— Кхетахь, накъост комендант: со хIинцца бен армера кхарна тIе а ца кхаьчна. Кху йоьIан нана — сан йиша йара. Иза а, цуьнан майра а — ший а мацалла делла, со тIе а кхачале. Хьажахь кху кехаташка: со Узденов Ниязби Наибович ву, Ткъа йоьIиган нана Наибовна, хьовха, сан йиша йу. XIapa бухайита кхуьнан сол гергара стаг вац. ДIайигийтахь xIapa соьца. Со-х тIеман летчик а ву! Тешахь сох. Ас доьху хьоьга! — бохура кхарачайс.
— ХIан-хIа! ЙоьIиг хьан фамилехь йац. И хьоьца дIаязйан бакъо йац. Хьайна лаахь, хьуо дIагIо, иза гергарчийн Iуналлехь йитий. Вало, сихха, xIapa чу а йигий, хьайн ларча а йахьаш, схьавола. Кхуьур ву хьо.
Ниязби, йоIиг а эцна, дIавахара. Керим лаьттара, наха лелочуьнга хьоьжуш.
Цхьа грузовик йоьттира. Важа а йотта йолийнера. Ниязби а сиха схьакхечира, шеца йоIиг йоцуш, кара чамда а лаьцна. Чамда йоккхо йара, шина a aгlop даьхна Iуьргаш а долуш: «Гарехь, чохь цхьа йуухIума хир йу цуьнан» тидам бира Керима. Коменданта шен кехат тIе хIинца куьг а таIийна, Ниязби а грузовика тIевелира, шен чамда а эцна. Керима, грузовикна тIе а хилла:
— Некъ дика хуьлда! — элира, шена и хIинца вевзаш а лерина. Грузовикаш дIайахара. Керим а вухавахара, райисполкома чу а ца воьдуш: эрна дара.
Вукху дийнахь колхозан правлени вахара Керим йуха а болх лаха. Полат а вара гIоьнна йуххеваьлла. Амма, Полата мел гloдарх а, кхуьнга кхийдориг колхозхочун болх бен, кхин болх бацара. Ткъа Керима оцунах дегабаам бойла а дацара: дукха бара кхузахь, Керимна а хууш, цIахь нефтяникаш, техникаш, юристаш, хьехархой лелла нах, хIинца колхозехь куьйгабечу белхашкахь.
Лама Iуьйранна Керим йуха а райцентре вахара, райисполкомехь болх беха. Йуха а гира цунна циггахь лаьтташ спецпереселенцийн пхьоьха а, комендант а, районан цхьацца белхахой а. Пхьоьханахь тохарлеррачуьнга, и йуха а кхузахь нисвелла, хаьттира Керима:
— ХIун ду?
— Чулактаура машен а, векалш а бу йуха а хIинцца схьакхача безаш… Кхин а белхалой бига: гой хьуна, мел гулбелла?..
Шаьш болччохь уьш а битна, Керим райисполкома чувахара. Председатело тIе а ца витира. Ответсекретаро элира:
— Шуна кхузахь белхаш бац… Лаахь, Чулактау гlyo.
Керим пхьоьханна йуха тIевеара. Кестта цхьа грузовик а, цуьнца шиъ векал а схьакхечира Чулактаун заводера, тIехь хьалха дIабаханчех, реза а ца хилла, вухавеана пхи-йалх стаг а волуш. Массо охьабиссира. Цаьрца охьавоьссина, йуьстах а ваьлла, ойлане лаьтта Ниязби а гина, цунна тIевахара Керим:
— Ассалам Iалайкум, Ниязби! Тохара вайша вистхила ца кхиънехь а, суна хьастагIа гира хьо кхузахь. Со а, хьо санна, фронтовик а, хIинца, хьо санна, спецпереселенец а ву. Нохчо. Сан цIе Керим ю.
— Алейкум салам, Керим. Со-м вухавеа: алапа а кIиранна тоъал дацара… Столовера йуург а, киса дассош, бошхепан бух гуш йара. Баракашна чухула хецца мох а, тIе сыпной тиф а лелара, мезашца цхьа барт бина. Цхьаберш-м севцира цигахь, кхин дан амал а ца хилла. Со схьавеа-кх.
— Хьан чамда? — велакъежира Керим, цо иза цигахь йоьхкиний-те аьлла, дагадеъна. Наязбин йуьхь кхоьлира, бIаьргех, суй санна, сирла тIадам тесира. Керим цецваьлла висира, вист ца хилалуш. Ниязби а цхьана ханна иштта лаьттира, вист ца хуьлуш.
— Бехк ма биллалахь, Керим, — элира эххар Ниязбис. — Хьуна ма хезира сан комендантаца хилла къамел… Ас чамди чохь дIайаьхьнарг и сан йишех йисна йоIиг йара, цхьаьнцца а и кхузахь бухайита таро а ца хилла. Тхо цига дIакхаьчча, ас чамда схьайиллича, и чохь йелла карийра суна, чамдина ас Iуьргаш даьхннашехь… Цигахь и дIа а йоьллина, каш даьккхинчарна и чамда а йелла, кхин йала хIума ца хилла, вухавеа-кх со… Иштта ду-кх вайн гIуллакх хIинца, сан ваша фронтовик.
Комендант тIевеара:
— Накъост Узденов! Ахь цIахь йитина боху и йоIиг суна хаалуш ма йац. И суна схьагайта йеза ахь кхана. Кхочуш ца дахь, ас жоьпе озор ву хьо, — аьлла, комендант йуьстахвелира.
— Гуш ду-кх хьуна вайн гIуллакх, фронтовик! — Кериман Iодика а йина, дIавахара Ниязби.
* * *
Чувеъна, Керима шена дайнарг дийцира Кесире. ТIаккха, Каташе хьажа дагахь, Гродеково ваха аравелира. Жал-тюбех араволлуш гира кешнашкахьа барма эцна боьлху нах. ДIакхийтира царах — гIo дан. Нохчий бара. Веллачун гуш йуьхь йара: айрин басахь… KIopггe чуэгна хьабдина бIаьргаш… ТIейевлла беснийн даьIахкаш… Буц йиъна сийна, лилхина балдаш…
Хетта а ца оьшура стенах велла. ТIаьхьахIиттинарш а бацара дилхана дукха тоьлла. Жал-тюбена тIехьа, уйгурийн кешнашкахь дIавоьллира и. Къамелаш кIезга дора. Массо дог эшна а, дегI эшна а вара: мацалла массеран а неIаре схьахIоьттинера. Кхин цкъа а цаьрга кадам а бина, Гродековехьа дIаволавелира Керим.