Оццу «Кавказ» гостиницехь хIусам а лаьцна, ша паргIатваьлча, Увайса дийцира Нурседега шеца мел хилларг. Кхуьнан истори тера йара Терентьевичух. I943-чу шарахь, атакехь, вагош, чов а хилла, хIара, кхетамчохь а воцуш, йийсаре вигнера фашисташа. Словакехь фашистски лагерера ведира xIapa шина накъостаца. ХIорш леца тIаьхьабевллачара пхьаьрсах чов а йина, эрзан цхьана уьшалахь Iиллира хIара, шина-кхаа дийнахь, накъостех хаьдда. ТIаьххьара а тIеIоттабеллачу словацки «таллархоша», аьлча а, партизанийн разведчикаша дIа а вигна, вехха Iалашвира xIapa, куьг тадаллалц. Цул тIаьхьа, церан партизанийн отряде хIоьттира: динамитца лелхийтина тIеш, Iина йуххехь херцийна мостагIчун поездаш; тоьпан дIаьндаргаца эгийна обер- эпсарш; хехошна бага горгамаш а йуьхкуш, сатоссуш кIелхьарбаьхна байа кечбинарш; Москваца хьуьнахара латтийна радион зIе — дукха дара масех баттахь цара дина гIуллакхаш. Амма тIамехь майрачийн а гуттар ца хуьлу аьтто. Цхьана дийнахь мостагIчун герзийн складаш лелхийта богIуш, кхеран план айкхехула хиъначу фашисташа хIорш, кIело а йина, бохийра. Шина-кхаа йуьртах а ваьлла воьду хIара, немцойн дозорнийша, кхуьнгахь документаш цахиларна, шекбевлла, лаьцна, гестапога дIавелира. Цигахь кхуьнгара шайна пайдехьа дош дериг а ца хилла, xIapa ма-варра ца вевзаш, «Бухенвальд» концлагере хьажийра. Йуххерчу тIеман гIирсийн заводехь кхуьнга, кхечаьрца цхьаьна, куьйга хала болх бойтура. Меллаша йоьдура Iазапе хан… Цхьана дийнахь оцу заводана американски кеманаша, къаьхьа-къурс оьккхуьйтуш, бомбанаш йиттира. Фашистски гIaрол дIасаделира. Лецначех дуккха а адам цигахь хIаллакьхилира, амма бисинчех бохазнаш, хIара а тIехь, цу йуккъера а бевлла, бевдира. И дара тIом чекхболлучу муьрехь, I945-чу шеран апрелехь, нисса пхийтта шо хьалха! ХIетахь вайца союзни долчу англо-американски эскаро шайна тIекхаьчча хIара, кхуьнан дехарца, вайн эскарх схьакхетийра.

— Циггахь йийцира ас дуьххьара сайн бакъйолу цIе а, со мила ву а, айса лелийнарш а, — дуьйцура Увайса!

— Амма фашистийн тIеман гIирсийн заводехь болх бина ву аьлла, шекбевлла, чу а воьллина, махкана йамарт хилларг веш, ткъе пхиъ шо хан а тоьхна, со Сибире хьажийра. Малх гуттаренна а дIабайча санна, хийтира суна. Ас мел лайнарг — ткъа суна хилларг! — дагара ца долура. Цхьаьнгге а йаздан а, йа суо дуьненахь вуйла хаийта а дог ца догIура сан йуьхьанца. Делахь а, цхьа хан йаьлча, кIеззиг меттавеана, со а волавелира, кхиберш санна, сайн бехк бацар далхош, кехаташ йаздан. Жоп ца догIура. Эххар а лагеран коменданто тIе а кхайкхина, суна мера кIел уьйхьира сан леткъамийн барз: «Маца соцур ву хьо хIара эрна аьшпаш буьттучуьра!.. ДIахоуьйту хьоьга: кхин йаздахь, карцер чу вуллург хилар! Куьг таIаде! ХIоккхуза!» — Ас мел йаздина кехаташ суна хьалхха пеша кхиссира цо! ТIетуьйхира кхерош: «И хIун ду?» «Со нохчо ву… цигахь, хаттий, къастаде, сан цIе хIун хилла, со хIун стаг ву?!» Хаьий хьуна, хьан дерриг къам пачхьалкхана йамарт хиларна махках даьккхинийла? Ма хIума а карийна: «Со нохчо ву», — тIетуьйхира цо йуха а заявлени тIера сан дешнаш…

— Тхайн лагере керла лецнарш кхаьчча, хиира суна цо аьлларг бакъ дуйла! ТIаккха гуттар дуьненах догделира сан: бер санна, вилхира со, йуьстах а ваьлла. Сайна хиллачул ззарзза халахийтира халкъе деанарг. ХIумманах а ца кхетара со: мел хиънарг а, Iамийнарг а — шадерг коьрта чохь кегаделлера цу хенахь, хиллачун дуьхье ца кхуьуш. Сибрехахь цинга а хилира суна. ХIетахь, туйнаца багара дIа а кхийсалуш, охьаийгира цергаш. Амма лагершкара хьал цIеххьана хийцаделира: Сталин веллачул тIаьхьа бандит Берия а чувоьллинера! Йуха а катоьххна, заявленеш кхехьийта долийра оха, тхешан бехк бацар дуьйцуш. Кестта, ХХ-гIа партсъезд а хилла, йуха толлуш, бехке верг-воцург къастийна, дукха хан ялале, со а, массо бехк боцурш а паргIатбаьхна, цIан а беш, дIахийцира.

— ХIетахь хьайн нахах схьакхета хIунда ца хьаьжира хьо?

— Цхьаннан а адрес ца хаьара. Ца ван дагахь-м вацара со. Могушаллина а, вуьшта а де дацара: беркъа вара, ахча дацара, документаш а нисдаза дара. Шух йухькIамца кхета а лаьара. ТIе, соьца цигахь и итт шо, бехк а боцуш, цхьаьна даьккхинчу, Гомель-гIаларчу сан цхьана оьрсийн накъосто… ас вуьйцур ву хьуна и… оцу чамди чохь ду цуьнан суьрташ… — Мирченкос — шайн цигахьа дIаозийра со шеца. Цо, шайгахь Iавеш, доккха гIо дира суна Гомелехь: сайн ниссачу цIарца паспорт а йухадаьккхира, духар ийцира, жимма меттавеара. Цул тIаьхьа тохавелира со шу долчу, Казахстане дIаван, гергарнаш а, бевзарш а лаха. Амма Мирченкос… Фроло — и йара цуьнан цIе, йуха а сацийра со: «Сих ма ло. ХIун до ахь хIинцца цига вахана. ДIа ма-вахха, нохчо ву аьлла, учете хIоттор ву хьо… Царна а хIун пайда хир бу хьох? Собарде… Кестта шун гIуллакх кхин а бакъалгахьа дан там бу. Цул а, цхьаьний балха а оьхуш, заочно деша гIор вайша, суьйренан агрономически техникуме: хьайн нахана тIевоьдуш хьо-м цхьаъ хила везий!» — элира цо.

Перейти на страницу:

Поиск

Похожие книги