Керим а «виллис» тIе хиира, неIаран йистехьа. ХIинцца, цхьа сахьт хьалха, шена гинчу цу массо цIеношкахула чекхбехира цо уьш… ТIаьххьара а шаьш МеригIаз йолчу кхаьчча, цIенкъахь йух-йуххехь, доккхаллица дIанисдина, делла Iуьллу цуьнан диъ бер а шайна дайча, тап-аьлла гIap йайра церан. Макинтош йуьйхначо бIаьргех йовлакх хьаькхира.
— Тоьар ду!.. — аьлла, неIарехьа волавелира тIаьрсиган курткица верг, шена тIаьхьа вуьйш а хIуьттуш.
«Виллис» тIе шаьш охьахевшича, цо Кериме элира:
— Жоп хир ду хьан арзана, жимма хан йаьлча.
«Виллис» дIаиккхира.
Керим сихачу боларехь больнице вухавеара. Эзаун кабинетехь Эзау а, Юля а, хIинцца схьахьаьдда Кесира а йара. Керим цара, лаьцна, шайца дIа-х ца вигний-те аьлла, сагатдеш.
— Гайтин ахь? — хаьттира Эзаус.
— Берриш-м гайти!.. Цхьаннийн бIаьргех хи а ма делира… жоп хир ду элира…
— И дика ду. И дика ду! — серлайелира Эзаун йуьхь. — ХIинца, гIой, колхозера хIургон а йаккхий, малх чубузале, сихонца больнице схьабалабе айхьа и билгал мел бина лазархой!.. Берриш а!.. И геш дистина шиъ а тIехь, — элира Эзаус.
БУХАРИНАН ТОМИК
Цхьа кIира даьлча, Кериме кхеран комендантехула райцентре дIакхайкхира — районан комендантана капитанна Ануфриенкона тIе! «Лаца бохку-те?» — дагатесира, тохара Эзаус дийцинарг даг чуьра ца долура. — «ХIун хаьа, сан арз цара харцахьара тиданий?»
Шеконаш нуьцкъаша дIатеттина, «Хиндерг — хиндай!» — аьлла, цига вахара Керим.
Капитан Ануфриенкон кабинетан неIарехь, стоьла хьалха, секретаран меттехь Iаш гира полковникан хормица, хьалха шортта орденаш а йохкуш, даккхий Iаьржа мекхаш а долуш («Буденныйнаш санна» — дагатесира Керимна) цхьа къонаха. «ГIалара хьаькам хир ву… — йуха — суна-х ца веъний те?» — шеквелира Керим.
Чохь гIанташ тIехь Iаш кхин цхьа-ши стаг а вара. Полковнико меллаша, сапаргIата хаьттира оьрсийн маттахь:
— Албастов Керим?.. Эцца охьахаа. Ас хьо веънийла хоуьйту! — аьлла, иза комендантан кабинета чу вахара, меллашчу боларца. «Мила ву-те и?» — Керим ца кхетара. — Леларан амалца а, шен хормица а баккхийчу хьаькамех а ма ву, ткъа… цо кхочушдийриг, гарехь, секретаран декхар а ма ду?» — ойла йора Керима.
— И мила вара? — хаьттира цо чохь Iачу цхьаьнга.
— Дукха хан йоццуш Джамбул-гIалара кхуза балха ваьккхина вайн комендантан гIоьнча, — Кериман хьаьрса цIоцкъамаш цеце хьаладахара
— Нохчо ву, — тIетуьйхира цо, Керим кхетош. Керимна хIинца дагадеара шен лулахочо Азрета, ша тамаш а беш, шега дийцинарг, Джамбул-гIалахь, гIалин комендантан капитанан гIоьнча нохчо-полковник ву бохуш. «Билггала иза ву-кх xIapa гIалара кхуза ваьккхина», — сацийра Керима. Керим ойлане вахара: полковник Идрисов Абубакар цIахь — Керимна хезнера и цIе йоккхуш — воккха хьаьким вара, Нохч-ГIалгIайн республикин НКВД-хь, наркоман заместителе кхаччалц, даккхийрачу гIуллакхашкахь а лелла. Нохчий, гIалгIай махкахбаха гергабахча, иза Соьлжа-гIалара генарчу Чуваше хьажийнера, цкъачунна новкъара дIаваккха! ЦIахь а цуьнан хиллачул лакхарчу гIуллакхе.
Ткъа нохчий-гIалгIай махкахбахар кхочушхилла даьллачул тIаьхьа, иза Чувашера, шен лакхарчу гIуллакхах а воккхуш, Джамбул-гIала схьавалийнера, комендантан-капитанан гIоьнча а вина. Нохчо хиларна. «ХIинца, гарехь, цигахь а сов хетта, кхузахьа ваьккхина и», — ойла хилира Кериман. Амма Керимна новкъа деара нохчийн маттахь и вист цахилар: «Оццул чIогIа кхеравелла-те и?» — дагатесира Керимна.
Полковник Идрисов, комендантан кабинета чуьра ара а ваьлла, чохь болчаьрга дIаса ца хьожуш, оццу меллашчу боларца вахана, шен стоьла тIехьа а хиъна, сих а ца луш, цхьа кехаташ херцо вуьйлира.
Царех цхьаъ схьа а къастийна, иза эцна, шен оццу меллашчу, Керимна куро хеттачу, боларца, ша хIинца а тохарлеррачу хьаькамаллехь волуш санна, сапаргIат комендантан кабинета чу вахара. Керима, лерина тидам бора цуьнан леларан: Керима лоьхура, цунна тIеIиттайеллачу йаккхийчу киртигаша цуьнан леларехь бина хила беза хийцамаш. Уьш бIаьрго схьалаца бацара. «Барзана хаьа шен хьалхалерра кура кеп хIинца а дIакхехьа, кийрахь зу керчахь а», — сацийра Керима.
Комендантан кабинета чуьра араваьлла полковник Идрисов, вела а къежна, Керимна тIевеара:
— Хьо-м нохчо хилла!.. Суна ца хаьара. Кхузахь кавказхой кхин а бу… Бехк ма биллалахь!.. ХIинца хьо цига чугIо. Со цхьана гIуллакхе хьажийна! — аьлла, Iодика йеш, Кериме куьг а делла, Идрисов дIавахара…
Ша комендантан кабинета чу ма-велли, Керимна вевзира стоьла тIехьа Iа, тохара больнице баьхкинчаьрца хилла стомма капитан.
— Марша вогIийла, накъост Албастов. Охьахаа эцца! — корта ластийра капитана, тIаккха тIетуьйхира:
— Муха ду вахар?.. Болх балой?..
Керим кIедачу гIанта тIехь ма-хуьллу къийлалуш Iapa, капитана шеца хIинца дийца кечдинарг хIун ду ца хууш.
— Реза вуй хьо хIинца балхана?.. — йуха а хаьттира коменданта, Кериман болх лехарца хилла халонаш шена хаар къадош.
— Болх а хала бац, дIабоьду шен новкъа.
— Спецпереселенцашна гергахь жоьпаллин болх лоруш бу больницин завхозан болх а. Тхоьга хаьттира. Оха пурба делира хьо цига дIаэца: хьо майор, фронтовик хиларна.