Вагонан тамбур тIера, Нурседега куьг лестош, схьахьоьжура Ростох йоьду обкомере женотделен белхахо а. Нурседа, шена меттиг йоккхуш, тIе а хилла, бIаьрг тIера цо боккхуш хьоьжура Вильяновга. Цунна ца гора xIapа. Нурседина иза хIинца а, тохара санна, цхьана йоккхачу Iалашоне кхача сихвеллачу некъахочух тера хийтира, амма цуьнца хIинца йацара тохарлера, цкъаццIа бIаьргаш чохь гуллу мархаш. Цуьнан цIена бIаьргаш синкъерамечу нуьрах догура. Коьртара кIайн чилланан месаш мохо йайн кегайора.
— Амма, цхьабакъду, — Нурседас схьалецира цо шена гонах лаьттачу обкоман куьйгалхошка аьлле дешнаш, — промышленностан кхиамашка кхочуш бац шун идеологически болх. Иза а айа беза аш!
Нурседа, хьалхахьа теIара, дIакховдо кечйина цхьа конверт а карахь, нах меллаша дIаса а хилош.
— Нурседа, хьо муха кхечи кхуза? — кхуьнан пхьарс а лоцуш, хазахетарца хаьттира Усмановс.
— Цу тоххара вайшимма дийцинчу гIуллакхна… Минфинехь а, Совминехь а дош ца хуьлу, цундела кхуьнга хIара кехат дIадала дагахь йеана-кх со!
Усмановс, и ша къобалдойла хоуьйтуш, къайллах цуьнан пхьарс а Iовдуш, некъ битира цунна.
Кхунах хIинца бIаьрг кхетта Элдаров, кхуьнгахь конверт а йайча, гома схьахьаьжира. Шена уллорчу накъостан лере цхьа шабарш дира цо. Нурседа кхин а хьалха таьIира. ХIара йуххе кхоччушехь, Элдаровца волчу накъосто элира, эсала вела а къежаш:
— Ахь хIун до? Мегар дац! Собарде!
— ХIан-хIа, сан йиш йац цунна тIе ца кхаьчча! — иза ондда дla а теттина, Нурседа хьалхарчу могIаре йелира.
ЦIийеллачу, йоьхначу йуьхьаца схьавирзира Элдаров:
— Хьовсийша, кхин эхь ца хеташ, схьагIертачуьнга!
Цхьаъ-м, некъ букъуш, Нурседина хьалха хIоьттира. Амма хIинца, и йуххе йеъча, ма-йарра и гинчу Вильяновс элира:
— ХIан-хIа! ТIейаийта! — тIаккха цIеххьана: — Суна йевза и!.. Нурседа! — аьлла, ша тиллича санна, цуьнан цIе йаьккхира хьешо, массо а цецбовлуш. Hаx дIасахилира, гIар йайра.
— И вон амал! — эккхийтира Элдаровс шена йуххерчуьнга.
— ХIан-хIа! Цуьнан амал а йевза суна! И вон амал йац! — элира Вильяновс.
Йуха а гIовгIа гIаьттира. Вильяновна нисса тIейахара, корта айббина, Нурседа. Лами тIера охьа а вуссуш, куьг а луш, маршалла хаьттира цуьнга Вильяновс.
— Дийцал, Нурседа, муха Iа шу хIинца? ХIун оьшу? — сахьте хьаьжира и. Поезд йолайала кIезиг хан йисинера.
— Накъост Вильянов! Ламанхойн мехкарийн интернат йаран хьокъехь xlapa заявлени хьуна тIе дохьуш йеана со… кхузахь гIуллакх а ца хилла… Ахь гIo ца дахь, дош хилац, — элира Нурседас, йуьхьанца цкъа дего доладеллачу, йуха сихха меттадеанчу озаца.
Вильянов воккхаверца хьаьжира Нурседе: тохарлерачунна хьалха культурехь а дикка кхиъна стаг йара схьагург. Хьаьрсачу месийн стаммий чIабанаш, кур беш, товш хьарчийнера; тIехь йара сийначу бостонан костюм. ПарггIата лаьттара. Вильяновс, сихха даьстина, ша лаьттачохь дийшира кехат. Элдаровгахьа дIахьаьжира и. Важа хаъал кхуьйлира. Усмановн бIаьргаш чохь чиркх летира.
— Дика ду, Нурседа! Оха гlo дийр ду. Схьагарехь, зударшна некъ баккхаран гIуллакх тIаьхьаьдуьсучух тера ду шун кхузахь, — обкоман хьалхарчу секретарехьа вирзира и. — Шуна кхузахь ахча ца карадахь, Москвахь а хьовсур вай…
— Ахча-м тхуна карор ду кхузахь а! — хьалхатаьIира Элдаров.
— Хьалха-м ма ца элира ахь и, накъост Элдаров! — Iоьттира Нурседас.
— И хIун ду, Ткъа накъост Элдаров? — хаьттира Вильяновс.
— Ас… со… ахча-м хир ду… жимма собардичахьана… Цкъа бен йеъна а ма йац xlapa со волчу. Хир ду… карор ду… накъост Вильянов.
— «Цкъа бен йеъна а йац»… Йаз моссаза дина? TIe, ахьа-х чу а ца вуьту… мил-мила а! — тIетуьйхира Нурседас. Хьалхара секретарь шийло дIахьаьжира Элдаровга.
— Оха и тайпа гIуллакхаш талла ЦК-pa комисси а йоуьйтур йу кхуза. Шуна гIo дан. Бехкечаьрга жоп а доьхур ду! — ТIаккха Нурседегахьа вирзира Вильянов. — Iар-йахар муха ду? ХIун болх беш йу хьо хIинца? Да а, йиша а дуй могаш?
— Дика дохку. Могаш а ду. Дерриш балхахь а ду тхо.
— Хьо муьлхачу балхахь йу?
— Райкоман женотделехь, — охьахьаьжира Нурседа, ша заведующи йу ца ала. Вильянов кхийтира.
— Дика ду. Дешар муха ду хьан?
— ЦIа даьхкинчул тIаьхьа, дукха хан йоццуш, Москвахь ВПШ-хь, йалхбеттан курсашкахь дийшира.
— Сов дика ду. Делахь а, кхин дIа а деша деза ахь, Нурседа! Вуз чекхйаккха! Болх беш, заочно! Иштта тоьлур ду!
ЦIерпошт тохайелира. Массеран Iодика а йеш, вагонна тIе волуш, Вильяновс куьг хьалха Нурседега кховдийра. Дуьхьал йогIу важа пассажирски поезд дехьарчу платформе схьакхоччушехь, Вильянов тIехь верг дIайолайелира. Тамбур тIера Нурседега, лепачу йуьхьаца, лаккха айина куьг лестадора обкоман женотделерчу йевзачо…
КIайвеллачу Элдаровс элира шен накъосте:
— Эхь дац и… оццул дика чекхдолуш лаьтта цхьаьнакхетар цу питанчо, йукъа а иккхина, талхий-кх. Гирий хьуна, цуьнан йуьхь кхулуш? Дош дацара иза…
Усмановс, къайллаха тIевахана, куьг Iаьвдира Нурседин.
Цу сохьта, хьуьхь а йоьлла, йуьхьа тIехула хьацарца пудар охьа а оьхуш, мераIуьргаш а йусийна, схьакхечира тIаьхьайисина ТIаус, карахь хьарчийна цхьа кехаташ а долуш.
Массарна а йевза и, кхин цхьамма а тергал ца йина, оьгIазйаханчу йуьхьаца Эддаровна тIейахара:
— Ала ца мегара ахь, ва Муси?