— Хьо шатайпа йу. Наггахь хуьлу хьо санна йерг а. Амма, мар веллачул тIаьхьа дикка хан йаьлча, кхин везавалар йа эхь а, йа ямартло а ца хета суна-м… Да а соцур ву-кх, цкъа карзах а вийлина, хьалха санна… Цунна а мегирий и!.. — тIетуьйхира Нурседас. — Цул а, сан йиша, къона къан а ца луш, белларш а битий, хьайн ойла йе. Цкъа а маре ца йоьдуш, Iан йоллу хьо? ХIун сийлахь ду и? И хьанна оьшу? Суна-м шел тIаьхьа бераш ца дуьтуш велларг Iаламан къу хета, дахарна гергахь а йамарта! Даим иштта чекхйаьррий-те хьо? Нагахь йалахь а — йоккхаеррий-те хьо?!. Нахана а и дош ма ца хета: нахана а дуьне дезарш — шайх теранаш — дукхах ма беза. Цхьа де догIур ду, хьо дохко йолуш, амма и тIаьхьа хир ду!.. Белларш а битий, хьайн гIайгIa бе, сан йиша!..
— «Белларш а битий»… Со кхечуьнга гIyp йац: сан са ду цуьнгахь марехь!.. Хьо дIайахча-м йуьсу со гуттар цхьалха. Цуьнан ойла-м ца йо ахь, сан йиша!..
— Йо ас хьан ойла. Цундела лоьй со-м хьоьга… хьо йоцург сайн кхин йоцу дела! — Нурседас и мара йоьллира.
Ши йиша вовшийн марахь йилхира. Телефон йийкира:
— Дада цIа кхаьчна, цIа дуьйла! — хаам бора Джамбула. Шен кIантаца къамел дина, Нурседа йуха йекхайелира.
— Тамаш бо-кх ас, хьоьга а хьожий: ши йиша йоллушехь, ма цхьатера йац вайша! — элира Селитас.
— ХIунда бах ахь?!
— Хьо даима а йекхаелла, дуьненах йоккхаеш йу, ткъа сан даг тIера, ахь ма-боххура, цкъа а дIа ца бовлу вайн белларш. ЙухабогIур бац-кх уьш цкъа а! Иштта, вай а лийр ду-кх… массо a! XIapa говза куьйгаш, шелонах а лардеш, Iай каранаш а духкий, леладо, xIapa тамаше бIаьргаш, ченах а лардо, дерриг адамийн говзалла вовшахтоьхча а балун боцу xIapa, дуьне а чулоцу, вайн хье — xIopш дерриш а дахкадала деза-кх цу лаьтта бухахь! И дагадеъча… хIинцале а, хьалххехь йелха дог догIу-кх сан… Леш хилча, дан а хIунда до-те вай? Iилмано-м, мацца а цкъа лекъар ду бохийца, латта тIера доллу дахар: адамаш, ораматаш, дийнаташ, бецаш — массо садолу хIума дIахедаш. Цаьрца йовр йу-кх, ткъа дерриг адамийн хазалла а, музыка а, искусство а! Ткъа стенна деха техьа адам, шех иза а буха дуьсург ца хилча? ХIун дуьсур ду-техьа тIаьххьара а вайх, вайн дахарх, вайн ойланех буха? Йа хIумма а вайх буха ца дуьсуш, довр ду-те вай кху дуьнен чуьра, цкъа а хила а ца хилча санна? Оцу ойлано дерриг дуьненах а цкъацца цIена догдоккху-кх сан. Эцца, кхана-лама лаьттах дIадуху долу xIapa йуьхь-куьйгаш а лардина хIун до? Цхьаболчара-м сов лерина а леладо уьш, басарш, хьакхарш хьоькхуш, гIеххьа лелийна ца Iаш. Эрна ма ду и! — олий, цхьа инзаре тамаш булу-кх сан кийра, сан кхетам Iадош, и кхечуьнга хьахо а со ца хIуттуш… ур-атталла хьоьга а!