— Вай деха хIинца: шина банки чохь даьтта, джем. XIapa йакъийна паста… туьркаш — кхо килограмм. XIapa Iаьржа бепиг — пхи «кибарчиг»… XIop а ах кийла узу. Кхарах кибарчигаш олу, хIорш баккъал а шайн кепаца кибарчигех тера хиларна. Ткъа туьканахь бепиг духкург мила йара хаьий хьуна? Махнон йоI йу бахара-кх! Тера-м яра: шуьйра бат а, йуькъа кхесс а, йаккхийра кIайн цергаш а йолуш… Ткъа хьан эткаш соьгара хьан ийцирий?.. Чубаран кIант ву ша бохура… Базарахь белшах тесначу жимачу боьчки чуьра мала шийла хи духкуш леларг мила вара? Нальчикера — гIебарто! Цо дуьйцура ша правительственни санаторехь хехо волчу хенахь, цига садаIа Сталин веъна волуш, цо ной чохь ца хууш ког багабар, хи тIех довха а хилла. Берияс цу дийнахь цигахь балхахь мел хилларг, лаца а лаьцна, вийнера: цара массара а дарий динера. Ткъа со, итт шо хан а тоьхна витира, цу дийнахь цомгуш сайн цIахь Iуьллуш а хилла, балхахь хилла цахиларна. Ткъа сан пехашка ладоьгIна лор мила йара?.. Ягода!.. ХIаъанний — «оцуьнан» йиша. Сан даге ладоьгIна къена лор? Антаки — ах грек, ах турок. Мел дика стаг вара хаьий хьуна, шурула кIайн цIена куьйгаш а долуш!.. Со шайн чохь йуза а йира… Мах боцуш, шен чоьтах молханаш а делира. I9I3-чу шарахь, ГIизларехь ша болх беш волуш, хIеттахь вийначу вайн гIараваьллачу обарган Зелимханан дакъа теллинарг ву ша бохура… Цхьанхьа — Троцкийн хилла секретарь… Вукхузхьа — Косиоран ваша… Цигахь воцуш стаг вацара. Массо а уьш спецпереселенцийн хьолехь а бара… И гIала йаьккхина-кх, хьуна, лецна хиллачу а, маьрша доцчу а адамех… Суна хетарехь, вайн Политбюрон членаш боцурш, Советан махкахь цхьа а вац-кх, хьуна, маьрша, кхерамехь воцуш…
Керим велакъежира:
— Делахь а… Политбюрон членаш а-м бу, хьуна… кест-кеста хийцалуш.
Кесира ца кхийтира.
— ХIа! БIаьрзе Рашид а вара базархула лелаш, жима кIант хьалха а ваьккхина. ЧIогIа хазахийтира со дуьхьалкхетта. Шайга йола а элира… Амма Эскинойра-м ца гира суна цхьа а.
— Дика ду… Ахь деънарг-м доккха беркат ду… Кхана Каташна тIаьхьа a гIyp ду вайша. Болх лаха а беза…
* * *
Амма и «беркат» кIиранга бен ца делира.
Шайна бегIийла хета болх кхин карориг а ца хилла, ший къар а делла, колхозе куьйгабечу балха дахара.
Каташ, ангинех жаннашна Iаткъам а хилла, кхин а больницехь висира.
Кесира кхин цкъа а йахара базара, шайн тIаьххьара, йохка мега хIуманаш а эцна. Царех хилла напгIа а кхин цхьа кIиранна бен ца тоьира. Мацаллин мур схьахIоьттира КеримгIеран чу а!
«Ма дика ду Каташ хIинца а больницехь Iуьллуш», — элира Кесирас. Иза йукъ-кара ТавсолтагIаьрга йоьдура: Селитас шайн йерг кхалла лора: церан ахьар хIинца а кхачоза дара, тIе, Шакен-агIара жим-тIам гIo а дора царна.
Ткъа Керим, цкъа ПолатагIаьргахь чай молуш, йуха Каташна тIаьхьаваханчохь Эзаус чорпин кад луш, кIелхьараволура. Оцу мецачу чоьнна тIе денна колхозан балха эха а дезара шиннен а. Цхьадика колхозан кхаш тIехь йукъ-кара стохкалера бухайисна картол йа бурак карайора.
* * *
Тахана Iуьйранна дуьйна а, йуучух кхеттане а кхетаза, колхозан кхаш тIехь доллура Кесирий, Кериммий, вовшашна гена доцуш, шайн-шайн дакъош тIехь.
— Хьажал! — цхьа гIорза хьалаайира Кесирас, йуьхь серлайаьлла. ТIевахара Керим:
— Ах йахкаелла-м йу… Делахь а, и ах дIа а йаьккхина, кхехкийча мегар йу.
Шимма а леррина кхин а аьхкира циггахь: кхин ши картол а карийра, вукхунах тера. ТIетаьIIина саьнгаран йистера латта а аьхкира: халла кхин цхьа бурак а карийра, жимо йелахь а, йахкайалаза.
Цхьа картол, цIан а йина, буьйда йоллушехь йиира шимма а кхуззахь.
— Тоьар ду цкъачунна… Чу гIой xIopш кхехка а йеш, жимма садаIа. Со а, хьан латта, ах мукъна, чекх а даьккхина, дIавогIy, хье ца луш.
Кесира чуйахара, куча йисте хьарчийна и рицкъа а эцна. ДIайоьдуш и, мохехь маргIал санна, йай лесташ гинчу Кериман дог Iовжийра…
Малх гIушлакхе белира. Цо дохдора белшаш а, букъ а. Делахь а корта хьийзара: хьалха — жимма, тIаьхь-тIаьхьа алсамо. Ге чохь саццанза гIyp дора. КIеззиг лазайевллера настарш а. Вортанах, йуьхьах дуьйлучу хьацарна йовлакх а хьокхуш, са а доIий, йуха а дIаволалора иза бел Iитта. Болх хIинца а дуккха а биснера: вукху саьнгарна тIекхача ткъех сов гIулч йара. Малх нийсса коьрта тIе хьоьжура. Де дохделира. Хотторашкахь а, пхьаьрсашкахь а, цхьа тамашена тамехь йолу малолла йаьржира. Долла дегI а тамашена дайделира, пелаг санна. Кериман ойла а, ша а цецволуш, цIеххьана дуьненан массо гIайгIанех цIанйелла, шен гурара цIеххьана хецаделла олхазар санна, аре ма-ййу, тIомайаьлла дIахьаьдира, цхьанххьа а шена дуьхьало йоцуш.
Кериман лергаш чохь цаьпцалгийн цхьа зов делира. Бага йакъайелира. Вахана, йуххерчу арык чуьра хи мелира канахь. Жимма чу са а деана, йуха а шен балха дIахIоьттира, малхехьа букъ берзош.
Ге чохь ден гIyp, хIинца кхин а совдаьлла, лергашна а схьахезира цIенна.