— ДIадевлларш дитахьа! Алахьа, йезий хьуна со хIинца а… йа дош кхочушдархьама воллу хьо?.. — хаьттира майрайаьллачу Селитас.
— Дуьнен чохь мел долчул чIогIа!.. Хьажал!.. — аьлла, кителан хьалхарчу киснара схьадаьккхина, мацах Селитас шен пIелг дIабихкина, йовлакх схьауьйхьира Увайса.
— Хьажахьа! ОстопираллахI! — делира Нурседега…
ТIаккха, шен кофтин киснара, блокнота йуккъера схьаэцна, дакъаделла, басадаьлла петIамат-зезаг гайтира, йист а ца хуьлуш, Селитас!
— ОстопираллахI! — йуха а цецйелира Нурседа. — Ма доккха хIума ду-кх: цкъа а соьга ца гайтинера-кх ахь иза, Селита!
— Селита, алал хIинца ахьа: реза йуй хьо?.. — къовзийна-а хаьттира Увайса, чевнаша шен эрчаваккхар дагалаьцна.
— Дера йу! — цуьнан ойланах кхийтира Селита, — суна хьан йуьхьал а чIогIа дезарг хьан са ду!
Цара эццигахь барт бира, Нурседа теш а йолуш, Увайс цIа варна шолгIачу майхь Керима школин кертахь дан дагалаьцна долу ловзар, кху шиннан цхьаьнакхетар дIадерзош а, хилийта. Цкъачунна Увайс дIанисвира школехь тохара кхеран хиллачу цIа чохь.
* * *
Цу сахьта йуьртахула чекхделира Увайс цIаварх хабар. Дукха нах: кегийрхой а, нийсарой а таттабелира школин керта. Массара а — вевзачара а, хезначара а, — маравуьхкура Увайс. Эххар а, войдаьллачу накхарша санна, школин кертахь гIар латтийна Увайс волчу баьхкинарш, дIасабекъабелира, цуьнга шайгий-шайгий хьошалгIа а кхайкхина.
Увайс Тавсолтина дуьхьалхIоьттира, цуьнан цIа а вахна.
— Марша-могуш хуьлда хьо, Тавсолта. Со Увайс ву…
— ЭлхьамдуьлиллахI! Марша вогIийла хьо, Увайс! — Тавсолтина а хезнера и цIавеъна бохург. — Далла хастам бу хьо цIа веъна! — воккхачу стага маравоьллира иза, тIаккха вист ца хуьлуш лаьттира ший а. Тавсолта лаьттан бIаьра хьоьжура: цунна дагавеара Дауд: «Делахь а, дан хIума дац-кх Делан кхелана», — гора Увайсана цуьнан йуьхьа тIехь.
Тийна хьоьжура Увайс, дагахь цунах эхь а хеташ: «Со вийна а волуш, хьан кIант велара цIа веъна», — хийтира Увайсана.
Увайсана дика гора Тавсолтин къанвалар: маж-мекх кIайделлера, логан шина а агIорхула охьадогIура хебарийн кIорггера хершнаш. Къежделла цIоцкъамаш, къухах тера схьагIоьртинера кIайчу хьаьжа тIера. Амма царна кIелхьара хьоьжу бIаьргаш, тIехула тесначу овкъарх чекх суйнаш а туьйсуш, йогу цIе санна, хIинца а нуьцкъала лепара.
— Дика ду цIа веъна… ТIаккхахула а гур… Вало, хьайн гIуллакхашка хьажа, — аьлла, Увайс дIавахийтира Тавсолтас, цхьацца хеттарш ша дина ваьлча.
ТАВСОЛТА ДIАВОЬДУ…
ШозлагIчу Iуьйранна Тавсолта волчу чухIоьттира Нурседа. И шиъ вовшашка дист хуьлуш дара хIинца.
— Дада! Вайн йуккъе лела сов нах а бац. Ваьш дисина вай. Ахь бехк ма билла. Вешан гIуллакх вай къасточохь, схьагарехь, оьшуш а бац хийра нах. Цундела, ахь пурба лахь, хьох дагайала цхьа гIуллакх дара-кх сан хIинца, — шен коьртара йовлакх кхин а тодира Нурседас.
— ТIаккха!
— Тхуна ма-хаъара, xIapa йерриг йурт а теш йолуш, беран хенахь дуьйна вовшашка хьежна, вовшашна хан а йуьллуш, къаьстина ду Селитий, Увайссий. ХIинца Увайсан тамаше цIавар хилла. Селита цуьнга йаха реза йу. Увайсана а и лаьа… Хьоь пурба доьху! — тIетуьйхира Нурседас, ма-хуьллу деца дерг маслаIате чекхдолийла лууш.
Вуьшта заманчохь Тавсолтина гергахь оьзда дацара йоI лулахошка, йа вешин накъосте маре йалар!
Бакъдолуш, хьалха Тавсолтас и аьттехьа а дуьтур дацара. Амма хIинца, массарна а хууш, цара мел лайначо а и захало маьрша доккхура. Массара а бехк а буьллур бара хIинца Тавсолта дуьхьалваьлча, иза адамалла ца хетта. Цхьана йукъана корта оллийна, бIаьргнегIарш дийшийна, ойла йеш а Iийна, кIедо хьалахьаьжира и Нурседега:
— Дика ду. Пурба ло ас.
Нурседас меллаша доккха садаьккхира: «Цхьаъ-м чекхделира».
ТIаккха, оцунах догйовха хиллачу Нурседас, кIеззиг хан а йалийтина, лаьттан бIаьра а хьоьжуш, шех тера доцчу, эхь хетарца ийзалуш, къадийра дега:
— Дада, кхин а ду къасто дезаш цхьа гIуллакх: и ловзар… комсомольски куьцехь дан лууш ду тхо…
Тавсолта ша лаьттачохь вогIавелира, цIоцкъамаш хьалатосуш.
— Иза мегар дац! — дагарца санна, хадийра цо. — Со велчхьана лелар ду шу… и шайн жIаьлийн ловзарш а хIиттош… ХIун тоьла и вайн нохчийн ловзарал!.. Эзар шерашкахь дуьйна схьадогIу шен къоман Iадаташ ца дохош ша валийтар тоьлу! Вахарал а, дуьненал а деза ду эхь-бехккий, оьздангаллий!..
— Дада! Шемалан заманахь а ма ца лийрина и хIуманаш хIинца ахь санна чIогIа.
— Сацийт!.. Соьца и дуьйцу а йацара хьо… Кхин зама йелахьара, со ладоьгIуш а Iийр вацара!.. Со цкъа нахала ваьккхира аш… Кхин ас могуьйтур дац!
Нурседа, ара а йаьлла, дIайахара…
* * *