Больницин учахь кхарна тIейеара кIайн халат йуьйхина, коьртахь а кIайн йовлакх а долуш, аьрру бIаьштига тIехь жима мо а болуш, цIоцкъамаш тамашена бес-бесара — цхьаъ доIахан басахь, важа сирлачу аматехь долу медсестра:

— Охьаховша. Лор хIинцца схьавогIу. Эцца кертахь ву, шен огород охкуш.

Цо, Каташан пульс а лерина, цуьнан пхьаьрса кIел градусник йоьллира.

Лор чувелира, йуьхь цIийелла, вехьаш, чIениган кIорггехь кIаг а болуш, шуьйрачу меран буьхьиг тIехь а, и шина декъе боькъуш, харш а гуш. Хьаьрсачу цIоцкъамашна кIелдIахула чордо схьахьаьжира. Медсестрас, градуснике а хьаьжна, элира:

— Рудольф Рудольфович! Дагар — «шовзткъа». Пульс — «бIе». Сонехь кхозучу умывальникана кIел ши куьг а дилина, Керимера схьаэцна, направлени а йешна, лор лерина хьаьжира Каташе: бага, лергашка, бIаьргашка, чкъуре, пехашка а, даге а ладуьйгIира.

— Дика ду… Юля! ЙоьалгIачу вилла!.. TIe шиъ шаршу таса.

Кесирехьа вирзира иза:

— Шу паргIатхила. ЦIа гlo. Дедда-йукъа дуьйла. Цхьацца, — аьлла, велакъежира и: нохчийн амалш хуучух тера дара цунна. — Сагатдан а ца оьшу: ангина бен кхин хIума дац. Кестта талур ву.

Кериммий, Кесирий дIадаха хьалагIаьттича, Каташ велха волавелира. Лоьро тIаккха Каташехьа а вирзина, сирла велакъежна, забаре маIаш гайтира цунна. Каташ, цецваьлла, сецира, амма хIинца а чIинкъаш дора. Лоьро тIаккха, шен куьйгийн дехий пIелгаш леккха хIаваэхь сеттош, йедда йоьдучу пхьагалан сурт хIоттийра Каташна. Йуха, Керим а, Кесира а цецдоккхуш, шен даккхий лергаш ша-шах дикка ирахдахийтира, мера тIе охьадаьхкина куьзганаш а хьаладодуш. Каташ шуьйрра велакъежира, велхар а дайна.

— Гой шуна, сагатдан ца оьшу, — элира лоьро, серлайаьллачу йуьхьца Кесирехьа вирзина. Кесирин дог тийшира лоьрах.

Цигара шаьш духадогIуш, сих ца луш, дуьхьала кхеттачуьнга Керима цхьацца хоьттуш, догIура xlapa шиъ, нохчий дуьхьалкхетаре сатуьйсуш.

Нохчо ву моьттуш, Керима новкъахь сацийначо, нохчий маттахь маршалла а хаьттина, элира:

— Со нохчо вац. Со ДегIастанера, Аксайра гIумки ву. I930-чу шарахь, кулакаш а бина, махках баьхначарех. Кхин а масех цIа ду кхузахь ишттачех. Со колхозехь бригадир ву. ДIораниг ду вайн цIа. ЧугIур ду вай, — куьг хьажийра цо аннийн керт а йина, гена доццуш, схьагучу лекхачу дикачу цIеношкахьа. Керимна безам хийтира шега цо шен цIийнах «вайн цIа» аьлча, дегIастахь нохчаша санна. Чудахара: керт а, чоь а цIена йара. ГIалмакх-чайнаца кIайн сискал, нехчий кхоллуш къамеле бевлча, Кесирас хаьттира:

— Кху йуьртахь бехарш дукхахберш казахаш хир бу?

— Дера, бац. Уьш-м кху йуьртахь массарел кIезиг бу. XIapa йурт, оьрсийн цIе а йолуш, оьрсийн йурт ма йу. Паччахьан заманахь, цхьацца бахьаница Iедало човхийна, схьакхелхинчу гIалагIазкхаший, украинцаший йиллина. Йуха, вайн заманахь, I930-чу шерашкахь, кулакаш бина Iедало бохийний, мацалло лаьхкиний, схьакхелхинчу украинцаша тIейуьзна а йу xIapa.

— Ойй!.. XIapa а йу-кх, делахь, йерриг а мухIажарийн йурт!

— Дера, йу. Делахь а, тIаьххьарчу шерашкахь тхоьга комендатурехь куьйгаш ца теIадойту. Тхан кIентий тIаме а бигна. Кестта тхаьш ДегIастана духа цIадахийтаре са а туьйсура оха. Амма хIинца шу а, дохийна, схьакхалхийча, дуьне а доьхча санна, массо хIуманах а дог диллина оха.

Баркалла а аьлла, хьалагIаьттина Керим, Кесирий новкъа даккха тIаьхьавелира хIусамда Насруддин:

— Хьуьлларнаш а, дIогарниг а ду, кулакаш а бина, бохийна, кхуза хIетахь лаьхкинчу шина аварцан, гIалагIазакхичуьнан цIенош, — гайтира цо, тIе пIелг хьажош.

Керима, и тидаме лоцуш, тамаш бира: уьш а дара, хIокхуьннаш санна, кхечарел дикка къаьсташ, товш а, бIаьрла а цIенош.

Цунах къаьстина, шаьшшиъ Жал-тюбехьа йуха схьадогIуш, Керима, соцунгIа а хилла, элира Кесире:

— Тидам бирий ахьа цо схьагайтинчу цIенойн? Кулакаш бу аьлла, бохийна бахкийтинчеран — уьш, йуха а, цIахь санна, кхузахь а, кхечерачул тоьлаш ду-кх. Кхузахь-м ма ца хилла уьш «кулакаш». ХIетте а!.. Схьагарехь, уьш «кулакаш» хиларца а доцуш, цара болх дикаха барца ду-кх, хьуна, церан цIахь а, кхузахь а бахамца толар…

Луьйш-олуш чукхечира. Каташ чохь воцуш десо хетара. Ойлане делира: йисна йуург, мел ларйеш хьаьжча а, кIиране йер йоцуш, кIезиг йара.

Вукху Iуьйранна Керим болх карабой хьажа райисполкоме вахара.

Райисполкомна хьалха шина грузовикна уллохь лаьттара цхьацца районан белхахой а, комендант а, шортта спецпереселенцаш а: нохчий, йукъ-кара кхарачайш, наггахь — немцой, кхиберш. Керима, тIевахана, хаьттира уггаре шена пекъар хетачуьнга:

— ХIун ду?

— Луург шаьш долчу балха бига баьхкина векалш бу. Чулактау бохучу меттера. Кхузара бIе километр сов… Фосфат йоккхучу заводе… Алапаш а, Iен йукъара хIусамаш а, столовеш а йу боху… Шайн машенашца дIа а буьгу… Спецпереселенцашна цига дIайазбалан бакъо а ло коменданта.

— Ткъа хьо?

— Ойла йер-кха… Лама уьш кхин цкъа а богIур бу, боху. ХIинца дIайазбелларш, къона берш, цхьалханаш, шайн бераш доцуршший бу… Хьовсур-кха…

Комендантана хьалха, чIогIо луьйш, жимачу йоьIиган куьг а лаьцна, лаьттара, къолам санна дуТкъа тайна дегI долу къона кхарачай. Керим гергавахара.

Перейти на страницу:

Поиск

Похожие книги