Керим ца вахара райисполкоме. Шайн чу веъна, буьйса йуккъе йаххалц, йух-йуха та а деш, кехат йаздира цо Джамбулски областан кхаа а куьйгалхочуьнга: обком партин хьалхарчу секретаре, облисполкоман председателе, НКВД-н хьаькаме. Iуьйранна Эзаух дагавелира. Эзаус, шен кабинетан неI дика дIа а чIаьгIна, леринчу тидамца деша а дешна Кериман кехат, элира цуьнга, къолам кара а лаьцна:

— Ахь хIун дей: хIоккхузахь… кху могIанехь: «мацаллех ле» боху дешнаш дIа а дахий, «йуург цатоарна, дистрофия а хуьлий ле» алий, кIадде. Советан махкахь адам мацаллех ле бохург политически нийса лорур дац хьан. ХIокху могIанашкахь — хIоккхузахь — меттигерчу Iедалан бехк а ца беш, и бехк меттигерчу колхозан куьйгалхошна тIе хьажабе: «цара кхачам цабарна, кху халчу тIеман заманахь, колхозан балхана а, пачхьалкхана а сов оьшу и белхан ницкъ эрна бовш лаьтта» — алий, йазде… TIe… кхуза… кIел цхьа бен а йоцу кхин цIе а йазъе, хьайн куьг а ца таIош. Суна дагадогIу, тхан цхьа немцо, хIокху тайпана кехат йаздича, таIIийна чувоьллира, итт шо хан а тоьхна, Советан Iедална дуьхьал аьшпе пропаганда йарна.

Керима шен кехаташ, Эзаун хьехамца та а дина, дIахьажийра кхаа а адресе. Амма кIел шен бакъ куьг таIийра цо: «Итт шо башха йоккха хан а йац, кху тайпана долчу гIуллакхан дуьхьа, и хьан йаздина царна ца хууш а дуьсур дац», — хьесап дира Керима…

* * *

Мацаллина тIе тифаш а кхетта, белларш дIабохка а ца кхиабора. Гродековон йистехь а, больницин кхашна тIехьа а нохчийн кешнаш денна шорлуш догIура.

Йуьртахой а дарбеллера — массарна а ца тоьура йуург. Колхозан фермашкара а, колхозхойн керташкара а бежнаш а, уьстагIий а лечкъор алсамделира. Цуьнан бехке Iедалхоша а, кхузарчу бахархоша а шайлахь гуттар нохчий лорура: уьш кхечарел тIаьхьа тIебаьхкина а, дукхаха а бара. Жал-тюбехь а изза хьал дара. Цигахьара хабарш денна а Азрета дахьара Керимна.

Тахана сарахь а КеримгIера чу хIоьттира Азрет:

— Тхо долчу шун больницина а хIумнаш кхаьчна. ДIайахьа вола, — йуха тIетуьйхира. — Сийсара Шакен-агIагIеран а йетт бигина.

Iуьйррана Керим больницин керта веъча, Штольце хIургон кечйайта дагахь, цкъа хьалха Эзаун кабинета чу хIоьттира иза, цуьнга кехаташ тIе куьг таIадайта. ЦIаста санна цIийвелла Эзау вара, мара а бусийна, чIениг а йегош, маьхьарца тIечехаш, неIарехь вегош лаьттачу Штольцна — немцойн а, оьрсийн а маттахь:

— Хьажахь цу эхь доцчу тодакхе: ша божална йуххехь буьйса йоккхуш воллушехь, сийсара шен мера кIелхьара вайн цхьаъ бен йоцу говр йигийтинийца кху йовсаро… Доннер веттер!

Керим ша лаьттачохь вогIавелира: «Говр!.. Кхин ма хир йац и кху больницина»…

— Со йовсар дац!.. Со Изидор Карлович Штольц ву!.. — дуьхьало йора, къаьркъанан хьожа а йетталуш, лесташ лаьттачу Штольца.

— ТIехула тIе, — тIетуьйхира цо, — со хьан хехо а вац! Со — ворданча ву! Говрах жоп лург а со вац, завхоз ву! — Керимехьа корта ластийра Штольца.

ЦIеххьашха дегIах зуз деара Керимна: «Массо хIума а хIинца нохчашна тIедохуьйтучу кху муьрехь там бара…» — ойла чекх а ца йоккхуш, иза Эзаун йуьхь тIе хьаьжира: цуьнан йуьхь тIехь шех шеко ца хаайелира. «Делахь а, ма дика дар-кха и схьакарийча», — бохург дагатесна, Эзауга вистхилира Керим:

— Ахь пурба лахь, кхидерг буха а дитина, сихха, хIинццехь и лаха гlyp вара со йуьртахула… Хьанна хаьа… Хан а дукха ца йаьлла.

— Дика ду, гlo, — шен буьйсийнчу цIечу мерах йовлакх хьаькхира Эзаус.

***

Керим, цу-сохьта больницера араваьлла, ураман аьтту aгlopхьа вахара, хьалха, вухавогIуш, дехьахула схьаван дагахь. Кху йуьртахь болу нохчий дукхахберш цу aгlop Iаш бара цхьацца лаппагIанаш чохь. «Хьанна хаьа… царах цхьамма, мацалло са кхачийча, йигна хила а тарло», — бохург дагахь дара Керимна. — Урс хьакхале тIе мукъна а кхачахьара»…

Ша чу вах-вахана керт блокнота тIехь билгалйора Керима. Дукха хьолахь неIарш йиллина хуьлура. Цхьанхьа а ца хаалора говран лар а. ХIинца xIapa тIеваханчу цIенойн неI тIечIаьгIна йара. Схьа а йиллина, чувахара. Нара тIехь шиъ дакъа дара. Бецаш йиъна, сийна балдаш а, дистина хьаладахна геш а долуш. КхоалгIаниг лаьттахь эрзан черта тIехь Iуьллура. Кхин цхьа а чохь йа схьагуш а, йа схьахезаш а вацара.

— Чохь мила ву? — хаьттира Керима, цхьа а вуй-техьа, шена ца гуш а, кху даьссачу чохь, бохург дагатесна.

— Бехк ма биллалахь, со хьала ца гIаттало, хьуна… — Черта тIехь Iуьллург, охьахаа гIоьртира, амма ницкъ ца кхаьчна, йуха а охьавахара. — Хьуна охьахаа хIума а йац… кху чохь, — элира цо гIийлачу озаца.

Амма цо хIумма а ца доьхура шена чувеанчуьнга.

— Iодика йойла! Дала маршалла дойла! — аьлла, цу чуьра а сиха аравелира Керим, ша-шега корта а лестош. Йуххерчу цIенош чу вахара. Кхарачайн доьзал хиллера. Цхьана кедара дечиг чаданашца чорпа санна цхьа хIума йууш доллура, пхиппа шо хир долуш, ши беррий, церан наний.

— Да мичахь ву? — хаьттира, уьш ца кхийтира, йуха хаьттира и оьрсийн маттахь.

— Белла… KIиpa хьалха, — охьахьаьжира зуда. Жимачу кIанта чада хьалакховдийра Кериме: «Охьахаа, йаа!» — бохучу маьIанехь.

Перейти на страницу:

Поиск

Похожие книги