— Хьо хIунда йеанера, Селита? — хаьттира Нурседас, хьала а айалуш.
— Лама кхузахь хуьлучу концерте тхешан мехкарий бало дагахь цхьа ткъех билет дезар-кх. Со новкъа-м йац шуна?
— Йац, хьаха! Охьахаал хьо! — элира Усмановс.
Селита охьахиира. Нурседас царна вовшийн довзийтира.
Цу хенахь, йелха а ийзош, чуйелира коьртах цхардоьлла кортали а кхоьллина, басмин кучаца, тиша кIархаш а буьйхина Алпату.
— ХIун хилла? Хьо хIунда йоьлху? — хаьттира Нурседас, хьалагIаьттина, тIе а хилла. Алпату, къурдаш а деш, йоьлхура, цIийбеллачу бIаьргех корталин тIам а хьоькхуш:
— Майрачо йита хьийзайо… Берех ца йалало… Къахета… Соьга цIенош а дайтина, суна тIе кхин йало гIерта. Соьга, лаахь, тишачу цIенош чохь Iе боху, ша напгIа латтор ду. Цунна со реза ца хилахь, йита воллу.
Селитин дог Iовжийра. Йаздархо кхоьлира.
— Мича балхахь ву иза? ЦIе хIун йу цуьнан? — къолам блокнота тIе баьхьира йаздархочо.
Алпатус узарш дора:
— Эскинойхь клубан заведующи ву… Кхунна а вевза. ЦIе муха йоккхур йу ас?.
— Баштиров ву-кх! Йало, Алпату, цIа гIo хьо. Кхерам бац хьуна цуьрриг а. Тахханехь вай и метта а валор ву! — дог тешош, элира Нурседас.
Алпату, йаздархочуьнгахьа хьаьжира: «Гирий хьуна?» — хоьттучу йуьхьаца.
НеI ца тухуш, оьгIазе чуиккхира, коьртахь йовлакх а доцуш, хедийнчу Iаьржачу месашца, тIехь дика кечйелла, цхьа йерстина хаза нохчийн зуда, стаммий хаза балдаш а, Iаьржа бIаьрг-цIоцкъам а долуш.
Цунна тIаьххье чувелира тохарлера корреспондент… Цицигов. Нурседа ма-гиннехь, неIарехь вогIавелира, аьрру цIоцкъам ирх а доьдуш. ТIаккха, Усмановх а бIаьрг кхетта, шолгIаниг а хьаладахара цуьнан. Вухавирзина, маса татанза аравелира иза.
— Охьахаа. Со ладугIуш йу, — шийло элира Нурседас, чуйеанчуьнан питане амал шена йуьйцуш хазарна. ГIант стоьла йуххе а хилийна, охьахиира зуда, гоьл тIе ког а тесна. ЦIен маникюр йинчу пIелгийн томмагIне кIаьгнаш долу, севсина кIайн куьйгаш, стоьл тIе а дехкина, тем боцуш хьедора цо. Балдех басар хьекхна цхьа пIелг а бара цIен.
— ХIун хилла? Дийцал!
— Ша зампред ву бохуш, эцца хиъна Iачу цу москало — Керима — болх ца ло-кх суна. Кхечара шега аьлча а!
— ХIун болх боьхура ахь?
— Ас-м, хIинца… партис а вайнехан зударийн бакъонаш хьалаойуш… сайгахь товболлу болх боьхура. ХIун башха бу иза?
— Ткъа муьлха болх боьхура ахь?
— Муьлххарг а башха бац. Хаза товш, бан дог догIу болх хилчахьана.
— Масала!
— Сельсоветан председатель а, маслопроман заведующи а… Раймаган директор а. Масане хуьлу уьш… Кхечухьа а хIиттиний куьйгаллин белхашка вайн зударий, цхьаболу божарий дIа а бохуш…
— Ахь биний, Ткъа хьалха и белхаш? Балур буй хьоьга уьш?
— Ца бина бан-м… Iемар ду-кх. Цкъа долоза хуьлий цхьа а? Масала, хьох а тхан, зударийн, тхьамда хилла!.. Массанхьа а хIинца хьалабохуш ма бу вайн зударий! Вайга, зударшка, далур а доцуш хIун ду? Вай-м боккха ницкъ бай, вовшахкхетча! — аз айдира зудчо.
— Ткъа цо хIун эли хьоьга?
— И чIогIа дуьхьал ву партис зударшна лучу бакъонна!.. Хьажахьа, «И белхаш хьоь балур бац, колхозе доярка гIyo!» элин-ца цу гIиргIано соьга… бархI класс чекх а йаьккхина йолчу! Оцунна а хезира! — йерстана зуда шена тIехьа йухахьаьжира, амма «важа» цигахь ца карийна, цо шен куьйгаш, кхин а тем боцуш, дIасашершадора стоьла тIехь.
— Иза мила вара? — неIарехьа корта ластийра Нурседас.
— ГIалитIера веана радион корреспондент вара и-м. ХIинцца вухавогIур ву. ЧIогIа вайн зударшкахьа узуш ву. Сан арз талла дIаэцна цо… Соьца Керим волчу а веара. Амма тхойший а арадаьккхи цу москало! ХIинца хуур-м ду хьуна цунна. Вай йовлакхаш цалелораш ца деза-кх… Iадатийн коьжалг!
— Иза бакълуьйш санна, хета суна-м! Коьртара йовлакх охьадилларх-м дерриге кхочуш ца хуьлий! И доккха хIума а дац! Луучо леладе. Цхьайолчуьнан йовлакх охьадиллар — керлачу оьздангалле гIертарца ду, ткъа кхийолчуьнан — иза баккъал а хецайалар хуьлу: ширачу оьздангаллех а йолу, керлачух дIа а ца кхета! Ткъа уьш баций и «куьйгаллин балха» оьхуьйтурш-м!.. Масала, ахь муха гайтина хIинццалц хьуо балхахь а, дахарехь а?
— «Муха гайтина?» «Муха гайтина?..» ХIун даьлла соьгара?
— Цкъа, столовера повар йолчуьра дIайаьккхира хьо, даьтта а лачкъийна. ШозлагIа, кассир йолчохь, ахча а ца тоьъна, чуйоьллира хьо, йуха халла кIелхьара а йолуш.
— ХIан-хIа! И бакъ дац. Со цу тIехь реабилитировать йина. И дIадаьлла! И дийца оьшуш а дац.
— Собар делахь! Пхоьазза марехь хилла хьо?
— Ца хилла кхузза бен-м!
— Важа, загс а ца йеш, айхьа дина ши маре ца лору ахь?
— Ца лору-те! И-м законо а ца лору!
— Сих ма лолахь… Иза-м кхин а оьшуш дай! ХIинца лакхара болх лоьхуш лела… «и» йуххе а ваьккхина!.. — оьгIазйахара Нурседа. — Суна ца вевза моьтту хьуна и… «корреспондент!»… «чIогIа зударшкахьа ву!»… By-те… дуьмехьа цициг санна!.. Кху чу и вуха вогIур вац, хьуна!
— Иза-м суна а вевза! — къамелана йукъавеара Усманов. — Иза-м, бутт хьалха — радиокомитетера а дIаваьккхина плагиат ярна! И кхуза муха кхаьчна ца кхета со!
— Гой хьуна? — хаьттира Нурседас зудче.
Йерстана зуда ша йолччохь йегийра, ченах цIанло котам санна.