— Баркалла! — элира Керима доцца, чуьра а ца волуш, хIинца а, цуьнан къамелан йуьхьиг муьлхачу aгlop йоьрзу-те ладоьгIуш.

Капитанан лер а, аз а эсала, маьрша дара. Капитан, ойлане соцунгIа а хилла, йуха а кIедо волавелира…

— Гой, хьуна… накъост Албастов, хьо тешаме коммунист, фронтовик ву, хьо санна бехкебоцчарна а доккха зулам даьлла шуна йуккъехь цхьацца йамартхой хилар бахьана долуш. Тахана а цхьаберш царех кхузахь а паргIат лелаш бу, шайн дагахь дерг дIалачкъийна. Уьш гучубаьхча, шун къам а, хьо санна берш а, цIанлур бара совнах тIекхийдочу бехках. Ахь, хьуо реза велахь, гIo дан дезара тхуна цу тIехь — хьох теша тхо!.. — оцу дешнашца комендант, йуха а соцунгIа хилла, Керимна тIе нисса шен ши бIаьрг а боьгIна, велакъежира.

Керим кхийтира. Цо цу сохьтта жоп делира:

— Реза ву, аша, сан хилла майоран чин а, хорма а йуха а луш, шайн могIаре балха дIаэцахь. Болх тешаме а, дика а бан тIе а лоцу.

— ХIан-хIа!.. Иштта ца боху ас…

— Муха боху?

— Къайлаха нехан дагара толлуш, тхуна гIo деш хила веза хьо, шайн къомана йуккъехь хIинца а левчкъина лела вайн мостагIий гучубохуш.

— И ахь буьйцу левчкъина лела мостагIий сох а, дагара дийца тешар бац, хьохчул башха: со массарна коммунист а, советан патриот а вуйла хууш, вевзина стаг ву.

— Дика ду, делахь, — кхечу aгIop хьовзийра коменданто шен къамел. — Дика ду делахь, хьуо ца вевзачу оьрсашна йуккъехь а, кхечу къаьмнашлахь а бан тIелаца и болх.

— Лоцур дац! Со айкх вац!

— И хIун къамел ду?! — оьгIазе схьахьаьжира капитан.

— Со коммунист, советски эпсар ву, суна бегIийла дац и тайпа гIуллакх.

— Хьуо — нохчо, спецпереселенец вуй хаьий хьуна? — тIечевхира капитан.

— Хаьа. ХIетте а, со тылехь а ца воллуш, тIеман цIергах чекхваьлла, советан майор, фронтовик ву, накъост капитан! — Iоьттира Керима комендантана, и фронтехь цахилар шена хезна хилар гойтуш.

Комендант ша волччахь хьалакхоссавелира, гай а дегош:

— Шун къомах берш массо бу йамартхой! «Фронтовик». Тхуна ца хаьа моьтту хьуна, аш тIом муха бина, тIехьахула тхайчарна тIе а йетташ. Хьо хIинца цхьа а «майор» а вац хьуна, дIахаалахь!.. Гирий хьуна и дIо араваьлларг а? «Коммунист»… Ас толлур ду хьо хIун «коммунист» ву а… — шен йуьхь а кхохкийна, вегавора комендант. — Хьо бакъ волу коммунист велахь — тIелаца! Ца лоций — хьажал дIо корехьа! — пIелг хьажийра коменданта: кертахь шарабанна йуххехь йежаш лаьттара кхел, комендантан балхара транспорт. — Цу сан кхелана нIаьнийн цамгар йу… ТIехьахула цуьнан и нIаьний дIадохуш хир ву хьо, кхийтин хьо? Нохчийн «майор»? — аьлла, йуханехьа тIехтохам а бина, тIе маьттаза «дена а диллира» коменданта Керимна.

— Хьан бакъо йац, накъост комендант, соьга цу тайпана маьттаза ле! — элира Керима.

— Бакъо йа-яц ас гойтур ду хьуна кестта! ХIинца йахийта кхузара хьайн алаша. Кхо де хан йу хьуна. Ойла а йай, вухавола. Резахилин — хьайн болх а беш Iийр ву хьо. Ца хилин — ас чувуллур ву хьо! Бахьана суна карор ду, хьуна! Вало!

Цуьнан Iодика ца йеш, ара а ваьлла, Гродековохьа схьавогIура Керим. Ойланаш кхехкара. Ша-шена реза вацара — коменданта шена аьлла «дена» цунна ша йуха цааларна. «Ма дика ду и Тавсолтина ца хууш», — дагатесира цунна. Церан хIусамна а чу ца хIуттуш, тIехвелира иза. Гродеково ша дIакхаьчча а йа Эзауга а, йа Кесире а ца дийцира цо шен комендантаца хилла кIоршаме къамел.

Амма сарахь шайн чухIоьттинчу Азрете дийцира шегга, иза ша санна фронтовик а, спецпереселенец а хиларна.

Азретна башха тамаш ца хийтира коменданта кхуьнга баьхнарг.

— И-м цара массаьрга а цкъа ишта олуш ду, хьуна… Соьга а элира… Реза ца хилча, кхин хье ца веш, Iадда а витира. Ахь ша фронтехь цахилар шена тIехтохар ца лайна цо. Вуьшта, вон стаг а вац, хьуна, и… Тхо, кад дIабоккхуш, цкъацца цхьаьна нисло… И «мат-перемат-м» даима а цуьнан багахь деца хьаьнцца а: шен зудчуьнца а, шен оцу кхелаца а, — велавелира Азрет. — Амма, вуьшта ша вон стаг вац… Цкъа, тхо молуш Iаш, ас тамаш а беш, цо хIун элира хаьий хьуна соьга: «Хьожуш хилалахь, аса и ца элира олу дац хьан, — цхьа зама йаьлча, шу махкахдахаран бахьанехь, цхьаболчу баккхийчу хьаькамийн кортош дIа ца дахахь!..» Муха хета хьуна? Со цецвелира… Йуха къамел кхечунна тIе даьккхира цо… Иза хьалха белхало-нефтяник а хилла, тIаьхьа паровозан машинист а лелла, тешаме стаг ву… Бакъдерг аьлча, фронтехь-м ца хилла. Воккха маьттазча а ву… Кедана дика лара а во. Са ма гатде ахь… Чувуллур вац, хьуна, хьо цо…

— Суна-м кхо де хан ма йилли цо.

— ХIума хир дац… тIе, мича бахьаница вуллур вара хьо цо чу?

— Бахьана-м кхуллуш а хуьлура… Иза-м царна башха хала хIума дац.

— И-м бакъ ду… Ларлуш хилар совнаха хир дац… Цара шаьш хьан хIусамна йа кабинета чу цхьа луьра хIума таса а тарло… — Хьожу-ш хила-м веза. Амма вуьшта хьоьгара дала хIума дац, — Кериман сатедан гIертара Азрет.

Перейти на страницу:

Поиск

Похожие книги