Керим райкомпартина хьалха кхоччуш, майданахь дуьхьал кхийтира цунна Тойсум. Иза шена ца вевзинчуха Керим тIехвала гIоьртира, амма, малх санна векхавелла, тIамарш а йаржийна, мараэккха дагахь тIеволавелира Тойсум:

— О, сан хьоме вешин кIант!.. Ганза мел дукха хан йара!

Керим, ши куьг тIехьа а дохуьйтуш, буьрсса дIахIоьттира.

— Ой-й!.. Хьо ма шийла ву соьца, сан вешин кIант… ХIун хилла!

— Цкъа-делахь, ас хьоьга тоххарехь аьлла: со цкъа а хьан вешин кIант цахилар… ШозлагIа-делахь, хаьий хьуна, бехк боццушехь ахь бехке а вина, бle шо хан тохийтина виъ стаг хIинца, Советан суьдо бехказа а ваьккхина, схьахецнийла?! ХIинца хIун олу ахь?.. Хьо харц теш хилар, хьо йамарт хилар цуьнца Советан суьдо а чIагIди!..

— Ахь хIун до?.. Батта тIера охьавоьжча санна… Ма чIогIa кхехка хьо… ХIетахь зама кхин ма йара!.. Хьо-х коммунист ву. ХIетахь пачхьалкхо, партис суна и тIедиллира — ас партис боххург кхочушдира, суо коммунист волу дела!.. TIe, хIетахь НКВД а йара… тур текхаш. Цу тIехь суна хIинца билла бехк а бац, ша коммунист волчуьнан муххале а, — куьйгаш хьалатуьйсура Тойсума.

— Молла Бауддин воцчун!.. — Iоттар йира Керима. — Цо а, цуьнан накъосташа а, шаьш бакъбина схьахецале, масех шо эрна чохь ма даьккхина… ахь… динчу тешаллица!..

— ДIавалахь дIа!.. Ахь хIун дуьйцу?!. Со-х молла Бауддица вай цIа а дахкале Казахстанехь куьйге вахана, вовшашна мара а кхеташ. Цо-х суна гечдина ша ара ма-велли… шен а, накъостийн а цIарах. Со хIинца мила ву хаьий хьуна: партин ветеран! персональный пенсионер!.. — шен некха тIе, значок гойтуш, куьг туьйхира Тойсума.

— Делахь-хIета, хьо иштта чIогIа коммунист велахь, сел атта хIунда тIелоцура ахь НКВД-с хьайна тIедуьллу и харц тешалла?

— Хьуна стенах хаьа, ас и «сел атта» тIелоцуш хиллий?.. Вай махках даьхначул тIаьхьа, айса хьалха мел лелийначух а дог даьлла, дохковаьлла, йерриге а сайн уьйраш а НКВД-ца дIа а хедийна, цара схьакхийдориг а тIе ца лоцуш… сайн лесопилки тIехь парггIат сайн болх а беш, оцунах напгIа а хуьлуш, Iаш ма вара со… Эххар цхьа ревизи а йеъна, пайдабоцчу хIуманна тIехула со чувоьлли… ТIаккха… эццигахь веар-кха суна тIе НКВД-pa векал, хьайна бархI шо хан тухийла ца лаахь, и гIуллакх тIелаца аьлла — и партис а, пачхьалкхо а тIедуьллуш ду хьуна… ТIаккха дир-кх ас царна и тешалла а…

Керимна, хIинца иза шена цкъа каравеъанчуьра, дIа ца хоьцуш, бухе кхаччалц, цуьнан ойланех кхиа а, ма-хуьллу и Iораваккха а лиира:

— Делахь… суьдехь… царна кхиэл схьакхайкхийча, велха хIунда вилхира хьо? — хаьттира Керима.

— Ой-й… Иза а хаьа хьуна?.. — кIеззиг вуьйхира Тойсум, цIийвелира, цуьнан хьена бIаьргаш кхоьлира, йуха элира цо:

— Сайх къа а хетта, вилхира-кх, «церан» карара ца вели-кх со хIинца а аьлла.

— ХIинца? — хаьттира Керима.

— ХIинций?!. ХIинца-м, хьаха, ваьлла: зама кхин йу!.. Зама хийцайелла!.. Сайна цхьа эссала болх карийна, иза а беш эссала Iийра ву …

— Ламаз а цундела долийна хир ду ахьа?.. Хьо-х коммунист ву.

— Хилча хIун ду?.. Парти дуьхьал йац динна… хьо Iедална йамарт ца хилчхьана… Сан къинош дукха ду… Такха деза… ХIинца ас гойтур ву суо нахана а, йуьртахошна а дикачу aгIop.. Нах а къинтIерабовла мега тIаьххьара а.

… Цара суна гечдийр ду!.. Ас цкъа а дийр дац кхин харц тешалла!.. — чIагIдира Тойсума.

— «И-м хIинца, хIокху муьрехь, бакъ хила а, дера, мега кхуьнан», — ойла хилира Кериман: «Кхин зама йу — кхин эшарш оьшу… ХIинцалерачу «органашна» харц тешалла эшац — цIена бакъдерг оьшу!»

Куьг ца луш, корта ластийна, Тойсуман Iодика а йина, Керим хIинца базарехьа вахара, райкомпарте ваха шен гIуллакх доллушехь, Тойсум а цига воьдуш карийна, цуьнца кхин дIа цхьаьна ца хилархьама. Базарахь, Дала ма хьоьхху, молла Бауддин дуьхьалкхийтира Керимна. Хазахийтира вовшийн гина, маршаллаш хаьттира. Молла Бауддин дикка верстинера Казахстанехь Керимна гиначул. Хьал-де хаьттина бевллачул тIаьхьа, Керимa хаттар дира Бауддига, кIеззиг йуьстах а оьзна:

— Суна хIинца Тойсум гинера… Бакъ дуй цо ахьа шена гечдина бохург, «мара а эккхаш?»…

Перейти на страницу:

Поиск

Похожие книги