— Суна сайна а ца хиира тIаьхьий бен, — башха лелина доцчу озаца жоп делира Элдаровс, шегара даьллачу гIалатна а, шена хIинцца иккхинчу йуьхьIаьржонна а бехкениг хIара лоруш: «Хьо лаьхьа ца хиллехь, ас тIеэцна а хила мегарий и-м», — элира цо дагахь.
— ТIаккха, тIаккха, Муси… хIун эли цо?
Элдаровна йуххерчо ца вешаш эккхийтира:
— Цо, дера, элира, культурин министр сов сиха дIа а ваккхий, цуьнан метта хьо хIоттае!
Гонахарнаш гIадбахана бийлабелира. Дуккханна а хезнера: луларчу республикашкахь а культурин министраш зударий бу, ша а кхузахь цу балха йахийта, бохуш, ТIаус хьийзар. Иза ша лаьттачохь а йитина, букъ берзийна, кхин ТIаусе вист ца хуьлуш, шен накъостаца дIавахара Элдаров: массарна а гучохь шен цуьнца гергарло дацарх нах кхетийта! Охьаихинчу хьацаро хьоькхнаш а хIиттийна, хIинца шен йуьхь эрчайаьллачу ТIауса, цунна тIаьхьа, гIам-гIим дора, шеца лаьттачу зудчуьнга:
— Iовдал! Боьха хIума! Суна ца хаьа моьтту-кх цунна, шен да мила хилла! Соьга ша мел дийцинарг а суна дицделла моьтту-кх цунна! Iовдал! Ас гойтур ду цунна и-м! — аьлла, вокзалан йуькъаллехь, коьллашлахь моьлкъа санна, тIепаза йайра ТIаус.
* * *
Перронехь, йистехьо а йаьлла, Усмановца къамел деш лаьттара Нурседа. ТIехволучу Элдаровс, хIинца тидаме схьа а хьаьжна, Iодика йеш, корта таIийра кху шинга. Нурседа дIа а ца хьаьжира. ХIинцца шена хиллачу йуьхькIомах йоккхайерна, цуьнан кийрахь лекхалора, цунний бен хезаш йоцу, исбаьхьа зурма: «ХIинца сихха чекхйер йу интернат!»
Кхуьнца лаьттачуьра Усманов, кхуьнан Iодика а йина, шозлагIчу некъа тIерачу поездан «Москва — Баку» тIейаздинчу вагонна тIе волавелира, цхьана накъостах бIаьрг кхетта. Оццу вагон тIера охьавоьссина, аьрру куьйга лаьцна чамда а йолуш, схьанехьа вогIучу кхечу стага, саца а вина, хаьттира, xIapa шега нисвелча, оьрсийн маттахь:
— Бехк ма биллалахь! Уггар йуххерчу гостинице муха кхочур вара со?
Оцу стага цIеххьана тидам тIеоьзна, Нурседа а сецира. ТIехьаьжча, шовзткъа шо сов хир долуш, погонаш тIера йаьхна, эпсаран тишо хорма а йуьйхина вара иза. Цуьнан шатайпа, аьрру ког кIеззиг дIа а тесна, дIахIоттар а, цхьаьнга-м ладоьгIучух тера, корта жимма агIор а саттийна латтар а, цхьанначух-м тера хетта, амма дагалаца ницкъ ца кхочуш, хьоьжура Нурседа.
Цу стеган йуьхьан сибато-м цхьа а дага ца воуьйтура: аьрру бесни тIехула раз охьабогIура вагийна муо. ЧIогIа къежделла гиччош тадаза дара. Схьахеза цуьнан аз а цхьанненчух а тера ца хетара йуьхьанца. Цо, шегара чамда охьа а йиллина, цигаьрка латийра. Усмановгара йехначу сирникца. Амма йуха а цуьнан аматаша, леларо тамашена цхьаъ-м дагаоьхуьйтура Нурседина. Усмановна баркалла а аьлла, и схьаволуш, цо шен чамда лаьттара йуха схьаоьцуш, Нурседина, цхьаммо-м цIеххьана бодашкахь йуьхьа хьалха фонар лаьцча санна, цецйолуш гира цуьнан аьрру куьйган чолакха хьажон пIелг, тапчин лаг озош санна, сеттинчохь бисна болу. «Ма тамаш бу-кх хIара а сел тера нисдалар… Хоттур ма ду ас», — дагадеъна, Нурседас хаьттира оьрсийн маттахь:
— Бехк ма биллалахь, хьо сайна вевзачух тера хеттера суна! Хатта мегар дарий?
— Дера мегар ду. Хаттал! — шегара чамда, йуххе охьа а хIоттош, велакъежира и, бага йуьззина кIайн болатан цергаш гучу а йохуш.
— Муьлхачу къомах ву хьо?
— Нохчо ву, — элира цо вайнехан маттахь.
— Увайс!
— Нурседа! — и шиъ, ваший, йиший санна, вовшашна маракхийтира:
— Берхитта шо даьлла-кх вай ганза!
* * *