Урамна йуьххьехь, «Хьалхарчу поликлиникана» аьрру агIорхьа, дIахIоьттира лекха керла гостиница «Чайка». Цул а дехьа цхьаьний ирхдахара, йух-йуххе тIекIелдина, нах чохь Iен керла даккхий цIенош. Царна пурхнехьа йахйелла, тоххара хьалха «Рынок» олуш хилла йолу, шозза тIекIелйина шира гIишло хIинца хаа а ца лора. Аьтту агIорхьа, пурх боьдучу Партизански урамал а дехьахь, издательствона а тIехваьлча, дийнна могIа боьдура даккхийчу керлачу цIенойн! Корал арахьа маьI-маьIIехь гора цIенош дуттучохь лекха кранаш. Хьуьллахь, гIодайуккъе муш а бихкина, лекхачу цIенойн тхов тIера чу а кхозабелла, пенашна кираш тухуш бохкура белхалой. Секретаран стоьла тIерачу календарах бIаьрг кхетта: «Апрелан 25 де, кхаара, I960 шо… Майна кечлуш бохку-кх»… — дагатесира Нурседина. — «Сихха цIа а йирзина… чекхбаккха беза оха а болийна кечам», — меттахъхьайра и, ша хьиэлуш а хетта. Секретаре дийхира цо:
— Чу а гIой, алахьа цуьнга, со хьоьжуш йу.
— Ша ма хьеве аьлла. Собарде, хьайна лаахь.
Ша гича, мукъна, чукхойкхур йацара-те аьлла, секретаре а ца хоттуш, тIейахана, неI йиллина, чукъедира Нурседа. Секретаро цу сохьта: «Мегар дац!» — хазийра. Важа-м схьа а ца хьаьжира, шен кехаташна чувоьлла.
ХIинца баккъал ша хьиэйаларна сахьийзаш, йуха а шен меттахь тем боцуш Iapa Нурседа. Цхьа кIеззиг хан йаьлча, йуха а хьалагIаьттина, телефон тоха дагахь xIapa секретаран стоьл тIе йолайелча, цIеххьана чуйелира, коьртаIуьйра, дика костюм йуьйхина, кечйелла, IатIаран хьожа а йетталуш, басарша кхин а хазйина TIayc.
— A-а, хьо а йу кхузахь? — куро хаьттира цо. — ХIунда йеана хьо?
— Сайн гIуллакхна йеанера со-м… — чам боцуш жоп делира Нурседас
— Дика ду-кх, тIаккха! — аьлла, TIayc, секретаре байн корта а таIийна, хецца кабинета чу йахара.
— Мегар дуй? — аьлла, цунна тIаьххье неIаре Нурседа а хIоьттира.
— Жимма собарде! Ца го хьуна! — схьахезира чуьра.
Дог этIаш чухула дIасалелара Нурседа. Дехха цхьаьна чохь а Iийна, Элдаров a, TIayc а, ший дела а къежаш, цхьаьний араделира. Реза йоцуш йистхилира Нурседа:
— Накъост Элдаров! Со хьоьга хьоьжу дукха хан йу. Ас деанарг сиха а, доккха а гIуллакх ду, чIогIа хьан гIo оьшуш… интернатан хьокъехь, — и кхетийта тIетуьйхира цо. — Со тIе ца оьцуш, дIа ма гIохьа!
Кхунах цайашарца, цIоцкъам а саттош, йела а къежна, TIayc парггIат тIехйелира парталчу боларехь, шен хаза горга корта кIеззиг аркъал а тесна. Шен дагахь хIинцца шa оцу чохь кхунна тоьхначу дIаьвшах йоккхайера иза.
Элдаровс, кIеззиг соцунгIа а хилла, кхуьнга ладугIучу куьцехь, цкъа, охьадийшийра шен бIаьргнегIарш, тIаккха шен хан цахилар дагадеъна, йуха дIаволавелира иза, йуххе йогIучу Нурседина шийла жоьпаш а луш:
— Со хIинца мукъа вац. Обкоме кхойкху… тIе, цу гIуллакхна тIаьхьайан хьоьга хIун хIоьттина? Албастов Кериман декхар ма ду иза. Цунна тIе гIyo. Йа цуьнца цхьаьна йухайола кхана, йа лама, — элира цо, «цхьаьна» даша тIехь хаъал аз чIагIдеш. Кхин ца соцуш, иза дIавахара.
Кийра алу туьйхира Нурседина, ша лаьттачохь йуьхь а цIийлуш. И кхийтира шел хьалха чуйаханчу TIayca цхьа эладита дарх а, иза Элдаровс дIалацарх а. Секретаре Iодика а йина, Нурседа цигара сихха Совминан председатель волчу йахара. Иза обкоме вахана а хилла, Нурседа обкоме сихйелира — белхан де чекхдала дисинарг сахьт гергга бен дацара. ГIалахь уггар хазачех долчу, Iаьрбийн архитектурин хотIехь долчу, лекхачу, кIайн-можачу цIеношка кхечира Нурседа чехка.
ЦIеношна хьалха, хаза куц деш, йаьржинера, зезагашца кхелина шуьйра майда. Майдана йуккъехь лаьттара болатах воьттина Ленин. XIapa обкоме чукхаьчча, берриг куьйгалхой, Москвара веанчу ЦК-н векалца цхьа совещани хIинцца чекх а йаьлла, и новкъа ваккха арабевлла карийра. Амма женотделехь цхьана йевзачо элира кхуьнга:
— Кестта йалх-ах даьлча, йоьдучуьнца иза новкъа воккхуш, берриш вокзалехь хир бу, хьуна. Цуьнца вайн хьалхарниг а воьду. Оццу поездаца со а йоьду Ростох. Лаахь, вокзале йола.
— Дика ду, — аттачу дагара тIетайра Нурседа, цIеххьана цхьа аьрха хIума дагадеана.
Поезд схьакхачале кехаташ кечдан а, ша Элдаровс тIеэцарх телефонехула Кериме хаам бан а «Кавказ» гостинице, шен номере йаханчохь мелла а хьиэелла Нурседа хIинца, тIе «такси» а ца карийна, шен буха йисина хан нисса лерина, сов сиха гIаш йогIура вокзале, нийсачу Комсомольски урамехула. Дехьий-сехьий дIакхаччалц дийгIинчу, хIинцца сенделла техкачу диттийн IиндагIехула йогIура и, бIаьстенан хьожанаша мере таме тов а детташ.
Вокзалан майданна чувулучохь, можа басар а хьаькхна, йеттинчу кибарчигийн нартол хьовзийнчу кех йаьлча, перронехь, аьчган кертал дехьа, йоккха пхьоьха гира кхунна. XIapa тIекхаьчча, хьалхарчу платформехь, цIерпоштан вагонан бухарчу лами тIехь, накъосташна вела а къежаш, лаьттара, дIаваха новкъа ваьлла ЦК-pa веанарг. Йуххе хилча, Нурседина вевзира Вильянов! Цунна хьалха, го а бина, дийнна тоба лаьттара: обкоман хьалхарий, шозлагIий секретараш, Совминера Элдаров, культурин министр, цуьнан заместитель Усманов а.