолтига шегга къайллаха цхьа хьехам бира Тойсумах лаьцна. Тавсолтас и кхочушбира.

Цул тIаьхьа йуьртахой, Тойсумна луьйчуьра а сецна, мелхо а собранешкахь, хьала а гIуьттуш, шайн къамелашкахь, иза Сталинга дIа нисвеш, хесто буьйлира, тIе xlopа къамел чекхдолуш, массара а, цхьамма санна, мохь туххий кхайкхам а бора:

— Декъала хуьлда халкъийн тхьамда сийлахь-воккха Сталин! Декъала хуьлда вайн тхьамда Тойсум Мотбехов.

Кхин а сонтавелира Тойсум. Цунна ца хаьара и мел кхераме ду! Амма, дукха хан ца йелира: I938-чу шарахь бIаьста, дагахь а доцуш, газето хаийтира, Тойсум, и «халкъан мостагI» хиларна, чувоьллина аьлла.

Цу заманахь керла мур бара Сталина нахана гергахь ша закон мелла а меттадалоран куц xIoттош: ша хIинццалц мел Iенийначу цIийн бехк а халкъана гергахь шена тIера дIахило лууш, Сталина, шен амалехь, лаххьийна цхьаболу лакхара а, меттигера а НКВД-н хьаькамаш, лецна а, байина а, дIа а баьхна, церан цхьа чкъор хийцира. ХIинца тIебаьхкинчу НКВД-н керлачу хьаькамаша гIурбанна шайна эшначохь ТойсумгIар а башха кхоа ца бора: уьш кхин а шортта бара.

Эскинойхь нах къаьсттина баккхийбера, халкъан мостагI ву а аьлла, хIинца эххар а, баккъал а халкъан мостагI волу Тойсум чувоьллина. Амма гойтуш баккхийбе а ца баьхьара: «бIаьрг хиларна» кхоьрура, тIе, «хIун хаьа, цIеххьана схьахоьций а»… — бохург а дара дагахь. Амма, хье ца луш, хIеттахь, районан клубехь суьдан процесс дIайолийра, чубалийна корреспонденташ а Iаш, пропускашца чугулбелла а, арахь лаьтташ а дуккха нах а болуш. НКВД-н хьаькамашна а, Iедалхошна а хаьара и процесс хIинца мелла а «схьайиллина» йолчу хормехьа оьзна йан мегар дуйла: цкъа-делахь, тахана шена тIехь кхел йийриг, халкъана а ца везаш, билггала волу халкъан мостагI ван а вара, меттигерчу Iедалхошна а, нахана а цхьабосса кIордийна. ШозлагIа-делахь, Сталинан Iедал хIинца дуьйна халкъехьа, нийсонгахьа оза даьлла бохург нахана шуьйрра дIагайта дезаш мур а бара. Цхьаболу нах баккъал а, Iехабелла, чу са деъна, хIинца дуьйна-м цхьа диканиг хила а ма мега вайна, бохучу ойлане а бевлира.

Процесс йола ма-елли, церан а ойла хийцайелира: массарна а гира Тойсумна а, цуьнца цхьаьне суьде оьзначу, и санна нахана ца везачу кхин шинна а (районан налоговой инспекторний, Эскинойрчу колхозан председательний) тIетуьтту бехкаш, церан шортта баккъала а болучех а боцуш, мелхо а, чохь ладоьгIучарна а бакъ ца хета бехкаш дара: уьш кхуьй а бехкевора, Тойсум а коьртехь, районехь къайллаха йолу буржуазно-националистически организаци цара кхолларна, халкъан экономикехь зуламаш дарца Советан Iедал харцо дагахь уьш хиларна. Схьагарехь, НКВД-чу хьаькмаша суд йаран хорма, мелла а керлачу Iалашонехьа узуш, нийса хийцинехь а, амма цуьнан чулацаман хатI хьалхалеррачу эшарехь дитинера цара — йа иза оцу Iалашонца нисдан шаьш цакхиарна, йа шайн хьекъал цатоарна: башха хьекъална кIорге йолуш а бацара хIетахьлера НКВД-н белхахой а, йа суьдан куьйгалхой а: уьш дукха хьолахь леррина долу, хьовха, ур-аттал дуьззина йукъара дешар а чекхдаккхаза хуьлура. ГIалитIера ваийтинчу коьрта бехке вечо, прокуроро, дарехь, гIараваьллачу Москварчу генеральни прокурорах — Вышинскийх тарвала гIерташ, аркъал а сетташ, аз стамдина хаьттира:

Перейти на страницу:

Поиск

Похожие книги