— Цо йуьхьанца аьлла… Амма Грибоедовс, и шена вевзина ваьлча, тIаьхьо аьлларш?.. Уьш-м ца йаздина!.. «Ермоловн къизалло эхь дина оьрсийн цIарна»… Кхин хIумма а ца хилча а, дера тоьур ду цуьнан, шу цIадерззалц, цу тIе а йаздина, латтийна долу нохчех лаьцна маьттаза дешнаш… Уьш цуьнан шен оьздацахилар гойтуш дара…
— Уьш дIадайина, амма у хIинца а латтош ду: «ХIун хаьа — йуха а зама хийцалой а» бохучу дагахь, — эккхийтира Керима.
— Зама йогIур йу: у а дIадоккхуш… Ермоловн сибат а цигара дIадоккхур ду, — чIагIдира Анна Львовнас. — И дерриг а сталинхоша шун къоман хIуьттаренна Ермолов а айи, имам Шемалх «туркойн агент» а ви. Им чекх са а гуш дара…
— Оввай-кх!.. Цкъа чекх, мукъна а, далахьара-кх массо а къаьмнех цхьа къам а хилла, тIаккха Iийр дара-кх, цхьа а къийсамаш а боцуш, — йукъагIоьртира хIинццалц тийна Iийна Селита. — Ас цунах лаьцна сайна хазахета цхьа стих йеша шуна?.. ЛадогIийша!.. йоцца йу шуна, — дийхира Селитас.
Века все смелют. Дни пройдут.
Людская речь в один язык сольется.
Историк, сочиняя труд,
Над нашей рознью улыбнется!
— Дика стихаш йу, Есенина йазйина… Амма, массо а къаьмнех а цхьа къам а хуьлуш, массо а адамийн меттанех цхьа мотт а хуьлуш йолу зама, хаалахь, оьшуш йац, хьуна: къаьмнаш бертахь хила деза, амма вовшашлахь иэ а делла, дан ца деза. Бешан хьал а, хазалла а зезагаш шортта бес-бесара хиларца йу… Адамаш эгIориг къаьмнаш бес-бесара хилар дац — вуон адамаш ду. Цундела, сан хьесапехь, тахана коьртаниг ду: бес-бесара долчу дуккха а тайпанех, умматех, тобанех мел болу а оьзданаш, цхьабарт хилла, цхьанакхетар: цара тIаккха вуон эшор дара.
— Лев Толстойс а и ма-аллара, бохий ахь, — тIетуьйхира Керима.
— ХIаъанний! — резахилира Анна Львовна. — Суна хетарехь тахана: «Дуьненан массо а мехкан пролетареш цхьаьнакхета» а ца бохуш, «Дуьненан массо а мехкан оьздаберш цхьаьнакхетта!» аьлла, кхайкхо дезар-кх! TIe… пролетареш цхьана а кхетта, баьккхина толам а ма ца гой вайна, йа Америкехь а, йа Малхбузе Европехь а!.. Тахана оьшурш Робеспьеран, Маратан масалш доцуш, кхин масалш дара-кх: Лев Толстой!.. Махатма Ганди!.. Альберт Швейцер!.. Ян Корчак!.. Куьг чIогIачарел а дуьненна тахана дог диканаш, дог цIенанаш оьшу!..
БIаьрг цунна тIебоьггIана, ладоьгIура шина а йишас.
— Ма дика ду вай йуха а вовшахкхетта, — цунна марахьаьрчира Нурседа.
— ХIан, сан йаха деза, йуха а гур ду вай!.. Баркалла! — аьлла, сохьте а хьаьжна, Анна Львовний, цуьнца цхьаьна Селитий арайелира.
Анна Львовнина чухула пхьарс а баьккхина, меллаша йогIура Селита. XIopш школин керта кхаьчча, гуллуш бара хьехархой. Егорыч а хьийзара кертахь.
— Егорыч! Валол кечйел зал. Берриш схьагулбелча, хаийта. Со чу а хIоьттина, хIинцца схьайогIу, — Селитица шайн чу йахара Анна Львовна.
Цуьнан хIусам чуьра кеп хьалхалерраниг йара. Мацах санна йуха а, вовшийн белшаш тIехула пхьаьрсаш а даьхна, корах арахьоьжуш Iapa xIapa шиъ. ДIабуза болабелла малх хIинца а бовхха лепара. Даимлера лаьмнаш ойлане схьахьуьйсура, кхаьрца мел хилларг а хьалххе дуьйна а шайна хууш хиллачух тера. Заявкашца лучу концертехь радиочухула, кхеран дог-ойла марсайохуш, лоькхура Чайковскийн йалхалгIа патетически симфони. Кхарна мел дезнарг, хIорш мел хьегнарг — кхочушхиллера, амма дог Iийжош, дуьхьалтуьйсура боцурш. Йист ца хуьлуш Iapa xIapa шиъ.
— ХIумма а дац, вайна даккхий вуонаш гинехь а — вай ирсе ду: кху уггаре а хазачу а, халачу а муьрехь дахар кхаьчна вайна! — элира хьехархочо. Цуьнан бIаьргаш, хьалха санна кхетаман кIоргера духдуьйлучу нуьрца догура. Горгали бека хезира. Коре хIоьттира Егорыч. Iодика йина, Селита арайелира. Анна Львовна педсовете йахара. Кхана дешаран керла шо долалора.
НУРСЕДАС TOЬХНA TIAPA
ЦIа кхелхина нохчий, гIалгIай дог айаделла, тохара Советан Iедал доккхучу муьрехь санна, хIайтъаьлла хьийзара, партис шайн республика йухахIоттайарх баккхийбеш.
Амма йуьххьехь дуьйна а гуш дара партин коьртехь а цу хьокъехь массо а цхьана ойланехь цахилар: молотовгIеран цIоганхоша кхузахь а ма-хуьллу дуьхьало йора оцу гIуллакхна. ЦIа баьхкина нохчий, гIалгIай тIе ца оьцура, церан долахь хилла долу цIенош царна йуха ца лора, йа кхин Iойленаш а ца нисйора, балха ца буьтура, цхьамма а меттигерчу Iедалхойх, «шу цIа даьхки-кх!» аьлла, маршаллаш хаьттина, дог дика a ца дира церан.
Махкахбаьхна де дицдеш, догъэшийна тIеийцира уьш меттигерчу Iедалхоша. Четарш а тоьхна, йарташкахь, шайн хиллачу цIеношна хьалха, арахь буьйсанаш йаха дезаш хилира дуккха а доьзалш. Йуха а, тохара махках дохуш санна, цамгарш… берийн делхарш… баккхийчийн догъIийжарш… Эххар а, цхьацца къонахаша вовшахкхетта, фотоаппаратца церан суьрташ а дохуш, долу хьал ма-дарра Москвага хаийтича, хийцаделира гIуллакх… ГIалахь августехь хиллачу «митинго» а бIаьргаш биллира дуккханнийн а… Нохчий, гIалгIай балха дIаэца болийра…