— Куьйгалле гIертачул, цкъа хьайга балучу балха тIехь хьуо гайта! ТIаккха, лакхара гIуллакх а, ахь ца доьххушехь, ша-шаха кховдор ду хьоьга!.. ДIагIуо Керима хьехочу балха! Ас а бина иза-м, хаза а хеташ… суо итт класс чекхйаьккхина йоллушехь.
Йерстинчу зудчун хаза йуьхь ирча хебира:
— А-а-а!.. Со кхийти ахь лелочух! Хьуо лакхайаьлла дела, кхечарна некъ боьхкуш йу хьо… Суна ца хаьа, моьтту хьуна… ахь Керимехьа хIунда уьйзу а?.. Шуьшиъ… вовшашка безам болуш ду, моьтту суна!
Селита, инзарйаьлла, хьоьжура цуьнга: ша йолччохь хебира иза.
— Ас йаздийр ду иза! — ца соцура йерстинарг. — Йаздан деззачу!
— КIел куьг таIо, мукъна, ма йицлолахь хIинца а! — Iоьттира хьалха а хIокхо кхехьийтинчу анонимкех хезначу Нурседас.
— Боьха хIума! — аьлла, араиккхира зуда.
— Питанча! — тIаьхьакхоьссира цунна Нурседас.
— Ой! Ой, хьо муха Iа, ва Нурседа, кхузахь ишттачаьрга ла а доьгIуш? — цецйелира Селита.
— АлпатугIеран дуьхьа Iа-кх!
— И дIайахнарг мила йара? — хаьттира йаздархочо.
— Пежиева ТIаус. Ца хезна хьуна йуьйцу?
— А-а-а, и йара иза?! Хезнера суна, хезнера!..
— Ишттанаш а нисло-кх вайн зударшлахь… Божаршлахь Баштиров а санна, — тIетуьйхира Нурседас. Нурседера кехат а эцна, хьешан Iодика а йина, Селита райклубе йахара.
— Муха хета хьуна, Хьасан Ахтаевич, шайн кадро лелориг? Иза дIа а ваьккхина, цуьнан метта цхьа зуда хIоттийча?
— И саннарг-м йац ахь цига хIотто дагалаьцнарг?
— Йацара, хьаха-кх!..
— Кхин цхьа гIуллакх а ма дара сан хьох дагайала, Хьасан Ахтаевич. Тхан Эскинойхь мехкаршна жимо интернат йан йолийна хIара шолгIа шо а ду. Ахь йаздича а, гIо хир дацара-техьа?
— Иза-м йоккха хан йац, Нурседа! Кхечу меттигашкахь-м кхоъ-диъ шо а долу… Интернат йилла атта хета хьуна? Делахь а, со хьожур ву.
— ТIеоьшу ахча ца карош, Минфинехь а хилла со: «Ахча дац, оцу гIуллакхна кху шара ахча ца делла», — боху министран хьалхарчу заместитело.
— Стохка делларг а шен хеннахь аш дIа а ца эцна, дайра, бохуш а, хезна суна…
— Ца эцна-кх СМУ-н бехкенна. Ткъа СМУ а бехказа йуьйлу, цунах схьаэца гIирсаш а ца хилла, дайра и ахча, бохуш. ХIинца оьшу гIирсаш Главснабехь гучубуьйлу, амма уьш схьаэца тахана тхан ахча дац! ХIун дан деза оха?
— ХIинца министрана тIе гIуо. Обкомехь бурч йоьхкина хьуна цунна.
— Дика ду. Цо и гIуллакх ца дахь, обкоме а йер йу.
— Сихлолахь: кестта Москох ваха мегаш ву хьуна иза… ХIан, шун секретарах кхета со, и чохь волччуьра! — аьлла, Iодика а йина, аравелира иза. Кестта йухакхечира Селита.
— ДIавахара хьаша? Ма оьзда стаг хийтира суна иза, — Усманов Iийнчу гIантехьа корта ластийра Селитас.
— Ву иштта: кхаьънаш ца оьцу, аьшпаш ца бутту… болх нисса бо, йамартло а ца йо. Шен доьзална а, зудчунна а хьанала ву. Молуш а вац. Делахь а… лакхарчу кхеташонехь ша нисвелча, цхьа къовсаме гIуллакх иккхинчохь, цо цкъа а цунах шена хетарг ца олу, боху, цкъа лакхарчарна хIун хета а хиъний бен: IадIа, йа йовхарш а тухий, араволу. Сан хьесапехь, иза стешхалла йу — карьеризман нана!
— Ткъа!.. оцу зудчо хIун бохура, ва Нурседа?! Иза хIунда элира цо хьоь?.. Керимах лаьцна…
— Ша эладитане йолу дела! Цхьаъ хезна!..
— ХIун хезна?
— Селита!.. Бакъ ду иза. Суна тIехьийзаш ву и кху тIаьххьарчу хенахь, суна везаш а ву. Хьоьга тахана-кхана и дийца дагахь Iара со хIинццалц, хьох ца хIуттуш а… сайн дагахь и къастталц а… Тахана кхин цкъа а соьга дийхира цо шега йар. Кхана тIаьххьара жоп а деза цунна. Ас ойла а йина, ас и сацийна…
— ХIун сацийна ахь?
— Цуьнга йаха.
— И муха дало хьоь, Нурседа? Расул а вицвина! Хьан-х цунна дина кхиъна догIуш ши бер ду. ТIе, вайн да а карзахвер ву… Оццул гергарло а лелийна, йуха… Ма товр дац и дадина! Йа… нахана а!
— И-м бакъ ду. Ткъа хIун де ас? Сан-х, хIинца а ткъе кхойтта шо бен ца кхаьчна… Йа… иштта лела йеза со а? — йерстанарг Iийнчу гIантехьа корта а ластийна, хаьттира Нурседас.
— Ой, иштта а, вуьшта а ца лелаш, IадIан ца мега, Анна Львовна санна, хьайн майрачун сий а лардеш, бераш а кхиош? Уьш-х кестта баккхий хир бу, ахь жимма сатоьхчахьана.
— Вайна тIом а бац, ас собар дан, тIе, уьш кхиъна бевлча а, ма хир йу со шовзткъа шо а кхачаза. Зама маре гIyp йу, Джамбул, Каташ санна, цхьанхьахула дIатаьIар ву. ХIинцалера къонанаш-м, хьаха, бац, тохара вайша санна, дайн-нанойн йаххаш а лаьцна, лелар болуш. ТIаккха хIун дан деза ас?
— Расул а вицвина… Ма везара хьуна и…
— Шен хенахь и везара… ХIинца xIapa веза. Цхьанна а ас йеш хьарамло а йац. Расулан шина берана Керим дика да а, Кесирех дисинчу шина берана со хьанал нана а хир йу! Оцуьнан а йел ахь ойла!
— Бакъду иза-м! Делахь а… суна хетарехь, соьга далур дацара-кх и санна дерг.