— Собар!.. Собар!.. Цхьа дош алийталахь соьга! — леткъира Тойсум. — Аш и дахь, нахала а дер ду и, Iедале а дер ду. Оцунах шуна а доккха зулам хир ду тIаккха! Со къера ву сайгара даьллачунна, — Тойсум цу сохьтта ша меллачу маларх меттавеънера. TIe, иза атта къарлун волучарех а вацара. — Вайнехан Iедалехь аша лелориг нийсо йац. Соьгара шуна хилла эхь цхьанна а хууш а доцуш къайлаха ду. TIe хилаза а ду. Ткъа аша сан лерг даьккхича, и дуьненна а гуш хир ду. TIe, оцуьнан бахьанех нах ца кхуьуш а Iийр бац, тIаккха оцунах шун Совпатуна а сий тIекхетар дац. Цундела ас доьху шуьга, со къера ву сайгара даьллачунна! Сох къинхетам а бай, кхин тайпа, къайлаха дуьсу долу таIзар а дай, витахьара аша со!..

Вежаршна Тойсум нийса луьйш санна хийтира. «Дика ду делахь!» — аьлла, тIе шаьлтанаш а лаьцна, Тойсум нара тIе бертал а вижийтина, цуьнга шен шарбал шега охьа а йаккхийтина, цуьнан охьахуучу кIедачу метте, цIергахь цIиййина, ши кепек йиллира Бетара, кхагаран хьожа а йоккхуш. ЧIикъ ца боккхуш, лайра и Тойсума: «Цига хьоьжуш-м мила воллур вара?» — бохург шена дагахь долуш санна. Амма и гIуллакх чекхдаьлча а, Бетара, цу тIехь а ца соцуш, Тойсуме оьгIазе элира:

— Ахь хIун дей хIинца: дIо уьйтIахь, рагIуна тIехьа, тхуна хьаштагIна ор а доккхур ду ахьа, вукху aгlop а хьайна изза хьал дойла ца лаахь!

Йуххехь лаьтташ, шаьлтанаш а йаьхна, важа ши ваша а вара.

— Гур ма ву со.

— Гур вац. Садовш лаьтта. Гонах керт а йу. Сахилале вер ву хьо… Хабар ма дийца!..

Сатассале, и гIуллакх дина а ваьлла, ша дIавоьдуш, Тойсума дийхира Бетаре церан кетIахь:

— Гой хьуна, Бетар, хьо соьгара богIу мах буьззина дIаэцна а ваьлла, со дIабелла а ваьлла. Вайна йукъахь хIинца йуьззина расчет йу. Вийна стаг витинчул тIаьхьа машар беш Iедал ма ду вайнехан. Цундела ас хьоьга доьху, xlapa гIуллакх цхьаьнгге а цкъа а цахьахадар а, хIинца дуьйна вайна йукъахь машар хилийтар а. Сайн aгlop аса дош ло хьуна: шуьца хIинца дуьйна сайн ма-хуьллу дика хила!

— Дика ду! — резахилира Бетар а.

Вовшашка дегазо куьйгаш а делла, дIасакъаьстира ший а. И дерриге а хIеттехь къайлаха хезнера Тавсолтина: Нурбикин гергара хуьлуш йара Совпату. Амма Тавсолтас, кхин цхьаьнгге а ца хьахош, шеггахь дитира и.

Тойсумна цул тIаьхьа кхин цхьа вас а хилира. Шо чекхдолуш, райисполкомо динчу жамIаца Тойсума куьйгалла ден сельсовет дикка тIаьхьайиснера, тIе, кхуьнан йуьртарчу колхозникийн гайтамаш а ледара бара. Цу хьокъехь, кхуьнга а, кхечу йуьртадайшка а дIа а кхойкхуш, — Тавсолтина дика дагадогIу и — райисполкомо хIетахь райцентрехь гулам бира.

Райкомпартина хьалххехь йолчу майданахь дIахIоттийра аннех йина, тIебоьду некъ а аннийн болуш, айаелла гIопаста. Цу тIе а бохуш, церан цIерш а кхайкхош, тоьллачарна, массарна а гойтуш, «толаман байракхаш» а, кхин тайпа совгIаташ а лора хIетахь. Тойсуме а цига тIекхайкхира. Шена кечдинарг хIун ду а ца хууш, курра дIахIоьттира Тойсум. Тавсолтина дагадогIу иза цигахь, цхьа ког хьалхахьа дIа а тесна, кура дIахIоттар. Шина стага, оззийна тIе а йаьккхина, Тойсумна йуххе дIахIоттийра жима сира вир.

— Xlapa вир… цо цабаьхначу кхиамашна Тойсумна ло вай! — аьлла, схьакхайкхийра. Цу заманахь белхан йохьаллин къовсамехь эшначарна и тайпа совгIаташ деш а Iедал дара оцу районехь. «ГIоггI!» — аьлла, нехан белар иккхира. ТIаккха вир а Iаьхира. Нах кхин а чIогIа бийлабелира, хIаваъ декош. Воьхна, дIасахьаьжира Тойсум, ша хIун дер ца хууш.

ЦIеххьашха, оьгIазвахана, шен куралла дагайеъна, мийра тоьхна, цо и вир Iункарнехьа чуйаийтира, цуьнан цхьа ког а бош. Вир ша йолчохь а йитна, шуьйрра куьйгаш а лестош, курра дIавахара Тойсум, «суна-м аш хIун дер дара?!» — бохучу дагахь…

Перейти на страницу:

Поиск

Похожие книги